Оршоьтан буса Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Антлантика-хΙордан бердашца йолчу кΙошташка кхаьчна ерриг континентехула чекхдолуш хьийза Сэнди цΙе тиллинчу механ дарц. Еккъа цхьана Нью-Йоркера гΙовттийна, кхечу меттигашка дехьабаьхна ах миллион гергга бахархой.
Нью-Йоркера ах миллион вахархо хилла а ца Ιа мохо бехачу меттигех баьхна нах. Нью-Джерси, Пенсильвания, Коннектикут, Род-Айленд, кхин а маситта кΙошт ю кхерама кΙел.
Сэнди цΙе тиллинчу механ дарцо ша хΙинца Цхьанатоьхначу Штаташка кхачале, кху тΙаьххьарчу иттех дийнахь даккхий зенаш дина Куба, Ямайка, Багама, Гаити гΙайрешна.
Оцу гΙайреша мелла а шен ницкъ лагΙ а бина, кхаьчна мох Атлантикан бердаца йолчу Нью-Йорке а, цунна гергарчу меттигашка а. 150 километр секундехь а йолуш ду цуьнан болар таханенна.
Дарц шайна тΙегΙерта доладелчхьана а яра Штаташкара кΙошташ цунах шайна хила тарлучу зенах нах а, гΙишлош а, коммуникацеш а Ιалашъен белхаш дΙахьош.
Мох махка кхача де дуьсуш, Вашингтонера ша ехачу Праге кеманца цΙаеъна Марина. Цо дийцира Маршо Радиога шена ша новкъаялале дайнарг.
Марина: "ПIераскан дийнахь хезира суна, Вашингтоне кIирандийнан сарахь кхочуш бу и мох, аьлла. Шоьтан дийнахь мох а, цуьнан цIийзар а хезаш дара. Iедалан белхахоша массо а цIеношка кехаташ туьйсура, кхерам буйла хоуьйтура. Эвакуаци хила тарло, вовшах хIун тоха еза, хIун шеца схьаэца еза довзуьйтура. ГIуллакх доцуш ара ма дийлахьара, бохура массаьрга а. Иза кхераме ду, бохура, чохь а Iаш, цIахь цхьа чоь кечъе, бохура, кораш гоьнашца чIагI а деш. Банканаш чохь уург кечъе а бохура нахе".
Сэнди-мохо хΙинца шен лар йитина Нью-Йоркехь а. Метрон доьалгΙа дакъа ду кху муьрехь чухьаьддачу хин кΙелахь. Кир дΙасалелабе машенаш а яц гΙонна гΙовтто йош йолуш – хиша, хирцинчу дитташа, охьадеттаделлачу бΙогΙамаша лецна некъаш. Яц болх беш пачхьалкхан хьукматаш. Цкъачунна болчу хаамца, кхелхина механ хьовзамах ткъеха стаг. Дуьххьара белларш Нью-Джерсера бу. Мохо совцийна Ιаьмеркара гΙовтту кеманаш а.
КхидΙа муьлхачу махка кхача лерина ду Сэнди-дарц. Я кхачор бу цуьнан ницкъ кхуззахь, хууш дац. ХΙун хьал ду мохо гIеххьа зенаш шена а кхачийначу луларчу Канадехь, цигара бахархой доккхачу декъанна кийча буй бохамех Ιалашбала, хьаттира оха Канадехь вехачу Абубакаров Мохьмаде. Цунна ца хета шайна мох сов кхераме бу аьлла.
Абубакаров: " Керланаш хоуьйтурш шек бу. Амма нах кхерош, дуьйцуш хIума-м дац кхузахь. Я беш кечамаш а бац, суна хууш. Цхьанатоьхначу Штаташкара схьакхочу мох, бохуш, синоптикаш-м хуьлу. Со 8 шо ду Канадехь веха. И тайпа кхераме мох хилла бац кхузахь".
Ιаьмерка йоьлла Сэнди санначу мехашна адам латталуччул дуьхьал латта. Уьш теша, кхин сов дараш шаьш маьрша дуьтур ду цкъачунна шаьш долчохь хьерабаьлла хьийзачу мохо бохучух.