Медведев Дмитрийс шинарий дийнахь омра арахецна Оьрсийчохь халкъан телевизион кхолла къастош. ТΙедогΙучу шеран хьалхарчу дийнахь болх бан йолаяла езаш ю и керла информацин а, кхетош-кхиоран а хьоста. Муха хила там бу кхуллуш йолу телевизион, хир дуй цуьнан хатΙ шен цΙарца догΙуш? И хаттар хΙинцале шуьйрра дийцаре даьлла нахалахь.
Массех бутт хьалха Болотная майданахь кхоллабеллачу кΙайн боламо декхаре дина Оьрсийчоьнан Ιедал политикехь шатайпа камаΙарш хьекха – Ιедалан хатΙ кач а деш, мукъ буьйнара а ца болуьйтуш. Харжамашкарчу харцонаша айбинчу могΙарша балхочу баланийн бухахь долчех коьртаниг дара пачхьалкхехь демократи яцар, Ιедалца ца йогΙу оппозицин ойла Кремлан векалша дΙалекъош хилар. Цунна делла жоп ду Медведев Дмитрийн хΙара омра – «Халкъан телевизион» кхоллар.
Бакъду, омра дешначу говзанчаша, хуьлда уьш политикаш я журналисташ, шеконе дуьллу телевизион пачхьалкхера сурт-хьал, нехан дог-ойла ма-ярра, бакъдерг шен басахь гойтуш хуьлийла ду бохучух.
Москох Экономикан Лакхарчу Школехь медиакоммуникацийн факультетан декан а, Маршо Радион эксперт а ю Качкаева Анна. Цо иштта йовзийтира шен шеконаш.
Качкаева : «Кхеташ хΙума дац, иза хила ма езза халкъан телевизион яцар бен. Низам дац арахецнарг, омра ду. Коьрта редактор президента хΙоттош ву. Цу тΙе, ша цхьамма. Хьал а, урхалла а лелор, церан тергояр дакъошка декъна ду. Кхеташ дац, инарла директор президента шеггара хΙоттош хилча, хьанна хьалха иза жоьпаллехь ву. Терго еш, парламентерчу Юкъараллин палатано хаьржина кхеташо хир елахь, муьлш хир бу цу юкъахь? Ма-дарра аьлча, халкъах телевизион херъяр, цхьа гΙатташ хΙиттийча санна ду. Цундела, суна хетарехь, мила хΙоттор ву коьрте, мила хир ву кхеташонехь, хьан, муха къастош хир ю теманаш бохучух доьзна ду хир ю и халкъан телевизионах тера я хир яц».
ТΙаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчоьнан телевизионех, пачхьалкхера дахар гойту хьоста йолчуьра а евла, нехан самукъадоккху хьоста хилла. Оцу хьолах нах шаьш а боьлла шайн дукхаллехь. Амма оьшу, нахах шен кхетам а болуш, эшначохь Ιедалера юьйлу муьлхха а харцо эша а ялур йолу халкъ дар. Оцунна лерина хила а еза халкъан телевизион, и баккъала а халкъан елахь, аьлла хета Качкаева Аннина.
Качкаева: « Нагахь санна халкъан телевизинан адамех пачхьалкхан бала болу нах бан Ιалашо елахь– ткъа иза иштта хила дезаш ду – тΙаккха оьшуш дац юхахьежа, муха бу нехан юкъара лаам, бохуш – бакъду, нахана самукъадоккху хΙума деза. Иза и телевизион еш болчийн хьажамах дозу. Ткъа пачхьалкхо, мел хецна а, дΙахеца еза шегара архаш, и кхета еза и шена пайде дуйла.
Президента хΙоттош куьйгалхо а волуш кхуллучу телевизионах олийна дац халкъан телевизион. Болуш болчу хьаькамийн карахь юьсуш йолчу оцу телевизионах хир яц вай сатуьйсу маьрша хьоста, элира деношкахь вевзаш волчу тележурналиста Познер Владимира а.
Познер: «Халкъан телевизион, и хΙун ю? Иза я Ιедалх а, я рекламах а йозуш йоцу телевизион ю-кх. Стенна ца теша со цунах вуьззина? Иза политика шен буха тΙера дуьйна дΙа хийцар ду. Дерриг ма-дарра а дуьсуш, хуьйцийла дуй ас юьйцу телевизион? Со шек ву оцу тΙехь. Иза дерриг а эрна ду ала ца воллу со. Сан хаттар ду. Медведев дΙавоьдуш волу президент ву, вогΙуш керла президент ву. Ткъа цунна муха го?»
Познер Владимира хΙоттош долу хаттар ду дуккха а политикийн, журналистийн дагахь, багахь. ЦΙока-м лаьхьано а хуьйцу хΙора шарахь. Амма амал ца хуьйцу. Оьрсийчоьнна оьшург амал хийцар ду, боху маршо йоцчу телевизионашкара дΙа а ваьлла вехачу Познера.