Оьрсийчоьнан мехкалла дIа а тоттуш, палестинхойн паспорт эцна Оьрсийчоьнан вовшахтоьхначу говрийн спортан тобанан декъашхочо Туганов Владимира. ТIаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчоьнан цхьаьнатоьхначу тобанашкара арабевлла Оьрсийчоьнан а, Къилбаседа Кавказан цхьа могIа спортхой. Цхьаболчу хьаькамаша церан сацам "ямартло" лерина. Оцу тенденцин бахьанех а, спортхой бехкебарх а дийцира Кавказ.Реалиин сайто эксперташца.
61 шо долчу Туганов Владимира шозза дакъалаьцна Олимпикан ловзаршкахь, Оьрсийчуьра говрийн спортан Федерацин вице-президент а хилла иза. Стохка Палестинан вовшахтоьхначу тобане дехьавелира кхин а Оьрсийчуьра цхьаьнаийначу тобанан ши декъашхо – Максакова Александра а, Оьрсийчуьра говрийн спортан Федерацино 2021-чу шеран жамIашца тоьлла спортхо лерина Щибрик Егор а
Оьрсийчоьнан говрийн спортан Федерацихь дийцира Кавказ.Реалиин редакцина, шаьш "халахеташ тIеоьцу спортан мехкалла хуьйцуш спортхойн сацамаш" аьлла. Оцу юкъанна организацихь кхета, цу кепара бечу сацамийн бахьана – "дуьненаюкъарчу къийсамашкахь дакъалаца лаар дуйла".
Пресс-гIуллакххойн куьйгалхочо Личман Александра билгалдаьккхира, Туганов "уггар а хьалхарчу дошлох" а, "Федерацин жигара функционер" а вара аьлла. Тугановс бахарехь, хIинццалц а кест-кеста пачхьалкхал арахьа хуьлура иза, ткъа цуьнан говрийн доккхаха долу дакъа Оьрсийчохь дац.
Тешнабехк йа йамартло?
Спорт политикаца йоьзна хила ца йеза. "Набахтехь" спортах ловзийла дац, кислород тоьар йац
Оьрсийчоьнан парламентан депутато Терюшков Романа хьийхира стохка аьхка, спортан мехкалла хийцар пачхьалкхана йамартвалар а, тешнабехк а бар лара аьлла. Спортан министраллера кехат хIоттийра цо шен постаца цхьаьна телеграм-каналехь, цу тIехь дара тIаьххьарчу итт шарахь 93 спортхочо мехкалла хийцина аьлла. Царех дукхахберш – латархой а, биатлонисташ а бу. Церан кечамна бюджетера 200 миллион сом дайина. Инициативана тIе ца тайра Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий.
Оцу хеначохь Оьрсийчоьнан спортан министран гIовса Байсултанов Одеса, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шичас, критика йира спортхошна: "Оьрсийчоьнан мехкалла хийцинарш – шун некъ дика хуьлда. Кхано юха ма дуьйлалаш".
"Хьо а, хьан бераш а шайна хьалхара байа хьежочу" пачхьалкхана йамарт волийла дац, элира Кавказ.Реалии редакцица къамел хиллачу чергазойн жигархочо, Оьрсийчоьнан говраш хахкаран вовшахтоьхначу тобанан хиллачу тренеро Яганов ИбрахIима. 2023-чу шеран дечкен-бутт бовш Оьрсийчохь "арахьара агент" лерира иза, карарчу ханахь кхечу махкахь вехаш ву.
"Массо а хеначохь спорт машаран а, бертан хаамхо хилла ю. Кхузахь массо а низамашна а, дIахIиттинчу ламасташна а дуьхьал бевлла спортах пачхьалкхан дуьхьал латтаран гIирс бан гIерта. Спорт политикаца йоьзна хила ца йеза. Набахтехь спортах ловзийла дац, кислород тоьар йац",- аьлла хета Ягановна.
"ГIебарта-Балкхаройчуьра шен говрийн божала юхаван лаьа "Леопарда" тIехь (тIеман гIоьнна Украине хьийсор ю аьлла немцойн танкаш. – Редакцин билгалдаккхар.) аьлла, тIетуьйхира цо.
КХИН А ХЬАЖА: Къилбера а, Кавказера а спортхошна дуьхьал санкцеш йаха Iалашо ю украинхойн парламентан
Спортан иммиграци
2021-ра шо довш Венгрин вовшахтоьхначу тобанан цIарах летаршкахь дакъалаца сацамбира маьршачу кепехь латаран хIирийн спортхочо Байцаев Владислава. Оьрсийчоьнан спортан латаран Федерацин президенто Мамиашвили Михаила кхетийра цуьнан харжамах, 2024-чу шеран Олимпикан ловзаршкахь Парижехь дакъалаца лууш ву иза аьлла. Оццу шарахь Сербин вахархо хилира хIирийн маьршачу кепехь кхечу латархочух Цаболов Хетиках а.
Цул а ши шо хьалха Венгрин мехкалла тIеийцира гIебартойн спортхочо Мусукаев Исмаила а, дагестанхойн латархочо Халидов Гамзатгаджис а. Европан чемпионатехь Венгрин байракха бухахь толам баьккхинчул тIаьхьа Мусукаевс далхийра, ша винчу даймахкахь шен толам тергамза битира – "ур-атталла цхьанакхетар вовшах ца туьйхира" аьлла.
Дагестанера латархо Гаджиев Магомедмурад Польшехьа летара 2014-чу шарера схьа дуьйна, ткъа 2021-чу шарахь Оьрсийчоьнан паспортах велира, Польшехь "шех теша" аьлла. 2022-чу шарахь, тIом бала бутт бисинчу хенахь, Румынин мехкалла тIеийцира кхечу дагестанхойн латархочо Рамазанов Мохьмада.
Йоллу Оьрсийчоьнан вовшахтоьхна тобанаш дIа а хIиттийна, хьанна лаьа дIаваха хаьттича, 99 процентана луур дара аьлла хета суна
Цхьа могIа спортхой, шайлахь Къилбаседа Кавказера а болуш, кхечу пачхьалкхийн цIарах лелара Оьрсийчоьнан вовшахтоьхначу тобанна дуьхьал санкцеш а йахале дуьйна. Царлахь ву, масала, хIирийн маьршачу кепехь латархо Хадарцев Махьарбек – 2000-чу шарахь Сиднейхь хиллачу Олимпиадехь Узбекистанан царах летира иза. Оцу пачхьалкхехьа масийттазза летира иштта кхин хIирийн спортхо а – Таймазов Артур.
Дагестанхойн спортхо Муртазалиев Сагид украинхойн байракха бухахь ринге велира, ткъа Гитинов Арсен – гIиргIазойн. Украинехьа вара Оьрсийчоьнан маьршачу кепехь дзюдо латаран тобанан коьрта тренер Тедеев Дзамболат а.
Спортан мехкалла хийцар нисделла дуккха а хьалха а, цу тIе массо а спортхой ца богIура цул тIаьхьа даймахка. Нохчийн дзюдоисто Магомадов Зеламхас, туркойн вахархо хиллачул тIаьхьа, Татароглу Селим аьлла, шен цIе а цхьаьна хийцира. Республикера дIавахара иза 90-чу шерийн юьххьехь.
КХИН А ХЬАЖА: Спортсменаш-блогерш Кадыровна гергахь жоьпаллехь хиларх дIахьедина Нохчийчоьнан Iедалхоша"Спортхошна чIогIа ницкъбина санкцеша"
2021-чу шарахь италхойн паспорт ийцира ГIебарта-Балкхаройчуьра желтойн-римахойн латархочо Кабалоев Заура. Цул хьалха масийттазза Оьрсийчочьнан чемпион велира иза, кхечу йаккхийчу турнирашкахь а толамаш бохура.
"Кхечу пачхьалкхе дIаваха хIораннан а шен-шен бахьанаш хуьлу. Кхечу чемпионатехь а сайн ницкъ кхочий хьажа лаьара суна. Оьрсийчохь дерриг а дика дара, со реза вара, кхиамаш бара сан. Делахь а дохко ца ваьлла со дIавахарна: дуккхаъчийн аьтто ца болу цу тIехь, тIехула тIе вайн латархойн, хIунда аьлча, лидерш вайн федерацино чIогIа атта дIахоьцу", -дийцина Кавказ.Реалиин редакцига спортхочо.
Латаран Дуьненаюкъарчу федерацин низамашца, 10 эзар швейцархойн франкаш йала йеза спортхочо кхечу пачхьалкхан тобане дехьа волуш велахь, дуьйцу Кабалоевс, амма Оьрсийчохь федерацица "бартбан" а деза.
"Цигахь олу: "Оха хьо кхиийна, лата Iамийна хьо, оха хьуна ахчанаш делла, хьо Iаморашка лелийна". Со-м царех а кхета. Шаьш кечвина спортхо дIавала цхьанна а луур дац. КIеззигчийн ка йаьлла дIабаха. ПIелгаш тIехь багарбаллал бу уьш", - дуьйцу къамелдечо.
"Санкцеша чIогIа ницкъбина спортхошна" аьлла, тIетуьйхира Кабалоевс. Амма коьрта бахьана, цунна хетарехь, - йоккха конкуренци хилар ду: "Нагахь санна, йоллу Оьрсийчоьнан вовшахтоьхна тобанаш дIа а хIиттийна, хьанна лаьа дIаваха хаьттича, суна хетарехь, 99 процентана луур дара".
Беккъа цхьа патриоташ
И нах йамартхой бац, арахьарчу политикан майданахь Оьрсийчоьно лелориг бахьана долуш, уьш – юхатоьхна нах бу
Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа Къилбаседа ХIирийчоьнан маьршачу кепехь латаран вовшахтоьхначу тобанан коьртачу тренеро Гозюмов Хетага дIахьедира, спортан мехкалла хийца дагахь бац махкара латархой, Оьрсийчоьнан вовшахтоьхна тобанаш дуьненаюкъарчу къийсамашкара дIайаьхнашехь аьлла.
"Беккъа цхьа патриоташ бу тхан командехь. Леррина операци йолайалале мехкалла хийцинчара, спортан бахьанашца хийцина. Оьрсийчоьнан вовшахтоьхначу тобанна юкъахь хилларш, тхан лидерш, кхин дIа а Оьрсийчоьнан цIарах хила дагахь бу", - Гозюмовн дешнаш далийна регионалан Ossetia News медиас.
ХIетте а, санкцешна бухьахь нисйелла тоба юкъахь йац дуьненаюкъарчу цхьана а къийсамашкахь – спортсменаш кхечу пачхьалкхийн байракхаш буха бовларх хууш дац Кавказ.Реалии сайтана. Редакцин хеттарш жоьпаш доцуш дитира Оьрсийчоьнан спортан латарийн Федерацино. Билгалдоккху, стохка аьхка Федерацин президенто Мамиашвили Михаила массарна а хезаш бакъ бира Украинехь болийна тIом.
Къилбаседа Кавказера, иштта спортан тематикех а йазйечу, политикан журналистана Тотров Русланна хетарехь, спортан мехкалла хийцарехь "цхьана а кепара криминал йац", амма бакъду, тIом болабеллачул тIаьхьа и гIулч йаьккхинчарна шога критика йо.
"Шен пачхьалкхо дIатоьттуьйтучу спортхочун шен индивидуалан харжам бу иза. Спортехь баккхий кхиамаш баха лууш, доллу шайн дахар цунна хьажийна цара. И адамаш йамартхой бац, арахьарчу политикан майданахь Оьрсийчоьно лелориг бахьана долуш, уьш – юхатоьхна нах бу", -чIагIдо Тотровс.
***
Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине гIоьртина диъ де даьллачул тIаьхьа Дуьненаюкъарчу олимпикан комитетео кхайкхамбира йоллу спортан юкъараллашка, Оьрсийчуьра а, Беларусера а спортхой юкъа ма бита барамашка аьлла. Ца хуьлчу далахь МОК-а магийра спортхошна нейтралан статусехь дакъалаца