Къастийначу батальонийн буха тIехь йозуш йоцчу Ичкерин бакъйолу арми кхолла кечлуш бу нохчийн тIемалой Украинехь, Оьрсийчоьнан Iедалхойх республика йоьзна ца хилийтар къийса. Закаев Ахьмад коьртехь а волуш, Ичкерин арахьарчу Iедалан коьртачех бух бу - Къаьстина ша-тайпана декхарш кхочушден Нохчийчоьнан Ичкерия республикан тIеман ницкъийн батальон (ОБОН ВС ЧРИ). Украинан тIеман ницкъийн Арахьарчу легионна йукъахь йу иза.
Оцу батальоне кхача оьшу командиран а, йа кхечу тIемалойн иза магош хиларх дина тоьшалла, дукха хенахь дуьйна хIара а, цуьнан доьзал а, цуьнан тIамна пайден хилар а хууш болчийн. Цул совнах, украинхойн кхерамзаллин урхалло хIоранца а къамел до, харцо гучуйоккхучу детекторца зуьй. Муьлш бу уьш, хIунда бо цара Украинехьа тIемаш, муха го царна хиндерг, дуьйцу ОБОН-н тIемалоша.
ОБОН-н командиран гIовс, Янычар цIе лелориг, 46 шо
– Ас баркалла олу Украинана, тхуна майда йаларна, кхузахь цхьана хIумана Iемина ца Iаш, Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан а Iамадо оха. Украинхойн лаьтта тIехь оха дукха Оьрсийчоьнан салтий байаре терра, кIезиг оьхур бу уьш тхо долчу. Украинехь толам баьккхинчул тIаьхьа, Европехь мел болу нохчий схьагулбийр бу оха, тIаккха цIа гIур ду. Кхин дIа: йа паччахь лер, йа вир лер. Сан кхалхар Украинехь нислахь, суна и доккха ирс ду.
Эскарца а, герзаца а суо воьзна ас сайн 12 шо долуш дуьйна, Дудаевн заманахь. Сан да вара тIемало, цуьнан лорах вахна со а. Урокаш дIайевлча, тIемалошна тIе уьдура со. Суо нийсачу новкъахь вуй хаьара суна, сайн даймахкехьа, сайн динехьа, халкъехьа суо вуй а.
Сан кхалхар Украинехь нислахь, суна и доккха ирс ду
1996-чу шарахь бирзира хьалхара тIом, тхуна маршо йелира. Ичкерин армихь вара со, къоначу эскархочун курсах чекхвелира со кхиамца, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле балха а хIоьттира. ШолгIачу тIамехь тIемалойн могIаршкахь вара со.
1999-чу шарахь цхьахболу тIом боьдуш, куьг даьккхира сан. Со командир вара, лаьмнийн даккъаш Iалашдеш дара тхо, уллора беш тIом бара. Танканашна дуьхьал туху хIоъ кхийтира, гоьле кхаччалц куьг даьккхира сан. Цунах йисинарг чимчаргIица дIайихкира ас. Молха дацара тхоьгахь. ТIаьхьо дарбанан цIийнехь этIийра со, цул тIаьхьа йуха а тIаме хIоьттира со.
Сан доьзалера ах нах белла. Сан чуьра кхо ваша тIамтIехь вийра. ТIаьххьарниг, воьалгIа ваша, федералаша лачкъийра, Ханкалара тIеман базехь вийра иза цара. Соьга иштта схьа элира: "Ма леха хьайн ваша, оха иза жIарах дIатоьхна". Лаьтте кховдо ур-атталла цуьунан дакъа а схьа ца делира.
2004-чу шарахь федералийн каравахара со. ГIагI диллинчу техникаца цхьаьна лецира со. Басаев йа Масхадов лоцуш санна, салтий тIехецнера. Пачхьалкхана дуьхьал бунт гIаттийна аьлла, бехкевира со.
ТIаьхьа герзах а, салтех а хийцира со, вада дийзира сан тIаккха.
Соьга иштта схьа элира: "Ма леха хьайн ваша, оха иза жIарах дIатоьхна"
Диверсеш йар хилира тхан тIамах. ПВО йацара тхан, тохарш дарх хаамаш бен гIирс а бацара, танканашна дуьхьал тухучу герзе оха са а ца туьйсура. Йокка калибр йолу пулеметаш йохийначу техника тIера схьаоьцура оха, уьш беракеманашна йетта йуха йора. Тыл йацара тхан, тхан нахана бовда меттиг а йацара. Лоьраш бацара. Адамаш гIо дора, шайн ма-хуьллу.
2000-чу шерашкахь Iедалхоша амнисти кхайкхийра тIемалошна, амма шайн ма-хуьллу шайна дуьхьалойийраш, хIаллакбора. Нохчийчохь сацавелира со 2011-чу шаре кхаччалц. Со лоцура федералаша, суна тIехь гIело латтайора, тIаккха – кадыровхоша а. Дийна а виссина, бекхам бан дегайовхо йара сан. Цхьана мIаьргонехь со кхийтира, сайн дIаваха дезарх.
Туркойчу дехьавелира со, шо даьлча шайн мехкан паспорт а делира цара суна. ХIордайистехь вехара со, маьлхан батарейш йечу компанихь болх беш вара, белхан гIуллакхца Европе воьдура со.
Шуьйрачу тIамца Оьрсийчоь Украине чугIоьртича, ас сацамбира украинхойн къомах дIакхета: мостагI тхан цхьаъ вара. ТIаьхьо Польшера Закаевн векалалле вистхилира со, 2023-чу шеран мангал-баттахь кхуза кхечира. Киевехь суна вевзира Зумсо Хьаьжа-Мурд, тхайн батальонан командир. Цунна моьттуш хиллера со дийна вац, суна моьттура, иза вийна.
Цкъацкъа шеконаш хуьлу сан: иштта тIом беш ду-те тхо? Вайн цIахь хиллачу тIаме хьаьжча, хIара чIогIа бан бIегIийла йолуш тIом бу
Кхаа баттахь Дружковкехь вара со, талла а лелара. Со ширачу гварди йукъара ву, тIеман хьал- суна цхьа хила деза дахар санна хIума ду. Кхо бутт баьлча Днепропетровскан кIоштара базе дехьадехира тхо. ТIамтIехь ротаци а йу, хIинца тхо садоIаш ду, дика йуург а латтайо тхуна, тIедухург а, алапа а хIоттийна, деза тхо, лору тхо, волонтераша а гIо латтадо.
ТIом бирзинчул тIаьхьа хIун хир ду Украинехь? Оьрсийчоь йоккха йу, доллу доза схьадаккха аьтто хир бац. Могушалла а, лаам а болчу тхан йиш хир йу цIа даха. Кадыровн дуьхьа шайн синош охьадахка резаберш кIезиг хир бу, бисинарш дIасабовдур бу. ХIинца кхечу пачхьалкхаша тхуна гIо дийр ду аьлла хета суна, хьалхачул а алсам.
Адам, батальонан капеллан, 42 шо
– ЦIера Соьлжа-ГIалара ву со. Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь гIаьттина соьгахь Оьрсийчоьнехьа цабезам. ХIетахь тхан, берийн, ненаца цхьаьна ларми чохь хан йаккха дийзира, халонаш Iуьйшуш. Йуург йацара кхачам боллуш, йа хи а. Сайн 14 шо долчу хенахь дуьйна вара со тIамтIе ваха лууш, амма нанас сецавора со. Сол а ши шо воккхаха волу ваша саца ца велира цуьнга, иза тIамтIе вахара.
Тхан тIемалой, оха иштта олура царах, йарташка богIура, оха уьш даккхийдерца тIеоьцура. Царна йуург лора, шура а, жижиг а ца кхоодора царна.
ШолгIа тIом тIеийцира ас Зумсо Хьаьжа-Мурдаца. Теркйистан кIоштара даккъаш лардеш дара тхо. Цул тIаьхьа – Соьлжа-ГIала, Сиржа-Эвла, Дубин-Йурт. 2000-чу шеран чиллан-баттахь ас дакъалецира ирча тIаьхье хиллачу Псковера десантхошца бинчу тIамехь. ЛартIахь барзакъ дацара тхан, дIадуьйша меттигаш а йацара, шийла йара, ша а хьаьхна. Нагахь санна, говрана хIоъ-молха кхетахь, оцу минотехь урс хьокхура оха цунна, буьйда доллушехь дуура цуьнан жижиг.
Сан гергара Iадлан цIе йолу кIант вара цигахь, 16 шо долу кхиазхо. Цхьана дийнахь кегийнаш гулбеллера дIайовчу цIарна гонах бохбала. Шийла хиларна цхьанна а наб ца кхетара, массо а хIоьттина, гIора дайна вара. Шен когаш овкъаршна йукъа боьхкича, йовхо хаайелла, наб озийна хиллера цунна. ТIаьхьо маьхьарца самавелира: сийсаш догучу ханнаша чкъор дагийнера цуьнан. Ирча лазарш дара цуьнца. ДIабихкира цуьнан когаш, цул тIаьхьа Дусхот олучу, дIатесначу эвла вигира. Цигахь гIаттамхойн тоба йара, оха цаьрца бартбира, тхешан чевнаш йина 60 стаг цигахь вуьтар ву ву аьлла, ткъа цара оьрсашка дIабеллера уьш. Баьхкинчу цара автобуса тарлург дIавигинера, бисинчарна тоьпаш тоьхнера. Iадлан а вара тоьпаш тоьхначарлахь.
Европехь воьллера со аьхначу дахарх, амма сан дагчохь бара даймахке безам
2005-гIа шо текхаччалц Нохчийчохь Iийра со. Цхьаммо дIабийцина хиллера тхо долу меттиг: лаьмнашкара охьадиссинера тхо, садIа а, жимма гIора даийта а, йуур-мерг лаха а. Тхуна го бира, болийра тIом. Гонера волучу хенахь со лазийра. Ахча а делла, ГIалгIайчу дIавигира со, цул тIаьхьа Азербайджанехула Туркйочу. Эххар а Швеци кхечира со. Цигахь бу сан доьзал хIинца. Плитка йуьллуш, цхьацца белхаш беш вара со. Ваннаш йора ас, гIишлошйаран белхаш дора, виллаш кечйора. 2010-чу шарахь Интерполехула лаца кхайкхийра со.
Европехь воьллера со аьхначу дахарх, амма сан дагчохь бара даймахке, сан халкъе безам. Дуккхаъ нохчий бу аьлла хета суна иштта бехаш. 2023-чу шеран мангал-баттахь Украине кхечира со, сайн накъостех дIа а кхийтира. Хьаьжа-Мурда хаьттира, Бахмут йолчу агIор ван кийча вуй хьо аьлла. Со кийча вара.
Дукха хьолахь суьйранна новкъадовлу тхо, гIагI диллинчу машенаш тIехь позицешка дIадуьгу тхо, Оьрсийчоьнан эскархоша шаьш схьайаккха хьийзачу коьллашна герзаш деттачу меттиге. Цигахь меттигаш толлий, цул тIаьхьа артиллерица болх бо.
Штурм йечу цхьана тобане кхаьчнера со, оцу сохьта буса вовшахтасадалар хиллера тхан. Цхьа аьтто болуш хIума дара и: таьIна хенан хIоттам, дронаш кIезиг йу, латрIахь царна гуш са а дац. Тепловизршца доьлхура тхо, тхайга схьайелла меттиг схьа а йаьккхина, украинхойн агIоне дIайелира оха.
"Нохийчохь тIом бина дикка зеделларг долуш ду тхо, оьрсийн тактика дика йевза тхуна"
Оьрсийчоьнан агIор эшамаш дикка алсамох бу, цара ца кхоабо шайна хьалхара бала арабаьхнарш, церан нах Iамийна бац, мобилизаци йинарш муххале а. Нохийчохь тIом бина дикка зеделларг долуш ду тхо, оьрсийн тактика а, церан тIеман башхалла а, специфика а дика йевза тхуна.
Ша оьрсин салти цкъа а хийцалур волуш вац. Церан технологеш бен йац хийцалуш. Шайна хьалхара бала цара арабаьхначийн доьналла ца хуьлу. Уьш болчу окопаш чу хьо эккхахь, автомат караэца а де ца хьулу церан.
Украинхойн агIоно тхо чIогIа лардо, кхерам хилча, даим а хоуьйту, ларлуш хила шайн ма-хуьллу олу. Йийсаре нах ма эца олу, церан четахь граната хила тарло. Украинхойн кхечу тобанашца тхо нислахь, нохчий гуш, шайн дог ира-карахIутту олу цара.
Динан Iилма долуш ву со, сайн накъосташна дуьйцу аса исламах лаьцна церан хеттаршна жоьпаш луш. Уггар хьалха, украинхойн низамаш ларде олу ас цаьрга.
Нохчийн гIиллакхашца товш дац баккхийчаьрца ларам боцуш хилар. Оьрсийчоьно шен Iедал дIахIоттийча бен магийна хIума дац иза
Кадыровхой кхаа декъе боькъу. Хьалхара – мобилизаци йина кIентий, шолгIа – элита, царах кхуллуш йу заградотрядаш, кхоалгIа – гIуда тоьхна нах, цIахь кадыровхошна ца тайна нах. Царлахь нисло, нохчий тIаме хьийсорна реза боцу имамаш а цхьаьна. Цхьахволчу имамана, Куроев Валидана, цаьргахьа ваьллачу Джамбетов Хьусайна мотт тоьхнера. Телефонехула къамел дечу хенахь Куроевс ларамза дешнаш аьлла хиллера Кадыровна реза воцуш. Хьалхарчу могIаршкахь тIом бан хьажийна иза, хIинца кадыровхой ира-кархIиттош, видеош дIайазйо цо.
Iедале безам хиларна, гоьваьлла хила лууш хиларна а йамарт ваьлла Джамбетов, аьлла хета суна. Лаккхара дарж дезаш хуьлура иза даим а, ткъа Оьрсийчоьнан Iедалхоша полковникан седа белла цунна, воккхавийна а ца волу цунах. Нохчийчохь Закаевн гергара нах болчу ваханера иза, церан йуьхьйохуш, уьш сийсазбеш лелла иза. Кадыровхойн байракх йелла цаьрга, шайн цIахь дIатоха аьлла. Оьрсийчоьно шайн нах дIахIиттийначул тIаьхьа бен лелийна хIума дац иза.
Оха кхузахь толам баккхахь, Оьрсийчоь йухар йу. ХIокху тIамехь кадыровхой эша йазбелла бу. 90-чу шерашкара схьа дуьйна Кадыровца болу, цуьнан лай, реза бац, цо шен бераш хьалхатеттарна. Цуьнан мерIуьргашна мидалш охка декхаре бу уьш.
Алихан, 41 шо
– Со цIера Соьлжа-ГIалара ву, "Березка" олучу кIоштара, Старопромыслан урамера. Цигарчу цхьанна сох лаьцна хазахь, хаийла шуна, со Украинехь тIом беш ву. Со даймахкахь хиланза 19 шо ду. Дукхахболу сан герагара нах белла. ТIамах бедда сан доьзал Буьри-ГIала дIабахара, цул тIаьхьа – Астана.
Са гатдо аса, тIом боьдучу шерашкара заманна, суна уллохь тешаме, цIена адамаш дара
ШолгIа тIом боьдуш, оьрсаша шина декъе доькъура тхо: кадыровхой а, ичкерихой а. Ичкерин маршонан хIаваъ чу мел оьзнарг, цара вуьйш вара. Со тIамехь хилла ву, амма суна уллора дуккха а нах байинчул тIаьхьа, дог делира сан. Са гатдо аса, тIом боьдучу шерашкара заманна, суна уллохь тешаме, цIена адамаш дара, со цкъа а Iехор воцу, со вухкар воцу.
2002-гIа шо тIедаллалц Нохчийчохь вара со. Кадыровхоша лецира со, сан кагйан йиш йоллу йерриг а кагйира цара. Iазапаш хьегийтинчул тIаьхьа дIахийцира со, со стенга воду а, хьаннна тIе воду а хьажархьама. Кхин а нах леца хьийзара уьш. Бевза-безачу наха гIо дира суна Астрахане дIавоьдуш. Цигахь лоьхуш вацара со. Цул тIаьхьа кадыровхой баьхкинера тхан гергарчу нахана тIе, сийсазбина хиллера уьш. Йиша лецира, со цIа ваийта.
Оцу заманчохь масех Европан пачхьалкхах чекхваьллера со. Цхьа а сайна вевза стаг ца кхийтира сох Европехь. ТIаьххьара со кхаьчна меттиг Польша йара, цигахь ворхI шо даьккхира ас. Юридикан говзалла кара а йерзийра. Оцу хенахь дамйахкара арабевлла нохчий цхьаъ цхьаннах кхоьруш хуьлура. ТIаьхьо сайн бIанакъостий карийра суна.
Суна хиира, ЧIебарлойн Муслим (Шейх Мансуран цIарах батальонан командир) Украинехь вуйла. Цхьахйолчу интервьюхь цо элира, Украинера нохчашна депортаци йан там бу, кхуза схьа ма гIерта аьлла. Амма 2022-чу шарахь, кхузахь тIемаш бечу тхан лидерша кхайкхамбира тхоьга. Ичкери дIалаьцна мохк бу аьлла къобалдина Украино. Оццу секундехь дерриг а охьатесна, со кхуза схьавеара.
"Харцонан детектор" тIехь со зуьйчу хенахь, соьга хаьттира, зуда хьийзалур йарий хьоьга аьлла. Сан сих хьакхаделира и – оцу тайпаниг муха хоьттур дара?
Стохка шо йуккъе даьлча дуьйна ву со кхузахь. Харцонан детектор тIехь теллира со, кхуза кхаьчначул тIаьхьа. Соьга хаьттира, зуда хьийзалур йарий хьоьга аьлла. Сан сих хьакхаделира и – оцу тайпаниг муха хоьттур дара?
МогIарера салти санна йукъавахара со ОБОН-нна. Херсонехь а, Бахмутехь а хилла со, хIинца йуха а Херсонан кIоштахь ву.
Украинехь ду сан цIа. Со цхьанхьа а дIагIур вац. Сайн нана карийна суна, сайн стунненан коьртехь. Цо а, сан хIусамнанас а дин тIеэцна, тхан чIагIбелла доьзал бу.
Шайн сица нохчех тера бу украинхой: дог цIеналла а, маршо йезар а.
Зубейр, 49 шо, Гуьржийчоьнан ПIаьнказара нохчо
– Со корматалла а йолуш, тIемало ву. Нохчийчохь хаьлхарчу тIамехь хилла со, цул тIаьхьа Ичкери йукъахь а всисина, ницкъаллин структурашкахь белхаш бина а ву. ТIом боцчу заманчохь, гIишлош йечохь болх бора ас.
2008-чу шарахь Гуьржийчоь Iалашйеш вара со. ХIетахь контрактаца гуьржийн эскарехь гIуллакх деш вара со. Ледара бара гуьржийн тIеман гIирс: пхи де даьлча тIом бирзира. Нагахь санна, тIелатар хилахь а, Гуьржийчоьнан реакци муха хир йо хьожуш, хIиттийна Iамораш долуш санна хетара и. Гуьржийчуьра къам Украинехьа ду, ткъа Iедал – Оьрсийчоьно хIоттийна ду. Кхузахь а, Нохчийчохь а, Гуьржийчохь а мостагI цхьаъ ву.
Гуьржийчуьра къам Украинехьа ду, ткъа Iедал – Оьрсийчоьно хIоттийна ду
Оьрсийчоь Украинана тIелетта аьлла, сайна ма-хеззи, со кхуза схьавеара. ПаргIат Iалуш вацара со, маьрша нах, бераш леш сайна гуш. Сан доьзал боьллера, цхьанхьа тIом эккхахь, тIелеттачарна дуьхьал со тIом бан воьдуш хиларх.
ХIокху тIамехь суна уггар а халаниг ду, маьрша нах леш хилар. Шаьш украинхой – дика бераш ду, Iалашо йолуш халкъа ду хIара, царна дийца оьшуш дац, хIун ду, мила ду. Нохчийчохь хиллачу тIамехь санна, Iалашо йу – латтанаш а, халкъа а паргIатдаккхар.
Со кхосархо ву, талламе лела со тобанийн командир санна. Хьал а, мостагIан терахьалла а толлу, церан дIасалелар зуьй. Оьшуш хилахь – мостагIийн окопаш цIанйо. Иштта минаш дIа а йохуш, меттиг кхерамзе йо.
ТIом бахлуш бу, толам баккхар атта нислуш дац, амма со Делах тешна ву. Оьрсийчоь оьшур йу цигахь [Нохчийчохь] а, кхузахь а. ТIаккха цо Нохчийчоь ша схьалур йу. Тхо паргIатдевр ду.
- ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Европера диаспорашкахь оцу йуккъехула лакхайаьлла политикан жигаралла.
- Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан кIанта а, цхьа могIа блогерша а дIахьедира, Кадыров Рамзанна джихIад кхайкхош, Нохчийчохь гIаттамхойн тоба кхолларх. Билггал тIечIагIбазчу хаамашца, и тоба цхьанакхета йезаш йу Украинехь тIеман зеделларг долчу нохчийн батальонаца, цхьа зама йеача, республикана деоккупаци а йеш.
- Кадыровс кхаъ лур бу ша элира, нохчийн батальонаш йолчу меттигах лаьцна шена хаийтинчунна. Иза масийттаза вистхилира церан командирашна а, тIемалошна а дуьхьал, ткъа 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Кадыровна уллорчо шайгахьа ваьккхира ОБОН-н информацин-аналитикан куьйгалхо хилла Джамбетов Хьусейн. Нохчийчу йухавахначу Джамбетовс дуй биира Кадыровна тешаме хила, цул тIаьхьа дукхазза гайтира иза пропагандистийн роликашкахь. Европехь бехачу нохчаша бахарехь, Джамбетовс дIайийцина Украинерчу батальонашкахь болчу нохчийн цIераш, цул тIаьхьа леца болийра нохчийн ницкъахоша Нохчийчуьра церан гаргарнаш.