Навальныйн а, Медведевн а цхьатерра догдохийла яц президент хIотта

Оьрсийчоь -- Путин Владимир.

Левада-Центран социологаша таллам бина, мила хоржур вара Оьрсийчоьнан президент, нагахь харжамаш тIедогIучу КIирандийнахь хилча бохург къастош. Цуьнан жамIаша гойтуш ду оппозиционеро Навальный Алексейс а, премьер-министро Медведев Дмитрийс а цхьатерра кхаьжнаш гулдийр хилар – хIораммо а цхьацца процент. Харжаман кампанин лидер, кхеташ ма-хиллара, хир вара хIинца Оьрсийчоьнан куьйгалхо волу Путин Владимир.

Левада-Центран интернетехь йолчу сайт тIехь дуьйцуш ма-хиллара, нагахь президентан харжамаш Оьрсийчохь Охан-беттан 5-чу дийнахь хилча Путин Владимирна шайн кхаьжнаш дIалур дара 82 процент цу талламехь дакъалаьцначу бахархоша. ШолагIчу меттехь хир вара коммунистийн партийн ЦК-н гIантда Зюганов Геннадий (7%), цул тIаьхьа Либерал-демократин партин баьчча хир вара Жириновский Владимир (4%). Гражданская платформа парти кхоьллинчу Прохоров Михаилан аьтто хир бара 3 процент кхаьжнаш гулдан.

Ткъа Медведев Дмитрийна а, Навальный Алексейна а шайн кхаьжнаш дIалур дара цхьацца процент цу талламехь дакъалаьцначу харжамхоша.

Левада-Центро хIоттийначу лист тIехь вара «Справдливая Россия» партин лидер Миронов Сергей а, тIеман министр Шойгу Сергей а. Амма царгахьара кхаж таса луучу нехан терахь дац цхьа процент а.

«Левада-Центран» куьйгалхочо Гудков Лева билгалдаккхарехь, Путинан рейтинг алсамъяьлла ГIирмана аннекси йинчул тIаьхьа. Цо чIагIдарехь, цуьнан рейтинг кхин алсам хуьдийла доцучу тIегIантIехь ю. Кхечарна кхаж таса кийча берш, ма-дарра аьлча, Путинна дуьхьал болу нах бу. Амма нагахь Оьрсийчохь йолу кризис кхин дIа а латтахь, Путинг рейтинг охьаяха йолалур ю аьлла а хета Гудковна.

Шен агIор Политикан экспертийн тобанан куьйгалхочо Калачов Константина «Независимая газетана» интервью луш элира, цу рейтингийн кхоччуш долу сурт ган цхьана хаттарна жоп цатоьа аьлла. И хаттар ду, Путин велла дIаваллалц Оьрсийчоьнан президент хIотта оьший бохург.

Кхин дIа хIун ду? - хоьтту Калачевс. Патриотизмаца а, арахьарчу кхерамех а лаьцначу темех пайда эцар тоьаш дац Путинан рейтинг кхин дIа а лакхара латто боху цо.

Калачевна хетарехь, керла президентан харжамаш хила дисинчу кхаа шарахь хиламаш хила мега и рейтинг охьайоккхур йолу. Царна юкъахь ду экономикан кризис къаргъяларна тIера Украиница баккъалла а болу тIом хиарна тIекхаччалц дерг.

Цуьнца цхьаьна эксперташ шеко йолуш бац, Путин Владмира 4-гIа а президентан харжамашкахь дакъалоцур ду бохучуьнах. Цу тайпа ойла йолуш ву финансийн министр хилла волу Кудрин Алексей. Цунах лаьцна цо дIахьедар дира Путин Владимир дуьххьара президент хIоьттина 15 шо кхачарна хьажийначу «горгачу стоьлехь», бохуш яздо «Коммерсант» газето.

Оццу форумехь дакъалоцуш хиллачу "Общественное мнение" фондан директоро Ослон Александара дIахьедар дира, Путинан рейтинг гергарчу хенахь охьаера яц аьлла.

Ткъа «горга стол» дIахьош хиллачу президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дуьйцучуьнга ладоьгIча гучудаьлларг дара Оьрсийчоьнан куьйгалхо хIинцца бен болх бан волалуш а цахилар. Коммерсанто яздарехь, «Путинан ондда а, оьшуш болу а бух бу ша долийнарг кхин дIа а дIадахьа, кхачам боллуш даза дисинарг дина чекхдаккха» элира цо.