Дагахь боцу дай бевлла Кадыровс сагIийна декъначу ахчанан

Мархийн бут дIабоьрзуш цхьамогIа нахана ахчанца гIо дина Нохчийчохь республикан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан цIарах. Йохийна хIусамаш юхаметта хIото банкехула а ца луш, Соьлж-ГIала а кхайкхина, ахчанаш декъна царна. И сурт гина болу Оьрсийчура бахархой эргIад бахана бу, и ахча шайн кисанара делла ду бохуш интернет машанехь комментареш юьтуш.

Цхьана юкъана, Оьрсийчохь олуш цхьа хIума хилла «Кран чухулла догIуш хи дацахь, иза ша дерг жуьгтийша дIамелла». Даиманна, цхьана чолхена тIера, вукху чолхенна тIегIерташ хиллачу Оьрсийчохь боккъуллийна и къомах болу нах хеташ хилла, цунна бехке.

ХIинца, царна тIера и тидам дIабаьлла, тахана, нохчий а, кавказхой бу йоьхьарлаьцца. Митингашкахь а, олу цуьнах, эшарш а локху цуьнах. Пачхьалкха коьрте бахка гIертачара а, шай тIехь хIиттинчу нехан могIанаш стам бо, кавказхошна доьхьала бечу кхайкхамаша.

Нохчийчохь, хIокху деношкахь, республика куьйгалхочо Кадыров Рамзана, уггаре а къе бахкачу доьзалшна дIадеккъа цхьацца-шиш миллион ахча. Меттигерачу телехьожийлехь гайтина и видеокийсак. Иза волчу чу ялийначу массийта зудчуьнна хьалхахь, ахчийн таппаш вахьйихкинера цуьнана гIоьнчаша. ХIора доьзална цIенош дийра ду аьлла тIелаьцна ду Iедалша.

Цу тайпа акци, мархийн бетта, юккъерачу дезчу денна лерина хилла, аьлла гIарадаьккхина Кадырова зорбан-сервисо. Ишшта, цигахь хаам бо, 50 ца кхоччуш эзар наха гIо дехна интернетехула, царах леррина кхоьллинчу комиссино I4 эзар къастийна, царах а уггаре а мискаберш а хаьржина, црана дан долина гIо.

И видеоматериал эфире яьларцаний, гIовгIа иккхина Интернетехь, нохчашна, вай ахча, юха а дIадоькъуш ду бохуш. Цу тайпа нах дукха хилар, цхьана ницкъашна оьшуш хIума ду аьлла хьалха, масла хеташ хиллехь а, хIинца цунна цхьанна а тайпа шеко яц.

Иштта, дог-ойланаш Оьрсийчохь яьржина ю, уьш алсамйолуш а ю аьлла комментарии йира оцу хьокъехь Маршо радионна оьрсийн сервисан корреспондет йолчу Кириленко Анастасияс.

Кириленко Анастасия: «Хууш ма дай, 60 процент оьрсий тIетовш бу «Оьрсийчоь-оьрсийшна» бохучу лозунган. Хьал чIогIа тесина дитина ду. Суна хаа, ишколашкара цхьаболчу дешархошна, билгала хууш дац, Нохчийчоь Оьрсийчоьнан дакъа ду, ян дац.

Официала хаамийн гIирсашкахь йолчу пропагандо шен болх бо. Цо юккъарална Iатъкам бо. Оцу юккъолгIа, видеош а ю,яьржош Ютюб чухулла, цхьацца даздаршкахь яьккхина йолу, Кадыров Рамзанан дашо лоьмаш а. Оьрсийочьнан бахархойн ойла кхоллало, мел волу нохчи ишшта вехаш ву аьлла.

Депардье а, «Грозный-сити» цIе йолу гIишлонаш а гуш ю.Цара вайца тIом а бина, хIинца цигахь ялсмане хIоьттина бохуш».

Оьрсийчохь, кавказхошна, къаьстина ночхашна доьхьала дог-ойланаш яьржаран бахьан, Кириленко Анастасиян хетарехь, нохчийн Iедалан а бу. Меттигерачу телехьожийлашкахь, цкъа а гойтуш яц, критика а, ян нохчийн дахаран чолхалла а. Цундела моттало, ша верг, массу а хIуманна тохох йолуш ву.

Кириленко Анастасия: «КIезга ю репортажаш, Нохчийчохь долчу чолхаллах лаьцна. Белхан меттигаш ца хиларх а. суна ца гина, федерал телехьожийлашкахь. Юккъерачу барамехь волчу оьрсийочьнна тIаккха хетало, церан хьал чIогIа таделла, уьш махьаралла бахана аьлла».

Iилманч- историк волчу Ахмадов Явусан , нохчаш шаьш а доьхьало ян еза аьлла хета, хаамийн гIирсашкахь а, кхечу хьостанашкахь а. Къома ма дарра долу гIиллакхаш а, ламасташ а довзийта деза. И болх, ледар беш аьлла тидам бира цо.

Ахмадов Явус: «Тоха нохчочуьнна, кIелхьара яьккха Оьрсийчоь», боху лозунг а, ишшта гIуллакх дIадоьдахь юккъе яла мега пачхьалкхехь. Шай болу кIоргера баланашна бIаьрзе болчу оьрсийша, кесст-кесста Iоттар йо, шайла гIоле Iан а, ваха а луучуьнна.

Иза, меллалца дIагIура ду хууш дац, амма, кхечу къомах болчу нахе ца безам ан Iтехь кхоьллина йолу идеологи, мацца а цхьана бух боцучу бердах яхана масалша-м душ орта, ширчу а , керлачу а исторехь.