Ша бехке хилар тIе ца оьцу Росгвардина тIелатарна бехке вечу нохчочо

Бакаев Iела

Росгвардин белхахошна тIелатар дина аьлла Оьрсийчохь бехке вечу Нохчийчуьра схьаваьлла, карарчу хенахь Украинехь вехачу Бакаев Iедал шен ютьюб-канал а кхоьллина анонс йина ша цхьамогIа видеош кечйеш ву, ша бехке ца хилар гойтуш аьлла.

"Цул хьалха аудиокхайкхам а бина Тумсога [Аюдурахмановга] дIахьажийра ас доцца кхетош со декъа цахилар, структурашкара бехахошка сайца зIене бовлар доьхуш. Амма цхьа зIене ца велира, я вала дагахь а вац, соьга ладогIу лууш цхьа а вац. Гарехь, дерриг а хьалхха сацам бина чекхдаьккхина. Цундела видеокхайкхам бо ас, сайн сий а, сайн цIий а, сайн маршо а ларъян", - кхетийна Бакаевс ша канал кхоллар.

КХИН А ХЬАЖА: Интерполо лехамашкара дIаваьккхина Бакаев Iела

Бакаевна хетарехь, шена бехктакхаман гIуллакх а кхоьллина, Оьрсийчохь тIаьхьабевлла лелар доьзна ду иза къомах нохчо хиларна. Нагахь Оьрсийчохь нохчо цхьана хIуманна бехке винехь, бIаьрг тIехIоьттинехь, оцунах валалур вац, аьлла хета цунна.

Карарчу хенахь Бакаевн видеокхайкхаме хьаьжна 5 эзар гергга стаг.

  • 20I7-чу шарахь Нохчийчохь ялх вахархо тIелеттера Росгвардин тIеман дакъа дIатарделлачу кертана. ТIематасадалар хилар бахьана долугш вийра 6 эскархо, байъира шаьш тIелеттарш а.
  • Оьрсийчоьнан низамаш лардон органийн векалийн версица, оцу тIелатарехь дакъа долуш ву, иза хуьлуш Оьрсийчуьра арахьа хилла волу Бакаев Iела. Цул тIаьхаь аудиокхайкха а бина, Бакаевс политикн тховкIело йийхира Украинехь.
  • Украинин мигарцин сервис дуьхьал ю цуьнан дехар кхочуш дан. Бухе диллинарг ду Оьрсийчохь Бакаевна дуьхьал дехкина бехкаш. Цуьнца цхьана 20I9-чу шарахь шен базера дIаваьккхира Бакаев Интерполо.