Оьрсийчохь уггаре а евзачех мотоцикалшхахкархойн тоба ю „Буьйсанан берзалой“, шен коьртехь Хирург цIарца вевзаш волу Залдостанов Александр а волуш. И Хирург шуьйрачу юкъараллина шен Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца йолчу доттагIаллин уьйрашца вевзаш ву.
Нагахь санна Малхбузехь байкерийн тобанаш – уьш массарна юйла а хууш, зуламхойх я, мел кIезга а, низамаш лардарна генарчу нахах лаьтташ елахь а, ткъа могIарера бахархой а, политикан а, Iедалийн а векалш царех къехкаш а, уьш емалбеш а белахь, Оьрсийчохь и нах, мелхо а, Iедало хьоьстучех а, кхобучех а бу.
Даханчу шарахь, масала, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимирс Залдостанов Александрана пачхьалкхан совгIат делира - Сийлаллин орден. Бахьана, официала хаамехь яздина ма-хиллара, - „кегирхошца жигара патриоталле кхетошкхиоран болх барна а, Даймохк ларбеш эгначу бIахойх долу иэс лардарна а“.
И „патриоталле кхетошкхиоран болх“ ша-башха кхеточу Залдостанов Александра ша куьйгалла дечу байкерийн тобанца жигара дакъалецира Оьрсийчоьно Украинин доларчу ГIирма ахгIайренна аннекси ярехь. Цу муьрехь цара, шайн жухIаргийн хьесапехь дуккхаъ къегаш долу седарчий а, йозанаш а, сарташ а тIелетийначу духаршна тIе а, мотоцикалшна тIе а оьрсийн байракхаш а летийна, цу ахгIайренна тIехь долу некъаш дIалийцира, ха даран посташ хIиттайо шаьш, аьлла. Иштта оьрсийн эскархоша схьалийцина йолчу гIишлошна ха деш а бара „Буьйсанан берзлой“ тобан декъашхой.
ХIинца и шайн „патриоталлин болх“ кхин дIа барехь рогIера гIулч яккха лерина бу Залдастанов Александр а, цуьнан накъостий а. Оха бутт бовш уьш мотоцикалшна тIехь Москохара дIа Берлине кхаччалца хахкарш дан дагахь бу, ШозлагIа Дуьненан тIом дIаберзар а, цу тIамехь толам баккхар а даздеш.
Цу тIамехь советийн эскархоша юхьаралаьцна хилла йолу „Берлин яккха!“ бохуш йолу парол юхьара а лаьцна, оьрсийн байкерш ворхI пачхьалкхехула чекхбовла дагахь бу, немцойн коьртачу шахьаре кхочуш. Беларуси а, Полша а, Чехи а, Австри а, Словаки а, Германи а ю цу пачхьалкхашна юккъехь.
Бакъду, Путинан доттагIий цу кепарчу мотоциклийн маршехь Европехула хахкабала дагахь бу боху хаам цхьаццайолчу Малхбузерчу пачхьалкхашкахь вуно резадацарца тIеэцна. Тоххарехь Фейсбукехь а, кхечу социалан машанашкахь а боламаш баьржина, „Оьрсийчуьра бандиташ Полшехула тIехбовлийтарна дуьхьал“ аьлла цIе а йолуш.
Цу боламан декъашхоша куьгйозанаш ду гулдеш, Залдостановна а, цуьнан накъостанашна а визанаш ма ло аьлла Евроберта юккъе йогIучу пачхьалкхийн векалташка шаьш язйинчу петицина бухахь.
Иштта цхьа могIа немцойн а, австрихойн а бахархой бу, нагахь санна ЗалдостановгIара цу пачхьалкхашкахула тIехбовлуш хилахь, царна дуьхьало ян кечлуш, интернетухала баьржинчу хаамашка яздина ма-хиллара.
Немцойн Мюнхен гIалахь вехаш волу яздархо а, журналист а Золовкин Сергей, „Новая“ газетин корреспондент волу, дукхахена дуьйна схьа шен тергонехь латтош ву, „Буьйсанан берзлой“ тобан леламаш. Цунна хетарехь, цуьнан куьйгалхочун Залдостановн цхьа коьрта Iалашо ю – цу хахкаршца кхин а готтох Кремлаца уьйраш чIагIйан а, шен Путинан муьтIахь хилар рогIера гайтарца шена сайаккхар а.
Золовкин Сергей: „Цу тобано Оьрсийн бакъонийн системехь ша вуно маьттаза гайтина, - масала, уьш наркотрафикехь декъа хила там бу бохуш йолу шеконаш яра, уьш кхелехула тIечIагйина яцахь а. Залдостановс хьалха а, хIинца а лелочу пропагандийн гIертарийн бахьана, соьга хаьттича, иза, цхьана агIор, ка ма-доллу Оьрсийчуьрчу Iедалшна а, Путин Владимирна а герга гIортар ду, хIинцачул а алсамох цуьнан Iуналла а, доттагIалла а лоьхуш, шен йолчу сана.
Ткъа вукху агIор дийначу пропагандин программин дакъа хилар ду. Цу программин Iалашо, Путино юха а массо а эший, ткъа Малхбузерчу Европано вайца бартбаран гIулчаш йоху, шен санкцеш эрна хиларх кхета а кхетта бохург гайтар ду“.
Цу юкъана, Полшин арахьарчу гIуллакхийн министран Схетына Гжегожан цIарах язйинчу цу петицин декъахь билгалдаьккхина ду, „Буьйсанан берзлой“ тобин куьйгалхочунна Залдостанов Александрана Цхьаьнатоьхначу Штаташка вахар санкцешца дихкина ду, цуо а, цуьнан тобано а Малхбалерчу Украинехь оьрсийн эскархойн агрессехь дакъалацарна, аьлла. “Буьйсанан берзлой“ цIе йолу тоба йоллучу Полшехула чекхйала лерина ю бохучу хаамо хIинцале вуно эмоционале реакци кхоьллина Полшин бахархошлахь.
Нагахь санна Полшин дозалардаран хьукматхоша масех бIе агрессиве оьрсийн шовинист чекхвалийтахь, тIаккха цара питанаш дан сахьт дац, ткъа Москохано цу питанех Полшина дуьхьал пайда оьцур бу. Цундела оха кхайкхам бо, Залдостанов Александрана а, цуьнан накъосташна а Полшин дозана тIе бовла бакъо лон визанаш ца яларе. Нагахь санна и визанаш елла елахь, уьш юхаяхаре кхойкху оха“, - иштта яздина цу махкарчу „Къийсамехь солидаралла“ цIе йолчу юкъараллин куьйгалхочуо Хлебович Петрас а, цхьа могIа юкъараллин жигархоша а цу петицехь.
Золовкин Сергейн хетарехь, Евроберто Залдостанов, Цхьаьнатоьхначу Штаташа санна, сакнцийн могIаршлахь ца хьахор – иза цецваллал хIума ду, хIунда аьлча, и тайпа нах доллучу кхиинчу дуьненчохь „персона нон грата“ санна билгалбаьхна хила безаш бу.
Золовкин Сергей: „Цхьаьнатоьхначу Штаташа, шаьш нуьцкъалох а, ондох а пачхьалкхе хиларх терра, даима а алсамох а, майрох а гIулчаш йохура ГIирмана аннекси ярна а, Уркаинин дуьхьал агресси лелорна а, дуьненаюкъара бакъонаш Оьрсийчоьно хьешарна а дуьхьал. Либерале а, цхьаццаболчара ма-аллара дукха кIеда-буьйда йолчу Европано чул а. Соьга хаьттича, Залдостанов санна болу нах муьлхачу а кхиинчу пачхьалкхехь персона нон грата хила безаш бу“.
Ша Залдостанов Александр цкъачунна шек а вац, шена гуонахь иккхинчу гIовгIанах. Полшерчу радиона ша еллачу интервьюхь цуо дIахьедар дина, „питанчаша лелош йолу провокацеш бахьана долуш шаьш шайн маршрут хуьйцур яц“, аьлла.