"Серий цIаза пIелгаш тIе тесира": таIзарех веддачу нохчочо - гейш хьийзорах, дIаваларна болчу кхерамах

Мукаев Салман , стигалкъекъа=беттан 25-гIа, Ереван (Эрмалойчоь )

Боцчу бехкана, йоцу цIе тиллина, даймахкахь гIело йина нохчочунна Мукаев Салманна. Оьрсийчу дIаваларан кхерам болуш, Эрмалойчохь ву иза хIинца. Соьлжа-гIалахь ницкъахоша тоькаца таIзарш дина цунна. Видеокамера латийна, божаршца уьйр йолуш хиларна харц даредайтина цуьнга, мехах лаьцначу хIусаме ЛГБТ-нах кхийла безар бу ахьа баьхна. Цара лачкъийна дIавигначул тIаьхьа, боьхна Мукаевн доьзал: итт шарахь цуьнца Iийна хIусамнана шен цIерачара дIайигна.

Республикехь цунна дуьхьала долийна гIуллакх ду, иза федералан лехамашка велла ву. Бехк низамза хIусамехь герз латтор артикалца беш бу - бакъонашларйархоша Мукаевна Iедал тIаьхьадалар низамца ца догIу боху. Ереванерчу кхело стигалкъекъа-беттан 25 -хь хенаца дIатеттира цуьнан экстрадицех долчу гIуллакхе ладогIар. Оьрсийчоьно Эрмалойчоьне иза схьало аьлла, дIахьедина. Амма ша Мукаев а, цуьнан адвокат а тешна бу - даймахкахь цунна веран кхерам хиларах.

Кавказ.Реалии сайтаца динчу къамелехь Мукаев Салмана дийцира, Соьлжа-гIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь шеца хиллачух, цул тIаьхьа ша Оьрсичуьра дIавахарх, шена йан тарлочу депортацино хIотточу кхерамах.

– Салман, Эрмалойчохь хьан экстрадици хьокъехь хинйолчу кхелахь хIун хета хьуна?

– Кхело нийса сацам бина, со тIелоцур ву аьлла сатийсам бу сан. Суна ца лаьа кхечу пачхьалкхе дIаваха, Оьрсийчу йуха ца воьрзуш, кхузахь виса лууш ву со.

– Даймахкахь хьайна кхерам бу аьлла хеташ вуй хьо?

- БIе процент цунах тешна ву-кх со. Со дIахецале хьалха кхеттош элира цара, нагахь ахьа хIара хилларш цхьаьнга дуьций, оха вуьйр ву хьо. Со санна цара хьийзориш Нохчийчохь кIезга бац, со хьалхарниг а, тIаьххьарниг вац. Нохчийчохь цара хIоттина цхьа низам ду: (ницкъахойн структурера белхалоша - Ред.билгалдаккхар.) йа шаьш воь хьо, йа ден агIорчу гергарчаьрга вен веза олий, дIало. Уьш декхарийлахь хуьлу со вен.

– Хьан цIеранаш муьлхачу хьолехь бу, цаьрца уьйр латтайой ахьа?

– Со Оьрсийчохь воцу кхо шо сов хан йу. ЦIера дIаваханчул тIаьхьа синошна тIеIаткъам беш, хьийзина сан цIеранаш. Масех баттахь гIело йина царна. ХIинца со сайн нахаца зIенехь вац.

– ДIалоцучу муьрехь зуда йалийна ма вара хьо. Хьан хIусамненах хIун хилира?

– Оьрсийчуьра аравала дезна со дIавахара, иза цуьнан цIерачара дIайигира. Тхойша цхьаьна долу итт шо а дара. Иза церан сацам бара. Тхо цул тIаьхьа вовшашка дистхилла а дац.

– 2020-чу шарахь Нохчийчохь дIалаьцначуьра цхьа кIира даьлча бен хьо цIа ца веара. Цу йукъанна хьуна хилларг хIун дара?

– Йеарин дийнахь сарахь дIалецира со. Уьш хьаьккхина тхан цIабаьхкира. Нене со цхьана йоццачу ханна, масех сохьтана дIавуьгуш ву а аьлла. Аса цхьана номерашца цхьа харцо лелийна элира. Со кхеттане ца кхийтира, цара дуьйцучух, амма цара и къастош шаьш сихо йийр йу аьлла, дош делира.

Тхо Соьлжа-гIаларчу Ленинскан кIоштан РОВД дIакхечира, йоьалгIачу гIат тIе хьаладевлира. Цигарчу кабинет чохь бархI-итт стаг вара - чоь йуьззина адамаш. Цхьамма суна гергарлонийн сайтера скриншот гайтира, цигахь къамелийн йозанаш дара, гуш сан телефонан номер йара, "Одноклассники" сайтера сурт дара. Цо соьга хаьттира: "ХIара хьо вуй?". Аса даредира. Къамелан текст йеша ца кхиира со, сурт-м девзира суна. Цул тIаьхьа уьш массо стелахаьштигаш санна суна тIелетира. ЦIаьнкъа охьавожийна, цара суна йиттира. Йуха цара сан коьртах пакет йоьллира, сан садукълуш дара. ТIаккха сан цIаза пIелгаш тIе серий тесна, ток йеттийтира.

КХИН А ХЬАЖА: "Со гей ву, бохура, шайна болх байта гIертара". Полицехь ечу гIелонах веддачу нохчочун дийцар

Зудчуьнца дина къамелаш дара уьш, стаг вацара иза. Аса наггахь сагатлуш зударшца сайташкахь къамелаш дора. Цара суна гайтинчу чатехь - аса зудчуьнга гомосексуализм йийцина бахара цара. Йуха со а гей ву аьлла бехкевира. Цхьана нахах дерг схьадийца, со цаьрца зIенехь хIунда хилла, церан адресаш схьало бохуш, таIзарш дира суна. Хьалхарчу дийнахь шина сохьтехь сов гIело йира цара. Сан шайга дийца хIумма доцийла хиъча, сан телефон кегон буьйлабелира. Цу чохь сан доттагIчун номер карийна, иза Iаш волчуьра адрес схьадийца аьлла, тIебирзира. Цуьнан цIа а бахана - схьавалийра иза а цигга, РОВД.

Иза цхьалхачу кабинетчу вигира. Цунна а таIзарш дира. Дукха ца баьхкира цунна гIело йеш. Йуха со волчу схьа а валийна, камера хьалалатийна, тхойшинга камерана хьалхха тхан боцу бехк тIеэцийтира. Тхойша цхьаьна эвхьазчу уьйрашкахь лаьттина бохуш. Иштта, тхаьшна гIело йича, оха тхайна тIехь доцучунна даредира.

Иза буса дара. Шаьш видео йаьккхина девлча, цара со кхечу гIишлочу дIавигина, чувоьллира. Сан доттагIа полицин декъехь чохь витира. ШолгIачу дийнахь иза а со волчу схьавалийра. И кIирандийнахь дIахийцира, со витира - оршот дийнахь дуьйна талламхо волче вуьгуш, циггахь РОВД чохь, амма шолгIачу гIат тIехь. Нагахь ахьа шаьш деллачу кехаташна куьг ца йаздахь, хьо цкъа а аравер вац элира

– Уьш хIун кехаташ дара?

– Уьш дер дара, со волчохь тIеман гIирс карийна, цундела со сацийна латтош ву аьлла, кечдина кехаташ. Суна хьалхха пакет чуьра мекхано диина автоматан дакъа хьаладаьккхира цара. Аса цунах куьг ца тоьхнера, цунна тIехь ур-атталла сан пIелгIийн таммагIнаш дацара. "ХIара хьуна карийнера. Хьо урамехула хIара карахь йолуш схьавогIуш, оха схьалаьцна, тIаккха хьоьгахь автоматан дакъа хилар тхуна гучудаьлла". ГIурт бара цара буьйцург, амма аса цара схьаделлачу кехатна тIехь куьг йаздира.

Кхаарин дийнахь со йуха а цу дехьарчу вигира - ден агIора гергара нах балийнера. Цаьрга цхьаъ элира, амма суна ца хиира хIун аьлла. Уьш тхьусбоьлла, лаьтташ бара. Йуха дIабахара, кхин суна гина вац царех цхьа а.

Гергарлонаш дIа а тосуш, видеокамерашца кечйинчу мехах лаьцначу хIусаме божарий кхийла безарa

Йеарин дийнахь со йуха а РОВД гIишлон йоьалгIачу гIат тIе ваьккхира. Хьалха суна таIзарш динччу. Цу чохь ша ФСБ урхаллин белхало ву аьлла, цхьа стаг вистхилира соьга. Со шайца болх бан реза ву аьлла куьг цо а йаздайтира соьга.

Болх иштта бан безаш бара: гергарлонаш дIа а тосуш, видеокамерашца кечйинчу мехах лаьцначу хIусаме божарий кхийла безара. Аса йуха а резахуьлуш, куьг йаздира. Сарахьо со цIавигира. Телефон схьа ца йелира. Цхьана кIиранчохь хьан чевнаш йерза кхуьур йу, тIаккха дIалур йу - цул тIаьхьа цхьаьна болх бийр бу вай аьлла. Цу сарахь со Нохчийчуьра дIавахара, йуха Оьрсийчуьра а.

Со цигахь нийсса цхьана кIирнахь латтийра. Цу йукъанна аса йалханна йа кхин дукхачу кехаташна куьг йаздира. Уьш цIена дара, цхьа а йоза доцуш. Амма царна тIехь йоза хиллехьара а, соьга уьш доьшуьйтур дацара. Дешийта аьлла вистхиллехьара, йеттар йара. Суна хIинца а ца хаьа, айса стенна куьг йаздина.

– Хьайх и гIуллакх Iоттадалале хьалха, хьуна хаьарий, бехк боцуш хьо дIалаца тарлой?

– Хаьара дера, мел чIогIа цара лечкъадахь а, хаамаш нахала ма бовлу. Амма ца хаьара суна хIумма а, адамаш дайъарах, дуккхачарна иштта тIаьхьабевлла хиларах. Оьрсийчуьра араваьлча, дерриге хаа волавелира со. Масала, цара дийна 27 адам (дуьйцуш дерш "Новая газето" бахарехь, Нохчийчохь къайлах дайъина адамаш ду. 2017-чу шеран дечкен-баттахь Соьлжа-гIалахь, Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан гIишлонан лармичохь. - билг. ред). Адамаш дIалуьйцу олуш хезнера суна, амма уьш дайъарах дерг хууш дацара. Ца моьттура, и тIаьхьабовларш цу кепара онда хIума дуйла. Сайх хьакхадаллалц, ца хиира.

– ХIинца, хьайна дерриге муха хуьлу хиинчул тIаьхьа, Нохчийчуьра хьолан мах муха хадабо ахьа?

– Хьал вуно чолхе ду. Тайп-тайпанчу бахьанашца хьийзабо нах - шатайпалла хилла ца Iаш, кхиндерш а ду цара йуьхьаралаьцна, машанашкахь йитина оьгIазе комментарий а цхьаьна. Амма уггаре дукха божаршца уьйраш хилла бохуш, дIалуьйцу. Хьалха а хууш дара суна, тIера духар бахьанехь а нах дIабуьгийла. ХIинцалера хьал кхин а тиша ду.

– Хьо дIаваханчул тIаьхьа хIумма хийцаделлий?

– Со хьожуш ву, хаамаш боьшу аса, гуш ду, хьал эшна догIуш хилар.

***

Дечкен-баттахь Кавказ.Реалии сайто зорбанейаьккхира социал-машанашкахь комментарий йитарна Нохчийчохь таIзарех чекхваьккхинчу стеган интервью. Шаьш пачхьалкхера арабевлча а, дукхахболчу волайнхоша ца дуьйцу шайна динчу таIзарех, цIераш цайаха дош делча а, шайн а, шайн гергарчийн а кхерамзаллин дуьхьа, боху бакъонашларйархойн "Вайфонд" цхьаьнакхетараллехь.

  • Нохчийчуьра Курчалой кIоштан вахархо иттех дийнахь меттигерчу полицин декъехь таIзараш деш, сийсазвеш, латтийра: кадыровхошна хьалха цуьнан бехк бара мемаш а, цавашарца интернететхь йина комментареш а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхалоша лаьцна, шен ден, ненан хIусамера дIавигира 21 шо долу Асланбек (къамелахочун лаамца хиийцина йу цIе. - билг. ред), церан кIантах пIелг тухур бац аьлла, дош делла. Йуха йеттаран билгалонашца, церг йаьккхина, некхан агIо лазорна, садеIар ледара долуш, цIерачарна дIавелира.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо республикехь къайлах набахтеш йац аьлла, чIагIо йина. Цу декъехь цо дийцинарг шен цIахь низамза дIалийцинарш латтон лармеш цахилар дара. Амма "Новая газетас " а, "Комитет за гражданские права" бакъонашларйархойн цхьаьнакхетаралло массийтуза дIахьедина, Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь ницкъахоша лечкъийна республикера бахархой латтош хиларах. Iедална оппозицерчу блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира цу набахтех дерг. Цо ша цигахь латтийна ву, шена таIзараш деш Кадыровс дакъалоцура а элира.