Масех шо ду Германе кхача луучу Оьрсийчоьнан бахархошна визанаш ялар атточу даккха деза бохуш, шина пачхьалкхан векалша дуьйцу. ХIинца эххар а хабаршна тIера гIуллакхе дерза мегаш ду иза. TIейогIучу аьхка цхьамогIа новкъарлонаш дIайохур ю Германи ваха луучарна дуьхьалара.
Схьахетарехь, Германе ваха-ван луучарна эххар а и лаам кхочушбан аттахо хила мега. И хIума хIинцалц схьа мел дукха дийцарх а, ша лаьттачуьра меттах ца долуш хиллехь а, кху деношкахь немцойн арахьарчу гIуллакхийн министраллера кхаьчначу хаамаша сатийсам кхуллу, хIинца мукъане а хийцамаш билггал хир бу-кх бохучуьнга.
Цу хаамашца, Оьрсийчоьнан бахархошна Германе бахка оьшуш йолу визанаш яххане а цкъачунна дIайохур яцахь а, уьш каракхачар хаъал аттачу доккхур ду.
Бахьана – массех шарахь цхьамогIа немцойн юкъараллин цхьанакхетараллаша а, Бундестаган депутаташа а, немцойн Оьрсийчоьнца йохк-эцаран юкъаметтигаш лелочу комитетан декъашхоша а визанийн гIуллакх аттадаккхар дийцаре дечуьра сацийна цахилар ду.
Иштта, кху деношкахь Берлинехь гулбеллачу „Малхбалера партнералла“ цIе йолчу Евробертан аналисташа рогIера критика йира Оьрсийчоьнца вахар-варан юкъаметтигаш Германехь халонца бен кхочушъян йиш цахиларна.
И халонаш хIинца, мел кIезиг а, иштта дукха хир яц боху тоьшалла дина цу хьокъехь арахьарчу гIуллакхийн министраллин векалша. Цара чIагIдарехь, немцойн Оьрсийчуьра векалт леррина тендер дIахьош ю, визанийн хеттарш шен кара дIадала хьакъ йолу фирма лоьхуш.
Цу фирмин карахь хир ду анкеташ а, кхидолу кехаташ а немцойн векалте дIакхачор а, уьш цигара схьаэцар а. ХIинцалц схьа деккъа и кехаташ чудаларна, мел кIезиг а, массех кIира оьшура. Ткъа и хIинцачул тIаьхьа и хIума шина дийнахь хьалха-тIаьхьа доккхур долуш ду, министраллин векалша дийцарехь.
Цул совнаха, Оьрсийчохь кхин а массех гIалахь анкеташ дIаоьцу офисаш схьайоьллур ю, Германе кхача луучарна кехаташ чудала леррина Москоха баха дезар доцуш.
ХIинцалц схьа немцойн махка хьошалгIа я белхан хьашташна баха дагахь арабевллачеран инзаре еха хан кехаташ чудала шайн рагI тIекхачаре хьоьжуш яккха езара. Цул тIаьхьа а виза лур ю бохучунна цхьа а гаранти а яцара.
ХIунда аьлча, Москохарчу немцойн векалтан белхахоша шайн цхьана къайленечу, кхета а, тIаьхьакхиа а йиш йоцучу бахьанашца виза ца луш, кехаташ юха дерзадеш а нислора. Хийла шайн йиша-ваша долчу Германе хьошалгIа баха Iалашо йолуш арабевлла хуьлу Нохчийчоьнан бахархой, массех баттахь визане сатуьйсуш хан яьккхинчул тIаьхьа, и тайпа дацаре жоп а хуьлий, юхаберза безна немцойн векалтан берттера.
Царех цхьаъ ю Соьлжа-гIалин яхархо Абдулаева Малика. Цо иштта дуьйцу ша масех шо хьалха, немцойн виза яккха араяьлча, шена хиллачу гIелонах лаьцна.
Малика: " Ас Москохахь, Германин векалтна хьалхахь дуккха а хан яьхьира, йист а йоцчу рогIeхь а лаьтташ. Кхано, цхьа хан яьлча соьга, соьга цхьаьнга, со сила йолчу оцу регIехь лаьттинцул тIахьа,элира, хьо шаьш чекх ца ялийтина, ткъа цуьнан бахьана хьуна довзийтар шайна тIехь а дац, аьлла. Сан цIахь къена да-нана а ду, со Германехь яха йоьдуш а яц, цигахь ганза хан а йолуш, еха йиша йолчу хьажа-хIотта бен а ца йоьду, ас бахар а эрна хилира. ХIинцa мукъана а и дуьхьалонаш дIайохуш хилар а ду-кх цхьа дика."
Абдулаева Маликас дийцарехь, и Iотта-баккхам хиллачул тIаьхьа иза хийлаза Европехь хилла, амма кхечу пачхьалкхашкахь. Германе иза хIета дуьйна йоьдуш яц, шен карахь шаранна схьаелла Шенген-зонехь маьршша лела бакъо йолу мультивиза йоллушехь. Немцойн векалтехь шена йина хилла гIело йиц ца ло шена, боху цо, цундела шен Германе яха дог дац.
И тайпа гIелоне зеделларг доцучу Нохчийчоьнан бахархошна тIейогIучу аьхка дуьйна Германе кхачар аттачу дала мега. Бакъду, цу аьттонан шен мах а хир бу. Немцойн арахьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, визийн хаттарш кхочушдечу фирмин бакъо хир ю, ша бечу балхах, мел кIезиг а, ткъе итт евро даккха. Амма и тайпа харж Германе ваха араваьллачо, шеко а йоцуш, ловр яра аьлла хета. Беттанашкахь немцойн векалтера жоьпе сатуьйсуш Iер шайн эрна хир доцийла билгал хууш хилча-м, тешна а.