Your browser doesn’t support HTML5
Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело шен сацамца Оьрсийчоьнан Iедалан тIедожийна Бесланехь теракт хиллачу агIонна 3 миллион евро ца кхоччуш гIуда такха. Ша верриг зе хилла аьлла лоруш ву оцу бохамехь 409 стаг. ХIоранна и ахча декъча йоккха хIума а яц, цундела цу хьокъехь, цу сацаман мах хадабойла дац, иза кхечу, адамаллийн а, бакъонийн а , нийсонан тIегIанехь сацам лору массара а. Маршо радио зIене елира «Бесланан аз» цIе йолчу цхьанатохараллан куьйгалхочуьнца Кесаева Эллица. Цо иштта элира оцу сацамех.
Кесаева: «И сацам тIеэцийта дуккха а документаш дахьийтина оха. Дуккхачу кхелан процессех чекхадевла Европерчу кхеле ма дарра хилларг тIеоьцуш сацам байта. Суна хетарехь Европерчу кхелехь хууш ду, ша сацам бича а, Оьрсийчохь цхьанна а тайпана девнаш юхалуьстуш а, баккъала а бехке берш жоьпе озош боцийла. Иза керла хаам бац. Ма дарра аьлча-м иштта хила дезаш дара, ткъа кхочуш беш-м бац и сацамаш.
Кхочуш беш берг бу-ахчанна декъех болу сацам. Тхуна хетарехь ахчанца долу таIзар доккха хила деза пачхьалкхан, тIейогIучу заманахь цуьнга и санна долу зулам кхин ца дайта. Оцу декъехь тхо реза-м дац дера».
Бесланерчу терактах хьакхалучохь йиъ артикалца бехке йина Оьрсийчоь: теракт ца хилийта цхьа хIума дина ца хилар а, теракт хилчул тIаьхьа, кхоччуш хIума ца дар а, иза кIезиг зенаца дерзийта а, закъалтхошна тIе герз деттар а, хилчунна кхоччуш таллам ца бар а. Оцу сацаме ца кхачийта гIерташ боккха Iаткъам лайна Бесланера терактехь байинчеран гергарчу наха. Юьхьанца царна Iаткъам бинера, тIаккха, уьш нийсоне кхача саца дагахь боцийла хиъча-дIалоцуш а, набахте чубухкура бу бохуш кхерамаш туьйсуш и Iаткъам чIагIбинера. Кхин дIа а дуьйцу Кесаева Эллас.
Кесаева: «Тхуна дуьхьал талламаш боло гIиртина, офис дIаяьккхина, оха бечу балхана ког а тийсина. Иза тхуна даим хилла ду. Оха Бесланах бакъдерг дуьйцу. Оха ца дийцича, кхин хьан дуьйцура ду иза? Тхуна тIехь доккха жоьпалла ду. Шайн нах белла бухахь биснарш баха а беза кхоччуш жоьпаллица. Цара къийсам латто беза Бесланехь хиллачух бакъдерг Iедале ца кхачахь а, нахана дIадовзийта».
Цхьана балано цхьанатоьхначу Бесланера бахархойн тобанех тахана ондда ницкъ кхоллабелла. Церан аз Оьрсийчохь хезна а ца Iаш, цуьнан дозаналла арахь девзаш ду. Цара миччахь а майра дIаолуш ду оцу терактан а, закъалтхой баларна а бехке берш муьлш бу. Шаьш сиха дац. Шайна хаьа боху Кесаева Эллас, Европерчу кхело бинчу оцу сацаман тIаьххье таханлерачу Оьрсийчоьнан Iедалша теллина чекхадаьлла лору и гIуллакх юхалуьстур доцийла. Шаьш собаре хир а ду, амма мацца а Iедалшна хьалхахь и хаттар юха а хIоттор ду шаьш, элира цо кхин дIа а шен къамелехь.
Кесаева: "Тхан ойланашца дукхаболу закъалтхой низамхойн куьйгах белла. Ткъа тахана Iедало йохьарлаьцнарг, тхуна хетарехь террорхойн агIонца цхьаналаьтташ ду. Iедалан векалш а, ницкъхой а террорхойл цхьанна хIуманца дика бац. Цундела цаьргара жоп а, террорхошкара санна хила деза. Поконаш лелош болу и ницкъхой чIогIа кхераме нах бу. Цара жоп дала деза. Европерчу кхелан сацаман тIаьххье сацамаш бийр бац кхузахь. Цкъачунна бийра бац. Коьртаниг ду-Iедалан бехк къастор. Тхан бакъо ю, керла гучудевлачунна тIе а тевжаш керла таллам болабе аьлла кхайкхам бан. Тахана Оьрсийчохь долчу политикан хьолехь иза хуьлийла дац. Амма оха собардийр ду. Коьртаниг, кхелан сацам хилар ду».
Европерчу кхеле бесланхойн латкъам кечбина а, иза чигахь оьшучу кепехь дIакхачийна а болх бинарг ю «Мемориал» вовшахкхетаралла. Цуьнан белхахо-дуьненаюккъерачу низамехула юрист Коротеев Кирилл а ву оцу сацамах воккхавеш. Дуьххьара хуьлуш ду боху цо, оццул дукха наха, сел кIоршаме латкъаман оцу кхело жоп делла. Цу хьокъехь иштта элира цо.
Коротеев: "Сацам нийса бу. Бакъдерг дийцича, суна иза дика хетар ду, оццул дукха нехан арз оцу кхело тIе а эцна, царна товчу агIор, нийсонца иза чекхдаккхар. И санна долу хIума наггахь бен хуьлуш дац. Ахчанна компенсацеш даккхий дац, амма цул а коьртаниг ду, Европерчу кхело тидам бахийтина дан дезачунна. Иза жоьпалла тIеэцар а, бакъдерг къастор а, керла таллам бар а, низам хийцар а. Со кхоьру, къаьстина оцу дакъошца, кхелан сацам кхочуш бийр бац. Нах тIекхочуьйтур бац, хIинцалц царах лачкъийна латтийначу документашна".
Бесланерчу теракт-оьфициалан Оьрсийчоьнан Iедалша бахарехь теллина чекхаяьккхина ю. Беккъа бехк тIебиллира школан тIелатар динчу террорхошна. Амма цигахь теш хилчу а, шаьш бахархоша а, чохь хиллачу закъалтхоша а билгалдоккху хIинца а, дуьххьара герз тоьхнарш арахь гуобина лаьтташ хилла болу эскархой бара аьлла.