Мигранташ! Шаьш дуй а ца хоуьйтуш бе Оьрсийчохь белхаш!

Оьрсийчоь -- Москох рейд еш мигрантийн паспорташ толлуш бу оьрсийн полисхой, 24ГIа2012

Сих-сиха иммигрантех-къинхьегамхойх Iитталуш йолу проблемаш дукха дика евза Тахиров Бекана. 2004-чу шарахь Оьрсийчу а веана, бакъо а йоцуш, малар латточу складехь мохь дIасакхоьхьуш болх беш ву и 38 шо долу узбек. Ши шо хьалха чуделла цо, шена Оьрсийчохь махкахалла доьхуш, вовшахтухуш шортта яйина кехаташ. Карарчу хенахь бакъонехь болх беш ву иза, дийнахь - гочдархо санна, сарахь хехочуьн болх бо цо.

Иштта, шен зеделларех пайда оьцу цо цIера баьхкинчу мигранташна Оьрсийчохь болх лохуш а, дIанислуш а гIо деш.

Тахиров: ХIора шарахь кхин а чолхе долуш ду. Хьалха, схьа ма-веъана, болх карабора. Цхьана цхьа документ ца эшара, хIумма ца эшара. Амма таханлерчу дийнахь, хьоьгара мел долу кехат доьху. ТIаккха хIетте а Iеха а во, кхуссий ара а вохуьйту. Массанхьа а чIогIа Iехаво.

Маршо радио: Iехор бохучунна юкъадогIу, болх бича ахча схьа ца далар, болх бан бакъо яларна дуьхьала тIех дукха кхаьънаш эцар, гIуллакх долуш-доцуш полицино лецар а.

Оьрсийчохь хьесапе оьцучу 10-12 миллион белхалойн-иммигрантех 2 миллион бен вац низамаш ца дохош, болх беш. Царах дукхах берш Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу Азин республикашкара бу. Биснарш ша-берриш а къайлаха белхаш беш бу.

Оьрсийчоьнан иммигрантийн политика цхьаьнацадарех йоьттина хиларе терра, бала хьоьгуш ю, боху аналисташа. Болх бечу мигрантех ял эца лаара Кремлана. Цул сов, оьрсийн Iедалш кхеташ ду, Оьрсийчохь къанлучу нахах бисина белхаш бан мигранташ оьшуш хиларх.

Амма иммигранташна дуьхьал гIарчI-аьлла чIогIа ойланаш хилар а, долуш долу низамаш лардеш ца хилар а, къайлаха экономика кхуьуш хилар а бахьанехь, мигранташна тIаьхьа-тIаьхьа хала ду низамийн тIегIане бовла.

Москох туп тоьхначу 21-чу бIешеран миграцин Центрера Кравцов Василийс бахарехь, мигранташна еш йолу дуьхьалонаш кхин а чолхе йовлуш ю.

Кравцов: Боккъалла а низамехь болх бан а, сехьа а бевлла, баха ховша а, махкалла эца а луучу нахана дуьхьал даьккхина ду массо х1ума. Массо х1ума ду... къаьсттина т1аьхьарчу шина шарахь.

Маршо радио:
Даханчу шеран аьхкенан Мангал-баттахь гIараяьккхинчу Кремлан керлачу мигрантийн бакъонийн кехатан авторах цхьаъ вара Кравцов. Миграци – Оьрсийчоьнан экономикина пайден тIеIаткъам санна бийцара цу кехато. Iедалшна хьехар дора арахьарчу белхалошна белхаш нисбеш аьттонаш беш а, оьрсийн юкъараллех мигранташ дIаэр аттачу дакхарехь а гIулчаш яха, бохуш. Документан тIехь юьйцуш йолу, иммиграцина гIортор еш йолу концепци официала кепара къобалъйина Кремло. Цу тIехь билгалъяьккхина ю 2025 шо кхаччалц йолу, политикан план. (http://eng.kremlin.ru/acts/4011)

Амма, Кравцовс чIагIдарехь, дахарехь кхочушхуьлуш дац иза.

Кравцов:
Вуьшта-м, цхьана агIора тамехь а, керла а хилла иза. ТIе-м эцна иза, ацца маьIна ма ца хийцаделла. Хала хеташ делахь а. И концепци тIеэцначул тIаьхьа хIун хийцаделла? ХIумма а ца хийцаделла.
Низам ца дохош, сехьабовла йиш йолчу мигрантийн терахь алсамдаьлла? Я, сехьабевллачу нахана аттачу даьлла махкахалла схьаэца? Я юкъараллех дIаэр аттачу даьлла? Ца даьлла. ТIаккха хаттар кхоллало - хIун до оцу концепцех?

Маршо радио: Цул сов, президентан Путин Владимиран къамелаш нийсса дуьхьал ду Кремлан политикан аламлна.

Даханчу шарахь президентан харжамаш хилале ша динчу къамелашкахь Путина ша чIагIдийр ду элира, официала кепара мигранташ хьесапе эцаран низамаш. Цо, иштта, Оьрсийчохь болх бан луучу мигранташна тIедиллира оьрсийн маттахь а, исторехь а, културехь а экзамен ялар. Цул тIаьхьа и билламаш низамехь чIагIбира.

Даханчу шеран Лахьанан баттахь Москохо бохийра, гIиргIизошна Оьрсийчоьнан махкахалла луш йолу процедура аттачу йоккхуш, ГIиргIзойчоьнца бина хилла барт.

Баханчу ГIуран баттахь хIора шеран коьртехь парламенте дечу къамелехь Путина кхайкхам бира, бакъо йоцуш Оьрсийчу оьхучу мигранташна деш долу таIзар совдаккхар доьхуш.

Дуьненаюкъахула дIасалела йиш йолчу паспорташций бен, Оьрсийчу бахка царна бакъо яла хьашт дац, а элира цо. Цул а хьалха, цхьайолчу Азера пачхьалкхийн махкахойн бакъо яра шайн чоьхьарчу паспорташца Оьрсийчоьнан доза хадон.

Оьрсийчоьнан Экономикан хьесапдечу Академехь миграцин институтан куьйгалхо йолчу Зайончковская Жаннас бахарехь, оьрсийн юкъараллехь йолу ксенофобийн амал тееш деш долу къамел а, политика а ю иза.

Зайончковская: И тайпа шога риторика пачхьалхана дика ю аьлла ца хета суна. ХIунда аьлча, уггар хьалха цо мигранташ кхерабо. Церан шайн юкъара хаам баран маша бу. Керланаш вовше дIакхачадо цара. Миграцин тулгIе сацон тарло цу риторико.

Маршо радио: Зайончковскаяc тIетуьйхира, мигранташна низамаш ца дохош, белхаш бан новкъарло еш дерг, дерриг дуьненан экономикина хилла кризисо Оьрсийчоьнна а бина тIеIаткъам бу. Цу кризисо кхоччуш лахбина гIишлошъяран белхаш. И бахьанехь, Оьрсийчоьнан 1едалша нийсса ах лахдина, гIишлош ян еллачу бакъонийн терахь. Низамехь хин болу мигранташ юха а къайлаха боху цу гIуллакхуо.

Карарчу хенара Оьрсийчура политикан амал а яц дикане сатуьйсуьйтуш. Йозуш йоцчу Левада Центро юкъараллехь баханчу Лахьанан баттахь хIотийначу хаттаро билгалдаьккхина, 65 процент оьрсашний бен шайн махкахь цхьа жимма мигранташ безаш ца хилар. 73 проценто Оьрсийчура арабаха аьлла, къайлаха болх беш болу мигранташ. Оцу массо хIумане хаьжча, Тахировна цхьа а бахьана ца го, кеста цхьаъ толур ду аьлла хотуьйтуш.

Тахиров: Низам ца дохош болх ца бало. Телевизионаш чохь гойтуш йолу моттаргIанаш ю - массо хIума дика дуй, важа дуй...
Леш санна (как рабы) болх бо мигранташа. Амма уьш цунна а реза бу, хIунда аьлча, цу кепара даьккхина долу 500-600 доллар цIа хьажадо. Узбекашна, таджикашна доккха ахча ду и.