Оьрсийчоьнан пропагандо цхьаьнатоьхна Латакия олучу провинцера Асадан тIеман база а, цигара цхьайолу меттигаш дIалаьцна охьахевшина болу нохчийн тIемалой а, уьш реза боцу "Исламан пачхьалкх" олу тоба а. Бахьана ду оьрсин эскархой цигахь йолчу базехь дIатарлуш хилар.
Оьрсийчоьнан тIеман база чIагIъян йолош а йолуш, чIогIа оьшуш ду оьрсашна цигахь йолу нохчийн тобанаш "Исламан пачхьалкх" тобанца йозар, цу тобанера Асадана цу меттехь цхьа а кхерам бацахь а бохуш яздо шен материалехь Маршо Радион авторо Паращук Джоаннас.
Даханчу мукъачу деношкахь Шемара хаамаш кхечира Оьрсийчоьнан эскархой шорйеш бу Латакия олучу провинцера тIеман хIаваан кеманийн порт аьлла. И хаам кхаьчна Оьрсийчоьнан эскарш дIатардеш ду Латакия гIалана гонаха бохуш дуьйцуш а долуш.
Ши кIира хьалха Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервисашца йоьзна йолчу Life News олучу веб-сайто видеорепортаж гайтира цигахь лаьттачу хьолах лаьцна. Цу рапортехь дуьйцуш дара мел кхерам бохьуш ю "Исламан пачхьалкх" тобан Латакия провинцина.
Коьртахь аьчка куй а болуш къамел дечу корреспонденто дийцара Оьрсийчурча бахархошна Латакияхь террористашца дIахьош болчу тIамах лаьцна, иза Оьрсийчоьно Къилбаседа Кавказехь беш болчу исламан тIемалошца латточу къийсаман дакаъ долуш санна сурт хIоттош.
Оьрсийн репортёро чIагIдарехь, "Исламан пачхьалкхо" Латакия провинце хьовсийна «Къилбаседа Кавказера схьабевлла болу шайн тIемалой». Царна юкъахь бу Оьрсийчоьнан эскаршца Нохчийчохь тIом бина нах а бохуш, чIагIдо цо. Латакияхь лаьмнаш ду, ткъа лаьмнаш девзаш болу нохчий цига хьажор ларамаза дац бохуш вара иза.
Амма ма-дарра долу сурт дийцича, цу стага дуьйцург нисса ах а бакъ дац аьлла хета Шемара хьал шен тидамехь латтош а, нохчийн тIемалоша Шемахь лелош дерг шен тидамехь латтош а йолчу Британерчу эксперто Паращук Джоаннас.
Цо дийцарехь, бакъ ду Латакия провинцехь нохчийн масийтта тоба ю бохург, Life News корреспонденто хьехош цхьаъ бен яцахь а. Цу тобанех лаххара а кхаа тобанна юкъахь бу Нохчийчохь тIом бина нах. Цара а олу Латакия "Шеман Кавказ" ю олий, цигара меттигаш Нохчийчохь йолучерах тера хиларна. Цу наха забарш а йо, шаьш цIахь долуш санна хета шайна, хIунда аьлча хьаннашкахь дIалачкъа атта хуьлун дела бохуш.
Амма, корреспонденто цу тайпа сурт хIотто новкъарло еш дерг Латакияхь йолу цхьа а нохчийн тоба "Исламан пачхьалкх" олучу тобанца уьйраш йолуш цахилар ду.
Латакиян лаьмнашкахь йолу коьрта кхо тоба ю Ajnad al-Kavkaz (Кавказан бIаьхой), Junud al-Sham (Шеман бIаьхой) ткъа иштта мелла а жима тоба Tarkhan's Jamaat (Тарханан Джамаат) бохуш яздо Паращук Джоаннас.
Паращук дийцарехь, Ajnad al-Kavkaz тобанан куьйгалхо ву цIера Соьлж-ГIалана генайоцш йолчу Пригородное-эвлара волу Шишани Iабдулхьаьким Abdul-Hakim Shishani (Ажиев Хьамзат). Жунуд аль-Шам тобанан коьртехь ву ПIаьнгазан чIожера схьаваьлла волу Нохчийчохь тIом беш хьуьнар гайтина волу Шишани Ислам (Shishani Islam) (Маргошвили Мурад). КхолагIа тобанан хьалханчу ву вевзаш волу тIеман хьалханча Газиев Тархан.
И кхо тоба Шеман президентан Асад Башаран ницкъашца тIом беш ю. Life News веб-канало дуьйцург Оьрсийчоьно Шемара конфликтах лаьцна еш йолу пропаганда ю.
Цу пропагандица а догIуш, Асад къийсам дIахьош ву арарчу мостагIаша гIо деш йолчу экстремистийн тобанашца. Москохо чIагIдо Шеман арми бен яц цу тобанашца, къаьсттина "Исламан пачхьалкх" олучу тобанца къийсам дIабахьа ницкъ болуш.
Кху беттан 13-чу дийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедар дира Шеман арми юьстах а йитина "Исламан пачхьалкхаца" тIом бан беза бохург лортIехь дац аьлла. Кху шеран Зазадоккху-баттахь дуьйна, "Нурса" тоба хьалха а яьлла, тIемалой, шайна юкъахь нохчийн тобанаш а йолуш, улле тIебахана Латакияна.
Охан-баттахь цара дIалецира Латакия а, Алеппо а гIаланашна юккъехь Iуьллуш йолу Джиср аль-ШугхIур. Карарчу хенахь тIемалоша юхьарлаьцнарг ю Аль-ГIаб олу меттг. Иза схьаяккхахь тIемалоша Латакиян лаьмнаш хуттур ду Идлиб-провинцица. Нагахь тIемлойн иза дIалаца аьтто балахь вуно вочу хьолехь дуьсур ду цигара Асадан эскарш.
Церан аьтто бац Латакияра юхадолва. Цунах кхеташ ю Оьрсийчоь. Цундела, Оьрсийчоьнан тIеман база чIагIъян йолош а йолуш, чIогIа оьшуш ду оьрсашна цигахь йолу нохчийн тобанаш "Исламан пачхьалкх" тобанца йозар, цу тобанера Асадана цу меттехь цхьа а кхерам бацахь а.