Дуненна а бевзачу яздархоша исбаьхьаллин литературехь кIезиг ца ялхийна вайнехан а, оьрсий юкъаметтигаш. И уьйр-юкъаметтигаш шуьйра го ур-аттал фольклорехь а: иллешкахь а, эшаршкахь а.
Масаллина даладо ас Сулейманов Ахьмада гочйина »ГIалгIазкхийн аганан илли» цIе йолчу эшар юкъара хIара могIанаш.
Iилла, кIорни, хьомениг сан, олий-болий лай!
ГIийла хьоьжу и беттаса, цу хьан агана,
Ас туьйранаш дуьйцур мА ду, йиш а локхур ю,
ДIавижахьа, бIаьргаш хьабдай, олий-болий лай!
ТIулгаш тIоьхла,Терко гIергIаш, тулгIе керчайо.
Берда йисте, шаьлта ирьеш, нохчий текхаш го.
Амма хьан ву майра дада, тIам тIехь вахчийна,
Вижий Iилла, шек ма вала, олий-болий лай!
Заманан йохаллехь цкъа беркате, машаре уьйраш лелош бехха мур боккхуш, юха Iедалехь болчара дIахьо харц политика бахьнехь ирделла, цакхетараллин хьал кхоллалуш лаьттина нохчий а, оьрсий а юкъаметтигаш. Карарчу хенахь цхьаболчу политикаша а, Iилманчаша а,тидаме ца эцарна кхоьруш санна, буха стомма цIен сиз хьоькхуш, хаамийн гIирсашкахь, юх-юха а билгалдоккху оьрсий-гIалгIазкхий нохчаша бечу ницкъах, къизачу тIеIаткъамах бевдда дIабахна бохуш, шина тIамах бевллачу нохчаша шаьш зовкх хьегча санна.
Къаьмнашна юкъара барт эгIош, сим таса Iалашо лаьцначух тера, охьабагарбо цхьацца кIошташкахь байина оьрсий къоман нах, куьг бехкенаш могIарера нохчий болчуха сурт кхуллуш. Бен-бечу хьостанаша чIагIдарца 300 эзар гергга оьрсий баьхна мохк царех бассабалар бахьна и ду- нохчийн къизалла.
Карладаккхархьама аьлчи, хьанна а зорбанехь хаа йиш а йолуш, деккъа цхьана I930 –гIа шо довш вийна Оьрсийчохь 70% гIалгIазкхий. Хьан вийна? Доцца жоп делча, оьрсаша даьккхинчу Советан Iедало вийна. Дагадаийта догIу, Орджоникидзе Серго дIахьедар: «Нагахь Советан Iедална дуьхьал цхьана станицера цхьа гIалгIазкхи гIаттахь, ерриг юьрто жоп лур ду, тоьпаш тохар а, хIаллакбар а биста кхаччалц.» Уьш бух боцуш дешнаш ца хилла. Леррина омра а дина, хийла юрт ягаяйтина цу коммунисто, эзарнашкахь Сибрех хьежийна бехк боцу гIалгIазкхий.
Тахана алсам оьрсий бехачех цхьаъ ю Новр кIошт. Дукхахберш гIалгIазкхий а болуш кхо-виъ эзар оьрсий ваьхначу Ищери юьртахь, масала, тахана 800 гергга оьрси ву. Шайн юьртахой дIабахар могIарерчу наха доззане а ца дузу цаьргахь гIело яллорца. Соьца къамел деш цу юьртарчу Чимаева Заргана элира гIалгIазкхий дIаэхаран коьрта бахьна дара тIехIиттина халонаш эшо цалаар а, дахаран атталла лехар а.
«Сан лулахо схьаеъна масийтта шарахь Тихорецк гIалина гергахь цхьана эвлахь яха а яьхна. Нохчийчохь санна ларьеш яц ша бах цхьанхьа. Кхузахь хета шена боху шен бIов-чIагIо. Ур-аттал дехча морза а ца лора бах шена цигахь оьрсаша.» Ишта дийцира Киса цIе йолчу зудчо.
Оьрсий хьокъехь соьга хIара къамел динарг ву Новр кIоштан Рубежни юьртара хьехархо Цуцаев Iалавди.
Iалавди: «ЧIеро кIорге лоьху, адамо дика меттиг лоху» боху кица ду-кх кхузахь дало догIург. О. кху меттехь хIинца хIуттуш дерг нохчийн Iедал ду, вайн дахар хьена хир дац хIинццалц санна … Хьаькамаш кхераниш хир бу. Вайна хIаваъ дIакъевлина кхузахь, вежарий болчохь меттиг лаха еза бохуш дIаихна. Цигахь тIе ца лоцуш юхаихна меттигаш а бу.
ан, юкъахь керт бен йоцуш, лулахо вара Валерий цIе йолуш. Керт-ков дIа доьхкина дIавахара иза шо даьлча, юха схьа а веъна, олла бехьна яй санна. Тхан юьрта ванн эхь а хетта, луларчу юьрта охьахиира иза. ТIеIаткъам бина дIаихна бохургга-м бакъ дацара.
Iоттабаккхам хилла-кх хиллехь муьлххачу а нохчашна юкъахь санна. Мел схьабало гIиртича а хьаькамийн белхаш бинарш богIур бара аьлла ца хетта суна,Iаьржа болх бинарш буй уьш богIур бара, баьхкича сихха схьа а ийна бехар а бара».
Соьца оьрсий хьокъехь къамел динчу хьехархочо Цуцаев Iалавдина хетарехь Оьрсийчохь дуьнентIе девлла а, кхиъна а долчу берашна хала хила там бара, церан дай юхабаьхкича, нохчийн дахарх бола а, схьа а эбелла, баха а