ГIиргIизойчура журналисто Боромбаева Мунарас кху деношкахь зорбане яьккхина "ГIиргIизой Шема тIаме эхаран пхи бахьана» цIе йолу артикл. Цо дийцарехь, бIеннаш ГIиргIизойчура бахархой бу «Исламан пачхьалкх» олучу тIеман тобанан могIаршлахь тIемаш беш Шемахь а, Иракъехь.
Ткъа хIунда боьлху гIиргIизой цу тIаме. И хаттар делира Боромбаева Мунарас ГIиргIизойчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан 10-чу коьртачу урхаллан декъан куьйгалхочуьнга полковнике Мамбеталиев Рафике.
Цо дийцарехь, таханлерчу дийнахь «Исламан пачхьалкх» олучу тобанах дIакхетта ГIиргIизойчцра 352 стаг. Царна юкъахь 49 зуда а, 22 кхиазхо а ву. Ткъа 249 царах, ГIиргIизойчура бахана белахь а, узбекаийн къомах нах бу.
Полковникана Мамбеталиевна хетарехь, лаххара а пхи бахьана ду и нах Шемахь боьдучу тIаме бахаран.
Хьалхара бахьана.
Дин цадовзар. Цу нахана ца хьаьа шаьш юьхьарлаца оьшург муьлха мазхаб ду. Исламан муьлха кеп ю ша тIаьхьахIоьттинарг.
ШолгIа бахьана.
Адаман синкхетаман кризис.
Цу тайпа стаг дегабаам бина хуьлу дахарна. Цуьнан бан болх а ца хуьлу, доьзал кхаба аьтто а цахуьлу. !едалша цунна болх ца ло. Цу бахьанашца иза керла дахар лаха новкъа волу.
КхоалгIа бахьана
Социалан хьолаца а, хIусамца а, доьзалца а йоьзна халонаш. Цу тайпа стеган аьтто ца хуьлу цхьана а тайпа ахча даккха. И нах тIом боьдучу метте боьлху рицкъ даккха.
ДоьалгIа бахьана.
Дахаран хьелаш дика хилар. И тайпан нах дика дешна а хуьлу. Церан доьзал а бу, ахча а ду, амма цатоьарш бу дахаран хьовзамаш.
ПхоьалгIа бахьана.
Цхьаболчу нахана шаьш керла бусулба нах хета. Царна шаьш керла дин кхуллуш хета. Цу динах тешаш боцурш хIаллак бан беза бохуш лелаш хуьлу уьш.
Амма, полковнико чIагIдарехь, ГIиргIизойчура тIаме оьхуш болу нах хьалхара кхо бахьана долуш новкъа буьйлуш бу.
Ткъа муьлхачу бахьанашца Шемарчу тIаме оьхуш бу нохчий? Политикан говзанчана Вачагаев Майрбекана хетарехь, уьш а ду масийтта. Царах ду, Нохчийчура тIом гина боцу, амма бийцарехь иза марзбеолла нах. Кхин цхьа тоба ю, дино шайга тIом бе боху аьлла араяьлла. КхоалгIа адкъа дагахь ду, Шемахь тIеман говзалла а эцна шаьш Оьрсийчоьнна дуьхьал девр ду бохуш.
Шема баха гIертачу нохчашна юкъахь бу зударий а. Коьртачу декъана уьш бу Малхбузера пачхьалкхашкахь бехачу нохчийн доьзалшкара, бохуш дуьйца дозанал арахьарчу Ичкерин парламентан декъашхочо Исханов Хьусайна.
Исханов Хьусейн: „Кегийра нах цига тIаме бахар-м, шайн майралла гайта а, доьналла гайта а хир дара, кхета со, амма зудабераш а ма ду цига дIаоьхуш. Кхуза, Венера, суна а хууш, 6 йоI яхана цига. Царех 3 юхаерзийна, вукхарех хIун хилла суна ца хаьа. Марехь а доцу зудабераш цига эхар – иза дика дац. Божарий а бу, цхьаберш, зуда а ялайой, шайн доьзалшца цига дIаоьхуш".
ТIаьхьарчу хенахь динан башхаллаш бахьана долуш вуно бекъабелла бу нохчий. И бахьана долуш Шема оьхучу наха лелочунна мах хадо цахIуьтту дуккха а нах. Амма ша цу хаттарехь билгалваьлла бохуш дуьйцу Малхбузерчу Европехь бехачу вайнехан диаспорин жигархо волчу Ибрагимов Виситас.
Ибрагимов Висита: „Масала, ас вайна оьшуш хIума дац боху иза. ХIунда аьлча, вай дуккхаъ тIемаш а хилла, дуккха а кегий а, баккхий а нах, вайн къоман доккха дакъа шина тIамехь дIа а даьлла, арадевлла лелаш ма ду вай. Вайн къомана пайдехьа хIума дац иза. Вовшашкхеттачехь ас даиман а олуш ду иза: Шемахь вайна хьашт долуш хIуммаъ дац“.
Гуш ма-хиллара, дуккха а бахьанаш ду нохчий тIеман кIуьрехь йоллучу Шема буьгурш. Амма уьш мухха делахь а, цхьа хIума ду аьлла хетало, шеко а йоцуш, цу нехан дахар дохийнарг – Нохчийчохь Оьрсийчоьно бина тIемаш, цо тахана а цигахь дIахьош йолу чолхе политика.