Шайн белхан меттигаш мигранташа дIалоцу, аьлла, хета Нохчийчохь

Нохчийчоь -- Мигранташ бу республикера арабохуш. 2016 шо.

Оьрсийчоьнан миграцин урхалло тIедогIучу шарахь белхан мигрантийн терахь хадийна. Ша верриг 111 эзар ца кхоччуш стаг ву. Иза 12 эзар стаган кIезга ду, стохка хилчулла.

Your browser doesn’t support HTML5

Шайн белхан меттигаш мигранташа дIалоцу аьлла хета Нохчийчохь

И терахь декъна Оьрсийчоьнан регионашна юккъахь. Къилба Федералан гонехь болх бан бакъо ю 1150 стеган. Къилбаседа Кавказан мехкашна кхаьчна 6450 стаг. Царах, Нохчийчоьнна 1500-на бен бакъо яц болх бан чувита.

Кхечу мехкашна кхиъ кIезга кхаьчна и квота, цхьа Ставропол кIошт йоцург. Цига 2 эзар белхан мигрант чувало йиша ю церан. Луларчу Дагестанан, кху тIаьхьарчу шерашкахь, белхан мигрантийн базар хилла лаьттачун цхьа эзар бен стаг вац. ГIалгIайчоьнна, масала кхаьчна-400 кхечу пачхьалкхан белхало.ХIирийн мехкан-250 бен тIеэца магийна дац.

Хууш ду, и терахьаш официала бакъо йолчеран бен дац. ма дарра дийцича, уьш мосуьттуза лекха хуьлу. 1500 стаг нохчашка лалура бара, цара дIалоцурш а, дукхачу декъана Iаьржа белхаш болун дела. Амма бакъдолу терахь алсам хуьлу, аьлла хета юккъараллехь.

ДIа ког баккх-баьккхинчохь, тIебаьхкина белхалой бу, бохуш реза боцуш дуьйцу цара шайна цу хьокъехь хетарг. Соьлж-ГIалара вахархочо Муслимов Iусмана, иштта элира цуьнах.

Муслимов: «Чубаьхкинчара бухахь болчеран белхан меттигаш дIайогIу. Уьш оьшуш бац. Вайчарна хилийта еза и меттигаш. Со болх бечу меттигехь 3 таджик ву болх беш. Тахана нохчочунна, деш хIума а доцуш хIора баттахь 20 эзар алап лура дацара».

Нохчийн амалца, я къинхетаме дагца доьзна далахь а, шайна цхьа болх бан пхьар лоцуш, тIевеънарг хоржу, лулахь а, гергарчарах а и санна берш боллушехь. ТIебаьхкинчара дика болх бо олу. Муслимов Iусманна хетарехь, цара бо болх борах хуьлун дела, уьш лоцу вайчара.

Дикалла цхьаъ ю, ткъа, кхана-лама оцу бинчу белхан кхачамабацарш гучудаьлча-вуьш кара ца бо,ткъа нохчи тIе а валийна, юхабайта аьтто бу, аьлла кхин дIа а дийцира белхалочо Муслимов Iусмана.

Муслимов: «Кхузахь цкъа вьетнамхой бара, тIаккха китайхой бара. Цара лелош хилларг, вайна хууш ма ду. Уьш шайн болх а бой дIабоьлху, ткъа, болх бина нохчи вуьсу. ОЬшучу хенахь, тIа а валина, болх юхабайта йиша ю».

Белхан мигрантийн гIуллакх далле, бухахь болчу хьайн бахархойн хьашташка, царна шайн доьзалш кхаба аьтто бан беза, аьлла хета нахана. Нохчашна а атта дац, масала мехкан дозанелла араваьлча, балха хIотта а, ур-аттала, хан чохь Iан петар лаца а. Долахоша, юьхьдуьхьала олу славянаш бен чубуьтуш бац шаьш.

Цхьана юкъана Нохчийчохь, белхан мигрантех уггаре а дукха вьетнамхой бара. Дукхачу декъана цара беш, пенаш хьохура кирца. Цу тIехь, ала догIура говза а бара уьш. Мел-масс бара уьш, лоруш а дацара, амма Москохара автобусаш йоьттина схьабохура Соьлж-ГIала.

Цара бечу белхан мах а шозза борах бара. Цхьана дийнахь уьш, ша берриш махкахь бехира. Бахьан дара-эладитта. Цхьаммо видео гIараяьккхинера, цара мала а мелла нохчий вен а вийна, иза виъна бохуш.

Дуьйцург хилла, Дагестанера цхьа зулам. Меттигерачу цхьа маларчас, корт а телхина, шена накъост вийна, цуьнан межен тIера жижиг дакъа даар.