Санкцеша лаьцначу Кадыровн накъосташна Нохчийчоьнан турпалхойн мидалш йелла

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, пачхьалкхан думин Нохчийчуьра депутат Делимханов Адам а. Кадыровн официалерчу телеграм-каналера видеон скриншот

Кадыров Рамзанан уллорчу белхан накъосташна Нохчийчоьнан турпалхой цIераш йелла - цу могIарехь нисбелла тайп-тайпачу пачхьалкхийн санкцеша лаьцна болу хьаькамаш, ницкъахой а.

Республикан турпалхой бу боху: пачхьалкхан думе Нохчийчуьра хьажийна депутат Делимханов Адам, цуьнан ваша, республикин мехкадаьттин, газан объекташ ларйечу МВД-н полкан куьйгалхо Делимханов Шарип. Уьш Украинерчу тIамехь дакъа лацарна Евробертан санкцийн тептарехь бу. Цул совнаха, оппозицихо политикахо Немцов Борис, думин хилла депутат Ямадаев Руслан а, цуьнан ваша а верна, иштта оппозицерчу каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман лачкъорна бехке лоруш ву Делимханов Адам.

Делимхановца цхьана мидалш схьаийцира: Немцов Борис верехь бехке лоручу Геремеев Руслана, Кадыровн "киллер" аьлла цIе йаханчу Росгвардин полкан буьйранчин гIоьнчас Рашаев Султана, ОМОН-н сихачу тобанан буьйранчас Бисаев Анзора – иза Украинерчу Киеван кIоштехь цигара кхиазхой хьийзорна бехке лоруш ву; къайлах набахти лелош йолчу, транспортан ОМОН-н куьйгалхочо Хизриев Адама; Американ финансийн министраллин санкцеша лаьцна волу Курчалойн кIоштан РОВД-н куьйгалхочо Агуев Рустама; Нохчийчоьнан МВД-н куьйгалхочо Алханов Руслана; Кадыровн цIарах йолчу 96 -чу полкан буьйранчаса Тушаев Мохьмада; Соьлжа-ГIалин ППС-н полицин буьйранчаса Ахматов Мусас; "Ахмат" СОБР-н буьйранчин гIоьнчас Лорсанкаев Сайдис; Украине чугIортаран декъахоша Ибриев Тимура, Мусаев Iелас.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, и цIе царна "Даймехкан дуьхьа къахьегарна" йелла йу.

Турпалхочун мидал 2022-чу шеран гIадужу-баттахь йукъайаьккхина йу. Дуьххьара иза йелла кху шеран чиллин-баттахь - Кадыровна шенна.

  • Цул совнаха, "Майра хиларна" мидал йелира Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчана, Делимханов Адаман шичина, Геремеев Русланан девешина Геремеев Вахина. ДоттагIаллин орден Кадыров Рамзанан йишин кIантана, Нохчийчоьнан вице-премьерна Закриев Якъубна ( ИбрахIимна) кхечира. "Даймехкан дуьхьа къахьегарна" (шолгIа тIегIа) мидал йелира кегийрхойн гIуллакхийн министраллин куьйгалхочунна Ибрагимов Iийсана. Хьалхо нохчийн мехкаршна социалан машанашкахь эфираш йарна кхерамаш тийссина ву иза.
  • Зазадоккху-баттахь Гуьмсан кIоштарчу Нойбоьрехь керла маьждиг дийр ду, иза ДелимхановгIеран ненан Делимханова Мареман цIарх хир ду аьлла, дIахьедира Кадыровс.
  • 2022-чу шеран охан-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Оьрсийчоьнан турпалхо цIе йелира Делимханов Адамна. И даран бахьана дара "лерина операци дIахьош майралла, доьналла гайтар"( Украинехь болчу тIамах иштта олу оьрсийн Iедалхоша). Мангал-баттахь Делимханов пачхьалкхан думерчу кхерамзаллин, курхаллина дуьхьало латторан комитетан куьйгалхочун хьалхара гIоьнча хоьттира.
  • Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIаршна, 17 шо долчу Ахьматна, 15 шо долчу Адамна, "Терроризмаца къийсарехь кхиамаш барна" цIе йолу некхехь лелон билгалонаш йелира. И цIерш царна хIунда йелла хууш дац.