"Шеконе хилам" : хIун хилла  Нохчийчуьрчу "уггаре кхерамечу депутатна"?

Оьрсийчоьнан думера нохчий векал, депутат Делимханов Адам

Мангал-беттан 14-хь украинхойн хьосташа хаамбира Делимханов Адам тIамехь кхалхарах - Госдумин Нохчийчуьра депутат, Кадыров Рамзанан уллора накъост. Оьрсийчоьнан агIоно цу хиламах дерг шозза хийцина дийцира. Цкъа хьалха Делимханов лазийна элира, йуха Нохчийчоьнан куьйгалхочо депутат "дийна, могуш" ву аьлла видео йаржош, дIахьедира. И видео керла хилар шеконе диллира журналисташа. Ши де а ду Делимхановх цхьа хIума хууш доцу- кхечу хьосташкахь а иза гучуваьлла вац.

Мамонташкахь сихбелла боьлхуш бу

Делимханов кхалхарах дуьххьарлера хаам бинарг Украинин тIеман ницкъийн лаамерниг, украинхойн журналист Сазонов Кирилл вара:

"Кхин цхьаъ "ши бIе номер йерг" ву вайн (аьлча а, вийна. "200" терахьца эскарехь билгалвоккху кхелхинарг. - билг) Кадыровн аьтто куьг лорушверг Приморскехь (Запорожи махкара Оьрсийчоьнан эскаро дIалаьцна гIала - билг.)- Делимханов. Талламхой мостагIчун техника гулйелла меттигаш лохуш йара, ткъа цигахь и тайпа кортеж гучуйелира - "Ахьматан" батальонан буьйранчаш - йаздира Сазоновс фейсбукехь.

Цу тIелатарехь мел нисбелларш белла элира цо. Цул тIаьхьа оьрсийн эскархоша декъий вертолетахь дIадаьхна а олуш.

Оьрсийчоьнан Федерацин тIеман министраллин "Звезда" телеканало Госдумерчу шайн хьостанна тIетовжарца хаамбира, депутат дийна ву, амма лазийна ву аьлла. Хьостанан цIе ца йаьккхира. Хье ца луш, Кадыровс шен пост йира - цо дIахьедира, Делимханов зIене ца волу шеца аьлла. Украинхойн таллархошна "деза совгIат" дийр ду цунах дерг шена хаийтахь аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча, "Ахьмат" спецназан буьйранча волчу Алаудинов Аптис цкъа хьалха Госдумин депутат дийна ву, Нохчийчохь ву бехира. Йуха пост хIоттийра Кадыровс шега Делимханов схьалаха аьлла омра дина - цу хьокъехь шайн лоттийлешкара Марьинан агIора мел йолу батальонаш меттахйаьхна аьлла.

Кадыров Рамзан а, Делимханов Апти а

И хаамаш пачхьалкхан кхечу (СМИ) гIирсаша зорбанебехира: ТАСС, Лента.ру, RT, РИА Новости. ТIаьхьо Алаудиновс шен хаам хийцира, цунна тIетуьйхира транспортан, дийнатийн, акхаройн эмодзеш. Царлахь йара эмкалаш, мамонташ. "Звезда" гIирсо шозза хийцира шайн сайтера хаам: цкъа хьалха телеканало шайга хаамбина хьоста ЛДПР -н хаамийн гIуллакхой бу элира, шоллагIчу хаамехь депутат ца велла аьлла дийцира.

Цу дийнан сарахь Кадыров Рамзана Делимхановца даьккхина шен сурт гайтира, цу бухахь йаздира, депутат "дийна а, могуш а ву" аьлла. ШайтIанаша эладитта даржийнера, ткъа ша, "сийсазхошна гIо дархьама цхьажимма цIе марсайаьккхира" аьлла. Сурт маца даьккхина ду хаа йиш йац.

"Хударца" видео

Цу суьртал совнах цо гайтира видео а. Цо дийцарехь, белхан гуламера. Цигахь гуш ву Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад, иштта зорбанан министр Дудаев Ахьмад, ша Делимханов Адам а. Уьш кабинетехь бац, арахь хевшина Iаш го - Нохчийчоьнан баккхий хьаькамаш Украинин къилбехьара-малхбалехьара карта хьалха диллина, къамелаш деш бу. И видео билггал стенгахь йаьккхина йу хууш дац.

Даудов Мохьмад, Кадыров Рамзан, Делимханов Адам, Дудаев Ахьмад

Цу видеочохь, ЧГТРК "Грозный" гIирсан шуьйррачу репортажехь санна, къамел деш ша Кадыров ву. Ша ца велла бохучу депутато масех боцо алам бен ца балабо. Видео кхоччуш дика цахиларо, видеон башхаллаша а кхин а дукха хеттарш хIиттийра ладогIархошна хьалха. Цу видеоца Кадыровс шеконаш алсамйахарах хаамаш цуьнан шен телеграм-каналерчу комментарешкахь а йара.

Иштта журналисташа тидаме лецира царна хьалхьа Iуьллу карта: иза гайта царна ца луъушехь, дикка гуш ду цу тIехь сепаратистийн "ДНР" Оьрсийчоьнца хилар билгалдаьккхина доцийла. Ткъа Харьков-мохк Оьрсийчоьно схьабаьккхича санна гуш бу - иза (ВСУ) Украинин тIеман ницкъаша гуьйренан йуьххьехь йухаберзина. Схьагушдолчу суьртехь, карта 2022-чу шеран аьхка тIамехь хилла хьал гойтуш ду.

Рассинхронан йерриге агIонаш йийца ца оьшу аьлла хета суна: уьш дукха йу

"Делимханов валар хьокъехь мел дуьйцург "фейк" йу Кадыровс олучохь дикка гуш ду, кийсигаш вовшахтесна йуйла. Видео керла хилар гайта луучохь дикка гуш ду къамелахойн балдийн меттахдийлар церан къамелан хазарца цхьаьна цадар.",- тидамбина Би-би-си оьрсийн белхалоша.

Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь сих-сиха нисло шеконе видеош. Делимхановца йолчу видеох шена хетарг алар дийхира Кавказ. Реалии сайтан корреспонденто зерийн эксперте. Цо элира: видео йа фейк йац, йа монтаж йац.

"Бен-башха доцуш дIайазйина йу, иштта "гомий-чIомий" нисйина йу. ШоллагIа камера "дIайахна", синхрон ( гушдолчу суьртан лер а, гIовгIа а цхьаьна цадар-билг.) йа дIа ца йаздеш дитна, йа тергал ца дина. Ледара редакци йар а дикка гуш ду: Кадыровн къамел сиха дац, цаоьшу дешнаш далийний гуш ду, ткъа уьш йуккъера дIадаха воьлча, цунах "худар" хуьлу ( сурт а, гIовгIа а цхьаьна ца нисло.- билг). Рассинхронан йерриге агIонаш йийца ца оьшу аьлла хета суна: уьш дукха йу",- билгалдоккху эксперто. Шен цIе йаккхийта ца лиира экспертана.

Нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара тидаме лаьцна, хьалхара хаам хиллачул тIаьхьа ши де даьлла. Дукхахьолахь социал-машанашкахь жигара хиллачу депутато йоккхо видео ца йина.

"Ша Делимхановс шен каналехь ша гойтуш видео ца йина. Иза онда хаам боллушехь. Цундела хаттарш жоьпел дукха ду", - элира цо.

Мангал-беттан 14-хь дуьйна шен телеграм-каналехь депутато кхо хаам бина: ша дийна ву аьлла цхьаъ (сурт а, видео а йоцуш), Кадыровн каналера репостаца сехьабаьккхина ши хаам.

Лазавар къайладаьхьна?

Депутат Делимханов лазварах, тIаьхьо кхиндерш дийцарах "Даьржина дийцар" элира хьалхо Путин Владимиран спичрайтер хиллачу политолого Галлямов Iаббаса.

"Билггал бакъдерг ду - карарчу хьолехь Кадыровна оьшуш хIума дац иза. Амма цигахь хилларг хIун ду, муьлхачу ницкъаша кегийна и дерриге, хууш дац. Делимхановна боккъал цхьаъ хилла хила тарло, ткъа Кадыровна иза къайладахьа лаьа. Москвара шен позицеш малйаларах кхоьру иза. Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах гIуллакхашкара йукъаметтигаш къастон вохуьйтург Делимханов вара. ХIинца иза цу балхана гIорасиз вуйла хаахь, наха шайна тIедехкина декхарш кхочушдийр дац. Масала, цунна ахча далар,"-шена хетарг дуьйцу Галлямовс.

Даудов Ахьмад, КАдыров Рамзан, Делимханов Адам

Украинин агIора тIом бечу Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан тактикан тобанан буьйранчас Очерхаджиев Аслана Кавказ.Реалии журналистаца дина къамел талламхойн хаамаш тIетовжийра: Делимханов боккъал лазийна ву, Кадыров иза къайладахьа лууш хилла, лазийнарг госпиталехь ву аьлла. Цундела дина цо и украинхойн лерринчу урхаллашка ша дина тамашийна дIахьедар.

"Делимханов лакхарчу цхьамма шайн агенташкахула "дIавелла" аьлла, шек ву Кадыров. Цунна дегабаам бина ву. Амма "йома тиллина", иза нахана дIагайта мегар дуйла ма хиънехь, Кадыровс лазавар бакъ дац баха долийра",- тIетуьйхира къамелахочо.

леларшка хьаьжча гуш ду, боккъал цхьаъ хиллийла

Делимханов лазавар фейк цахиларах тешна ву Европерчу нохчийн "Единая сила" боламан векал Музаев Сайхан.

"Цара лелочуьнга хьаьжча, гуш ду, цхьаъ хиллийла. Кадыров лара ца во, дерригенна Iуналла ца дало цуьнга. Цуьнан го дIасаболуш лаьтта. Царех хIора а - Делимханов, Алаудинов, Даудов - шегахьа узуш ву. Алаудиновна дIовш кхачорах дерг дагадаийтал аша: Кадыров воцчунна цуьнан валар цхьанна ца оьшу. Кхузахь а изза хьал ду. ТIеман хьелашкахь шен накъостий шайна бовларна кхоьру иза", -дуьйцу йукъаралхочо.

Радуевн шофер хиллачух кхузза турпалхо хилла

53 шо долу Делимханов Адам эшахь, шен меттана хила тарло бехира Кадыровс. Иза 1990-чу шерийн шолгIачу декъехь буьйранча Радуев Салман машенахь дIасалелош болх бина ву иза. Оьрсийн-нохчийн шоллагIа тIом болалучу муьрехь иза Кремлан агIо дехьаваьлла. Кадыров Ахьматан кхерамзаллин урхалле балха хIоьттина. Кадыров Ахьмат - Ичкерин хилла муфти а, Оьрсийчоьно хIоттийна Нохчийчоьнан президент а, республикин хIинцалерчу куьйгалхочун да а.

2007-чу шарахь дуьйна Делимханов йух-йуха а Пачхьалкхан Думе хоржуш схьавеана. Амма цуьнан балхо цхьа пайда беана ала хало ду. 16 шарчохь 29 низаман проект хьалхатоттуш декъехь хилла иза, депутатийн трибунехь лаьтташ нохчийн политикахо цкъа бен гина вац.

Делимханов Адам, Ямадаев Сулим

"ГIараваьлла" депутат кхечу гIуллакхашлахь: вежарий ЯмадаевгIар, политикахо Немцов Борис дIабахарехь дакъалаьцна ву олу цунна. Нохчийн блогеро Умаров Мамихана дийцира, Делимхановс Украинин агIора тIом бечу Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан буьйранча а, "Азов" батальонан буьйранча а дIабаха барт барах. 2020-чу шеран товбецан-баттахь Умаров герз тухуш вийра. Цу зуламан хьокъехь а йаьккхира Делимхановн цIе. Нохчийн оппозицхойн IADAT боламан модератор Тепсуркаев Салман верна а бехке лору иза. Цундела башха тамашийна дац, оьрсийн политикахочо Яшин Ильяс Делимхановх "пачхьалкхан уггаре кхераме депутат" алар.

Делимханов вевзаш ву ММА латархочунна Емельяненко Федорна, Москва гIалин Мещанск-кIоштарчу депутатийн кхеташонан куьйгалхочунна Закускин Александрана кхерамаш тийсарца а. Нохчийчоьнан куьйгалло кхерамаш тийсар бахьана долуш, къаьсттина Делимханов Адаман дIахьедарш бахьанехь а Оьрсийчуьра дIайахна "Новая газетин" журналист Милашина Елена. "Делимханов чIогIа кхераме стаг ву. Со-м ала а ца хIутту, мила ву цушиннах гуттара кхераме – Кадыров Рамзан йа Делимханов",- дийцира шен интервьюхь Милашинас.

Адамаш дайаран, девнаш дахаран бехха могIа хиларо ( масала, цуьнгахь хаайелира дашо тапча, иза цуьнан кисанара охьайуьйжира Госдумерчу кхечу депутатах летачу хенахь, стохкалерчу Iай массарна хезачохь ЯнгулбаевгIеран кортош дохур ду ша а бехира цо) новкъарло ца йо Делимханов Кремлехь хьостуш хиларна. Мариупол йаккхарехь жигара дакъалацарна "Оьрсийчоьнан турпалхо" седа белла цунна, ДоттагIаллин орден а йелла, кхузза - Майраллин мидал а, Кадыров Ахьмадан цIарах орден а, Нохчийчоьнан, "ЛНР" турпалхочун мидалш а.

Оьрсийчоьнан Iедалхойн могIарехь хиларна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун зуламе омраш кхочушдеш хила тарлуш хиларна а дуьненайукъарчу санкцеша лаьцна иза - нохчийн парламентахочунна уьш дуьхьалайаьхна Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а, Канадо а, Украино а, Новая Зеландия пачхьалкхо а.

ТIаьхьарчу хенахь Делимханов Адам билгалавелира ЧВК "Вагнеран" долахочуьнга Пригожин Евгенийга бага йеттарца - депутато цунах "блогер" элира, Бахмутан агIора дуккха йолахой кхалхарна бехкевира, "йуьхь дуьхьала хIоьттина, къамел дийр ду" хьоьца бехира.

"Делимхановн кортежна тIелатар дарах хаам хилла дукха хан йалале, дийца долийра, иза волу меттиг украинхошка Пригожина "дIайелла" бохуш. ЧВК долахочо цунах хIумма ца элира - журналисто шега хаттар делча, товбецан-беттан 14-хь хиллачух цхьаьллиг цхьа хIума шен хууш дац аьлла цавашарца жоп делира цо. Депутат лазочу хенахь ша Италин министрийн кхеташонан куьйгалхо Берлускони Сильвио тезетахь вара олуш.

Къайлавалале хьалха Делимханов Белгород-махка кхечира - цигахь меттигерчу Iедалхошца кадыровхой цига балор бу аьлла барт бира цо. Мехкана гIаролла дархьама. Амма иза муха хир ду, хууш дац.

  • Хьалхо Кавказ.Реалии сайто дийцира ДелимхановгIеран доьзалах а, Нохчийчоьнан политикан дахарехь цо дакъалацарах а.
  • Украинехь тIом болабелчахьана, "тикток - эскарш" аьлла цIе дIайахна кадыровхойн: тIеман эксперташа а, гиначара а дийцарехь, нохчийн эскархой Оьрсийчоьно дIалаьцначу латтанаш тIехь лаьтташ бу. ISW институто нохчийн эскархой тIамехь дакъалоцуш бац, дукхахьолахь оккупаци йинчу меттигашкахь лаьтташ хуьлу аьлла, дIахьедира. Изза дуьйцура Украинин агIонехь тIом бечу Къилбаседа Кавказера тIемалоша а.
  • Украинина дуьхьала тIом бечарлахь хаабелла даккхийчу политикин зуламашкахь бехкелерина болу Кадыровн гонера нах. Царех цхьаъ ву Геремеев Руслан, Немцов Борис верна шеконехь латтош волу. Иштта, Мамадиев Iусман а, Блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехке лоруш волу.