Оьрсийн Iедалшка ДIавала Кхерам бу ТIемало Садаев

Оьрсийчоь -- Москохарчу цхьана набахтехь, 15Дечк2011

Европерчу массех пачхьалкхан набахтешкахь, Нохчийчохь тIемашкахь дакъалацарна бехке а беш, Оьрсийчу дIабала кечбина вайнехан мухIажарш бу. Дечкен беттан 24-чохь Швецерчу Флен гIалахь дIасацийра Iедалхоша Садаев Эмильхан. Iуьйранна ворхI сахьт даьлча иза вехачу хIусамна чулилхинчу полисхоша Садаев Нохчийчуьрчу тIамехь дакъалаьцна хиларна Оьрсийчоьно Интерполехула лоьхуш хилар далийра шаьш леларан бахьана.

Садаевс ша цкъа а дацаре дина дац ша тIамехь дакъа лаьцна хилар. Бакъду, Садаевс дацаре до, ша террорхо а, зуламхо а ву бохург. Цо ша шен мохк мостагIчо дIалаьцча, цу мостагIчунна дуьхьал тIом бина, бохуш чIагIдо. Цундела ша Женеверчу конвенцица салти а, тIемало а лоруш ву, боху цо.

2004-чу шарахь, чов яр бахьана долуш, Нохчийчуьра араваьлла, Садаев цкъа хьалха Азербаджане, цул тIаьхьа Туркойн махка дIавахнера. Ткъа цигахь а шена тешаме ца хетча, иза ши шо хьалха Швеце ваха схьавеънера, цигахь шена политикан тхов-кIело а ехна.

Ала догIу, Садаевн ши ваша -Мусай, Зеламхий - Нохчийчохь оьрсийн эскархоша вийна ву. Иштта Йоккхачу АтагIара цуьнан хIусам а оьрсаша эккхийтина ю. Ша Садаев иза вах-вахханчу пачхьалкхийн Iедалшкара Оьрсийчоьно дIавоьхуш ву. И бахьана долуш, цо ша Швеце вогIучу хенахь кхечу цIарца даьхна харцахьа кехаташ лелийна хилла.

Ма-дарра аьлча, и цхьаъ доцург- харцахьа кехаташ лелор- Швецерчу Iедалийн цунна дуьхьал дакха хIума дац. Дуьненаюкъара гуманитаран бакъонаш схьаэцча, шеко а йоцуш, тхов-кIело хьакъ ю цунна мел кIезиг а цхьана бахьанца: нагахь санна иза Оьрсийчу дIалахь, цигахь цунна Iедалша къиза таIзарш дийриг хиларна а, иза цара верна кхерам хиларна. Амма Швецерчу Iедалша и хIума тидаме а ца оьцуш дитина.

Садаев Эмильхана цу юкъана гуьржийн президенте Саакашвили Михаиле кхайкхам бина интернетехула. Шена Гуьржийчохь политикан тхов-кIело лахьара, аьлла, дехна цо, цу кепара, ша Оьрсийчу дIа ца волуьйтуш, кIелхьара ваккхархьама.

Гуьржийчуьра цкъачунна Садаевн дехарна кхаьчна жоп дац. Ткъа Чиллан беттан шозлагIчохь Оьрсийчу дIавала лерина хилла волчу Эмильхана, ша Iуьйранна новкъа воккхуш вуйла хиича, шен корта стоьлан маьIигах биттина, ша-шена чевнаш йина. Цул совнаха, цо мацаллин акци а кхайкхийна, хIума ца юу массийтта де а ду. И бахьана долуш цкъачунна новкъа ца воккхуш сацийна ву иза.

Садаев Эмильхан цхьаъ хилла ца Iа карарчу хенахь Европехь Оьрсийчоьнан дехарца лаьцна кхобуш. Бельгерчу Ставелот цIе йолчу гIалин набахтехь иштта шен кхолламе ладоьгIуш Iаш ву ткъе ялхийтта шо долу Махаев Бислан. Дечкен бутт болалуш иза а ву деккъа цхьа Оьрсийчоьно иза тIемало хиларна дIавоьхуш ву бохучу бахьанца лаьцна.

Махаев, цуьнан гергарчара дийцарехь, ши эзар кхозлагIчу шарахь дуьйна хьийзош ву оьрсийн къайлахчу сервисо а, ницкъаллин урхаллаша а. Массийттаза лаьцна а хилла иза, тIемалошца зIе хилар цунна тIе а тоьттуш. Дерриге а дацаре дечу Махаевга, цуьнга хеттамаш беш хиллачу Iедалан белхалоша шен боцу бехк тIеэцийта гIерташ, таIзарш динера цунна дуккхаза а. ХIетте а къар ца велла иза, ша оьрсийн карара валарцана Европе ваха схьавеъна. ХIинца кхузахь лаьцна, юха а ша хьийзиначу чалтачийн кара дIа вала кечвина ву.

Изза кхоллам бу Хорватерчу Iедалша лаьцначу Кагерманов Асланан а. Австрехь политикан тхов-кIело а йолуш волу иза, шен гIуллакхна Хорвате ваханчуьра дIалаьцна, Оьрсийчоьно Интерполехула лоьхуш ву аьлла. ХIетахь дуьйна набахтехь валлош ву.

Ткъа масех бутт хьалха Италехь дIалаьцна хилла Ибраев Ринат - иштта Францехь политикан тхов-кIело йолуш волу - хаамийн гIирсаша а, адамийн бакъонаш ларъярхоша а йоккха гIовгIа эккхийтар бахьана долуш дIахецна.