"Схема кхетаме йу – бехктакхаман гIуллакх кхолла аттаха ду": КъорIан дагорна кхел йина стаг хӀунда бехкевина йамартло йарна

Журавель Никита

Нохчийчохь КъорIан дагорна бехке вина Журавель Никитин гIуллакх йуха а толлуш ду: хӀинца пачхьалкхана йамартло йар аьллачу артиклца бехкевина иза. Кавказ.Реалии сайто теллира, мел теша мегар ду и тайпа бехкаш таханлерчу Оьрсийчохь – дукхахьолахь уьш шайггара кхоьллина нисло, билгалдоккху бакъонашларъярхоша.

Официалан версица, 2023-чу шеран гурахь Журавеля "мессенджерехула, жигара цхьаьнаболхбар кховдийна" Украинин кхерамазаллин сервисан (СБУ) векална. Прокуратурас бехктакхаман гӀуллакх тӀечӀагӀдина, материалаш дӀайелла Волгоградан кӀоштан кхеле бух таллийта.

Пачхьалкхана йамартло йарна бехке гIуллакхаш 25 шо дара хилаза 

Журавель бехкевира КъорӀан дагорна стохка гурахь. Талламо билгалдаьккхира, аннекси йинчу ГӀирмера схьаваьллачу, Волгоградехь дешначу стага йамартло йина Украинин лерринчу сервисаша 10 эзар сом кхаъна лур ду аьлча. Цуьнан Ӏалашо йара бохура "керста нахана а, бусулба нахана а йукъахь динан цабезам кхоллар". СБУ цу инцидентехь дакъалаьцна хиларх ма-дарра тоьшаллаш ца далийна.

Бехктакхаман процессан норманашна дуьхьал, жимчу стеган гӀуллакх теллира Нохчийчохь. Чиллин-баттахь кхело Журавельна кхо шо ах шо хан туьйхира, "динехь цабезам хилар бахьана долуш" динан нехан синхаамаш сийсазбарна а, хулиганалла лелорна а бехке хилар тӀечӀагӀдеш.

Масех бутт хьалха, 2023-чу шеран аьхка, Соьлжа-ГӀаларчу СИЗО-хь бехкевечунна йиттира хӀетахь 15 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀанта Кадыров Адама, тӀаьхьо цунна дуккха а совгӀаташ а, Ӏедалан даржаш а делира республикехь. Кадыров Рамзана къобалдира шен кIанта динарг; СИЗО-хь Журавельна ницкъ барна цхьанна а таӀзар ца дина.

ХӀинца, 6 бутт сов хан йаьлча, прокуратуро тидам тӀебахийтина, Журавеля "СБУ-н векалца" зӀенаш хилла бохучу хенахь, цо "Оьрсийчоьнан герзан ницкъийн тӀеман техникан а дӀасалелочу цӀерпоштан, кеманан видеозаписаш хьажийна хиларна. Иштта цхьана тӀеман дакъойн официалан машен дӀасалеларх лаьцна хаамаш а".

Керлачу бехкаца 20 шо долу Журавельна йогӀуш йу 20 шо хан, йа велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан. Бакъонашларъйаран "Мемориал" центро и жима стаг политикан тутмакх лору.

Рапортанаш дохьа хьийзор

Оьрсийчохь, йуккъерчу барамехь, хӀора дийнахь лаххара а цхьа бехктакхаман гӀуллакх схьадоьллу пачхьалкхана йамартло йарна, бохуш дуьйцу "Хьалхара дакъа" бакъонашларйаран проектан куьйгалхочо Заир-Бек Дмитрийс. Амма, бух болуш, тоьшаллаш гойтуш долу гӀуллакхаш вуно наггахь бен ца хуьлу.

"ХӀара бакъйолу конвейер йу: кхел тешаш йу бехктакхаман агӀонех. Тоьшаллаш тӀеэца йиш йоццушехь, уьш шеко йоцуш харц хиллехь а, йа полицин провокацешца схьаэцнехь а, и тоьшаллаш къобал до. ХIинца 25 шо ду пачхьалкхана йамартло йарца доьзна гӀуллакхашкахь, бехказдахаран сацам хилаза - тӀаьххьарниг йина Путин Владимир Ӏедале кхачале жимма хьалха", - билгалдоккху къамелхочо.

Цо бахарехь, "Хьалхара декъо" хӀинца дIахьош ду, пачхьалкхана йамартло йина аьлла таӀзарш дан дезаш волу бӀе сов стеган гIуллакх – иза махкахь керлачу практикан доьалгIа дакъа ду. Заир-Бека, кхерамазаллин бахьанашца дуьйцуш дац, муха болх бо, бакъонашларъйархоша тӀеман хьелашкахь оцу тайпа гӀуллакхаш тӀехь. Амма цо билгалдоккху, уггаре а атта нахана гӀо дан йиш йу, гӀуллакх таллам бечу муьрехь; Журавельца дерг аьлча, гӀо дан йиш йоцу тIегIане даьлла гIуллакх.

Журавелян аьтто ца хилла: цуьнан гӀуллакх резонансе ду, хӀинца  цунна керла бехкакхаман  гIуллакх "тӀетоха" йиш йу

ОВД-Инфо олучу бакъонашларъйаран проекто бинчу хаамца, Оьрсийчохь тӀамна дуьхьал долчу гӀуллакхашкахь дакъалаьцначу эзар сов стагах лаххара а 20 стаг бехкевина пачхьалкхана йамартло йарна. Царах карарчу хенахь шиъ бен маьрша вац: тутмакхаш хуьйцуш махкара араваьккхина политик Кара-Мурза Владимир а, адвокат Мойжес Герман а.

Цкъачунна Оьрсийчохь цхьа а гӀуллакх девзаш дац пачхьалкхана йамартло йарца доьзна гӀуллакхехь бехк кховдорна йа тоьхначу таӀзарна дуьхьало йан аьтто баьлла.

Тутмакхашна тӀе керла бехкаш дахкар, уьш маршо дӀаяьхначу меттигашкахь болчу хенахь, СССР-н заманахь дуьйна лелаш долу хIума ду, бохуш, комментари йо бакъонашларъйархочо Черкасов Александра, Журавельна дуьхьал керлачу бехктакхаман гӀуллакхехь лаьцна: "Схема шера йу : стаг набахтехь волчу хенахь, керла гӀуллакх кхолла дуккха а атта ду. Талламхошна бахьанаш лело ца оьшу стагана тӀаьхьбовла а, и лаха а".

Оьрсийчохь репрессин аппарат йу, уггаре а хьалха, бюрократин машен, бохуш, кхетадо къамелхочо. Ишттачу системехь атта хуьлу гIуллакхаш кхолла, хьакамашна дика рапорташ йан а. Журавельна дуьхьал керла бехк кховдор из-за "гIожан система" бахьана хила тарло, мукӀарло до Черкасовс.

"Масала, хӀора шарахь лерринчу сервисаша хаам бо Къилбаседа Кавказехь масех иттаннаш шерашкахь исламан Ӏилманчашна хезна доцучу тайп-тайпанчу исламан тобанийн декъашхойн "нейтрализаци" йарх лаьцна. ХӀетте а, нах дӀалоьцаш бу цара, "террорхойн тобанашкахь" дакъалаьцна бохуш. Цу хьокъехь Журавелян чIогIа аьтто ца хилла: цуьнан гӀуллакх резонансе дара, хӀинца цунна керла бехк "тӀетоха" йиш йу, иза рапортехь чIогIа дика йаздан аьтто бу", - аьлла, дерзийра бакъонашларъйархочо шен къамел.

  • Украинехь тӀом болабелчхьана Къилбаседанерчу юкъарчу юрисдикцин кхелаша 40 сов бехктакхаман гӀуллакх теллина пачхьалкхана йамартло йарна а, шпионаж йарна а, кхечу пачхьалкхаца къайлаха цхьаьнаболхбарна а. Дукхахдерш Ростов-на-Дону а, Краснодар гIаланашкахь толлуш ду, массо гIуллакхехь цхьа судьхой бу кхел йаш берш. Ур-атталла лецначара мукӀарло дича а, тоьшалла ца дало и зулам хилла хилар, хӀунда аьлча, дукха хьолехь царна тӀехь Ӏазап латтош хуьла дера, бохуш, кхетадо бакъонашларйархоша.
  • Пачхьалкхана йамартло йарна шеко кхолйелла лаьцна Ростов-на Дону-гӀалара йахархо; иза бехке йеш йу, 2022-чу шарахь Оьрсийчоьнан буьззинчу барамехь тӀелатар дӀадоладалале хьалха, евзаш йолу Украинера зудчунна ахча дӀахьийтина аьлла – и ахча лерина хилла боху тӀеман гӀирс эца, шайна йукъахь дронаш а йолуш.