Шайнаш дIа ца буьгу: Украинера кадыровхочун чалх бахьанехь декъий хийцарх хаттар айдина  

Аьчкан "Азовсталь" комбинатан администрацин гIишлонна хьалха кадыровхой, Мариуполь, Украина, 2022-чу шеран охан-беттан 21-гIа де

Украинехь Нохчийчуьрчу эскархочун дакъа билгалдаьккхина. Журналистан Золкин Владимиран видео тIехь дийцарехь, иза Гуьржийчуьра схьаваьлла нохчо ву, шайх кадыровхой олучу тобанийн декъехь Украинина дуьхьал тIом беш хилла волу. Видеон автора дIахьедо, салти лерина витинера цигахь шайн тIеман накъосташа. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь эксперташа дицина, тесна дитинчу декъийн проблема иштта ладаме стенна ю Оьрсийчоьнна.

Эскархочунгахь карийначу кехаташкахь дуьйцу, вийнарг – Соьлжа-ГIалара вахархо, рогIера милцо Борчашвили Мохьмад хиларх, 2004-чу шарахь совгIат делла хиллера цунна тIамехь дакъа лацарна. Салтичун фамилино гойту иза кистIех хилар, аьлча а, Гуьржийчоьнан Паьнказарчу нохчех схьаваьлла. ЧIагIдо, Борчашвилин дакъа мангал-беттан 27-хь карийра Харькован мехкан Изюман кIоштан Диброва эвлан малхбузехь. Кхелхачу хенахь ефрейторан чинехь хилла иза.

"Ищи своих" телеграм-каналан кхоллархочо Золкинс дIахьедира, Украинерчу тIамехь бийъинчу эскархойн догIмаш хийцаран процесс сецайо оьрсийн агIоно, аьлла. Автора иштта тидам бина вийначун ледарчу барзакъна – цунна тIеоьллина бара украинхойн тIеман гIирс, тIейоьхна рогIерчу бахархойн мачаш, эскархойн йоцу герз чудуьллу бот а.

Аренахь кхоьссина дитинчу декъан историно хеттарш кхуллу, Нохчийчу юхабаьхкинчу буьйранчийн дIахьедаршка ладоьгIча. Масала, "Запад-Ахмат" цIеран батальонан куьйгалхочо Агуев ИсмаьIило "гуттара ойла йо шен тIеман накъостийн кхерамазаллех, церан пIелган маIар а гал ца ялийта". Шен ойланаш цо йийцира ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан пропагандин "Резонанс" программин эфирехь. ТIаккха, дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан дийнахь масийттаза телефонехула зIене вуьйлу буьйранчашца, рогIерчу салтийн хьал-де хоьттуш.

"Хьалххе дуьйна эшаме болчу тIаме" лаамхой бу бохурш хьийсоро гойту, Кадыровс церан дахарна хам беш ца хилар, дуьйцу шена хетарг Украинин агIо а лаьцна тIом беш йолчу Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан хаамийн сервисан куьйгалхочо Чеченский Богдана.

"Царах цхьана агIор саготта иза хиллехьара, кхечу республикийн куьйгалхой санна, оцу авантюрина юьстахваьлла Iийр вара иза, ахчанца цига нах кхуьйлур бацара, хьалххе дуьйна эшаме болчу тIаме нуьцкъаха хьийсор бацара уьш", - дийцина цо Кавказ.Реалиига.

Спикер ала ца хIутту тIамехь байъинчу кадыровхойн терахь: аренашкахь кхийсина Iуьллу декъий дагадан йиш яц, цигахь доьлхуш тIеман тийсдаларш дацахь а. Нохчийчоьнан куьйгахочунна дика хаьа, украинхойн эскар малхбузерчу гIоьнца чIагIлуш хилар, тIаккха байъинчу кадыровхойн терахь алсамдолу, дуьйцу къамелдечо.

Нохчийчохь ца дуьйцу байъинчу нехан бакъдолу терахь. Беллачул тIаьхьа совгIаташ далар а, иэсан барамаш а исс эскархочунна бен ца хIиттийна – и эшамаш бу официалехь тIелаьцнарш. Кадыровн куьйгкIеларчу зорбанашкахь, масала, наггахь хьахайо байъинчу нехан кхин цIерш. Масала, "Запад-Ахмад" батальонехь декхарш кхочушдеш волчу Агуев Сасламбека дийцина "Резонанс" программехь хьенехан Куршларчу Сайд-Мохьмадах лаьцна – официалан тептарехь и цIе яц.

Диллинчу хаамашкара а, Кавказ.Реалиин шен хьасташкара а информацица, Нохчийчуьрчу эскархойх вийнарг мел-кIезга а 128 стаг ву.

Оьрсийн берриг хиллачу эшамех лаьцна хаа йиш ю оьрсийн салтийн гергарчу нехан кхайкхамашна тIехула, боху украинхойн тIеман эксперта Левченко Игоря. Цуьнан дешнашца, тIепаза байна оьрсийн салтий лоьхучу гергарчаьргара 40 эшар кхайкхам кхаьчна телефонехула.

И хаам тIечIагIбан аьтто ца белира Украинан бахархой а, оьрсийн эскархой а лоьхуш лоьхуш йолчу Вовшахтоьхначу центрехь – операторо зIе хадийра, Кавказ.Реалиин корреспонденто шен цIе а яьккхина, хаттар делча. Иштта комментарий ца йира Украинан МВД-н телефонехула а: хьукматехь жоп делира, къаьсттина украинхойн агIонера йийсархой, тIепаза байнарш, йа кхелхинарш бен ца лоьху шаьш, аьлла.

"Меттигехь куьйгаллехь болчу нахах доьзна ду дерриг, цуьнца бала ца кхача йиш а ю церан, - ойланаш йо Левченкос. – Йа, хетарехь, лакхара тIедиллар дина царна, эшамех лаьцна дукха ца дийца декхере беш. Тхуна хаьа, масала, тIеман юьххьехь лазийначу нехан доккха терахь оьрсийн дозане дIадуьгуш а дацара, уьш Беларусин дарбан хIусамашкахь латтабора. Уьш хIинца а цигахь латтош хила мега, оьрсийн юкъаралла ца Iадорхьама".

БIаьста дина хиллачу тIелатарехь оьрсийн эскарна шортта эшамаш хуьлучу хенахь, догIмаш "буьйсанна, кегийрачу тобанашца" бен дIа ца хьора, чIагIдо Украинан кхерамазаллин Сервисан векало. Оьрсийчоьнан шайн байъинарш дIабига лаам ца хиларх лаьцна дуьйцура Украинан президента Зеленский Владимира а.

Дуьххьара хиллачу официалерчу декъийн хийцамех цхьаъ хилира мангал-баттахь 160-на дуьхьал 160 стаг а луш. Оцу хенахь Украинина кхечира "Азовсталан" байъина гIаролаш, дийцира оьрсийн тIеман пропагандхочо Куксенкова Иринас. Иштта нах хийцар масех хилира, хIоразза а ткъех салти бен ца хуьйцура.

Товбеца-беттан 4-хь Украинан Минреинтеграцин куьйгалхочо Верещук Иринас дIахьедира, Оьрсийчоь лаам боцуш реза хуьлу декъий хийцарна, хIунда аьлча, оьрсийн юкъаралла Iадор хиларх кхоьру уьш.

Шайн эшамаш тIелаца план яц Кремлан, боху тIеман эксперта Левченко Игоря: "Пачхьалкхашна юккъера официалера кхайкхам Оьрсийчоьно ца бина. ХIунда? Декъий хийцар къоалгIачу агIонехула хирг хиларна. Оцу гIуллакхан гуттара гIардера ду. Декъийн доккха терахь гучудер ду, эзарнаш дацахь, бIеннаш декъий ду уьш. Аьлча а, кхеташ ду, Кремлехь иза оьшуш ца хиларх".

Оьрсийн бакъоларъярхо, "Гражданин и армия" центран куьйгалхо Кривенко Сергей реза вац ишттачу тидарна. Оьрсийн эскархойн декъеш юхадерзорехь долу хьал цец валлал ду боху цо, амма иштта нислуш йолу меттигаш меттигерчу буьйранчийн бала ца хиларца йоьзна ю.

"Цхьа зуламаш ду аьлла ца хетан суна цигахь – масала, догIмаш ма гулде, боху омра а. Оьрсийн эскарехь массочу хенахь ма-хиллара, балабацарца, бендацарца, сервисийн юккъехь уьйр ца хиларца доьзна ду. Со тешна ву, иштта тIедиллар ца хиларх. И омра дина хиллехь а, еххачу хенахь къайлаха дуьссур дацара иза. Иза вуно чIогIа репутацин тохар хир дара шайн эскархошна а, церан моралан синхаамна", - ойланаш йо спикеро.

Кривенкос билгалдоккху, оьрсийн эскар кийча дацара украинхоша дуьхьало ярна, тIаккха кийча бацара уьш оццул декъий хиларна а. И хьал къаьсттина хьакхало тIеман дуьххьарчу этапех, цигахь кадыровхойн тобанашна баккхийра эшамаш хиллера Киеван кIоштана оккупаци йан гIертачу хенахь. Иштта, хетарехь, тоъал болчу барамехь болх беш ца хилла белларш дIагулоран тIеман тIехьара сервисаш, тIетуху къамелдечо.

Бакъоларъярхо ца теша, беллачийн доьзалшна компенсаци дала ца лаьа пачхьалкхана, бохучу масалех: "Пачхьалкхан шортта ахча ду оцу Iалашонашна, тIамна дойъучу ахчанца дуьстича, "ца дусттал кIезга ду" хьалхарниг".

Марсхьокху-беттан 11-хь долчу хьолехь 43 эзар оьрсийн салти вийна бохуш дуьйцу Украинан тIеман министралло. "Би-би-син-н оьрсийн сервисо" марсхьокху-беттан 8-хь дIахьедира, украинхойн агIоно 5424 оьрсийн салти а, эпсарш а байъина - буьйцурш бу билггал цIерш къаьстинарш. Оьрсийчоьнан тIеман министралло тIаьххьара дIакхайкхийра беллачийн терахь зазадоккху-беттан 25-хь: 1351 вийнарг, 3825 лазийнарг а. Охан-беттан 20-хь хиира, байъинчу нахах лаьцна болу хаамаш къайлбахьа сацам бина хиларх Оьрсийчоьнан тIеман министралло.

Украинера тIом болабелчхьана Нохчийчохь тIелецира Тарамов Iабдулбекан а, Исаев Тимирланан а кхалхар. Охан беттан 7-хь царна тIекхийтира лакхара лейтенант Каимов Рахьим, сержант Автаев Шахрудди, ефрейтор Баталов Беслан, ефрейтор Висирханов Нурды, могIарера салтий Дудаев Асланбек а, Чупалаев Хезир а, полицин лакхара сержант Болчиханов Адам.

Iедалхоша джихад ду бохучу тIаме баха кечбелла дукха нах бац: цуьнан тоьшаллаш даладо Кадыровн критикаша, масала, шайн гергарнаш нуьцкъаха тIаме хьийсорах лаьцна дуьйцу цара. Цул сов, украинхойн талларо арахецначу "лаамхойн" тептарца а догIуш, тIамехь дакъалоцуш бу кеп-кепарчу зуламашна Нохчийчохь таIзарш дина нах, царех цхьаболчийн хIинца а тоьхна хан чекхъяланза ю.

Бакъоларъяран организациша дийцира шайга республикерчу бахархошкара кхочучу кхайкхамех лаьцна, уьш "лаамхойн" кепехь Украинерчу тIаме хьийсорхьама лечкъабо. Цара бахарехь, реза воцург "къайлахчу набахтехь" латто тарло цхьана ханна.