Туркошна магор ду Оьрсийчохь белхаш бан

Туркойчоьнан президентан ЭрдогIан Реджепан пIераскандийнахь Путин Владимирца хиллачу цхьанакхетарехь президенто дIахьедина, гергарчу хенахь туркой Оьрсийчу балха цабуьтуш бина бехкам бостур хиларх. "Интерфакс" агенталло Iорабаьккхина и хаам.

Путина бахарехь, буьйцурш бу, доккхачу декъанна, туркойн гIишлошъярхой. Туркойчоьнна дуьхьал санкцеш йохуш, къаьсттина дихкина дара царна белхан визанаш ялар.