Шемарчу нохчийн тобанан экс-командиро Украинехьа тIемаш бийр бу

Ажиев Рустам (аьрру)

Украинан агIор Оьрсийчоьнца тIамехь дакъалоцур ду нохчийн тобано, шен куьйгаллехь "Аджнад аль-Кавказ" тобанан командир хилла Шишани Iабдул-Хьаьким а (Ажиев Рустам) волуш. Хьалхо и тоба Шемахь Iедалхойн ницкъашна дуьхьал тIом беш яра, карарчу хенахь Украине баьхкина уьш, хаамбо "Украинера нохчий" телеграм-канало. Оьрсийчохь террорхойн организаци лаьрра "Аджнад аль-Кавказ".

ХIара информаци тIечIагIйина иштта Кавказ.Реалиин хьасто а. Къамелдинчо бахарехь, Ажиев а, цуьнан тоба а Украинан интернационалан легионан декъехь йолчу Нохчийн Ичкерия республикан Къаьстинчу батальонан (ОБОН) дакъа хир ду. Шен тоххара хилла ах бохург санна тобанхой вовшахтоха лерина ву Ажиев (Шемахь цуьнан куьйгкIел вара масех бIе нохчо).

ОБОН кхоьллина ю къобалъязчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада. Батальонан командир ву полковник Зумсо Хьаьжа-Мурд. ХIара хIинца доьалгIа дакъа ду, Украинана гIоьнна дозанал а арахьа бехачу, Нохчийчоь йозуш йоцу республика хила луучара вовшахтоьхна.

"Аджнад аль-Кавказ" йозуш йоцу джамаIат ю. Шемарчу тIеман а, джихIадхойн тобанийн а контекстехь и бохург ду, цара цхьанна а байIат дина цахилар, цхьаннан а куьйгакIел хилла цахилар, кхечу тобанна юкъаяхна а цахилар. 2017-чу шарахь тобанан куьйгалхоша дIахьедира, шемахойн джамаIаташна юкъара конфликташ бахьана долуш Шемарчу тIамехь дакъалоцучуьра шаьш совцуш хиларх, "шемахойн джихIадан майданахь шайн стратегица кхечу тобанаша йист яккхалц" аьлла.

Къобалъязчу Ичкерин Коьртачу фронтан буьйралла деш вара Ажиев Рустам Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь.

2019-чу шарахь дуьйцура, цо ша шена эккхийтар дина бохуш, амма тIаьхьо конфликт лаьттачу зонера тIечIагIдазчу хьасташа бакъ ца дира иза. Стохка гIадужу-баттахь Туркойчохь лецира Нохчийчуьра ялх вахархо, уьш бехкебинера Ажиевна а, оппозицин блогерна Халитов Хьасанна а кIело ярна.

ХIетахь хаамбора, Халитов вийначунна Соьлжа-ГIалахь 300 эзар Американ долларш лур ду аьлла, ткъа Ажиевх – масех миллион долларш. Механ башхалла йоьзнера, шолгIаниг хIаллакван лууш Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш хиларца.

  • Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу "Акха арданг", иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца. Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхаъ кхайкхийра украинхойн Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн командираш –Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болу меттиг йийцинчунна 500 эзар америкахойн долларшкахь.
  • Стигалкъекъа-баттахь Киевехь хилира Закаев, цигахь цхьанакхетарш хилира цуьнан парламентехь, Украинан президентан администрацихь, бевзачу пачхьалкхан политикашца а. Дийцаредира иштта Оьрсийчоьнца болчу тIамехь нохчаша дакъалацар а. Цул тIаьхьа дIакхайкхийра, Украинехь Ичкерин консул хIотторах – иза ву Шулипа Юрий. Цул тIаьхьа "Маьршачу Кавказехьа" вовшахкхетаралло Лакхарчу Раде проект кховдийра, Ичкерин йозуш цахилар къобалдар доьхуш.
  • Иштта товбеца-баттахь Украинан байракхна кIелахь тIомбеш йолчу батальонашкара эскархоша дIахьедира, Нохчийчуьрчу Кадыровн ражна дуьхьал герзаца болу къайлаха болам кхолла кийча ду шаьш.
  • Украинерчу тIамехь дакъалоцуш болчу нохчашка Закаев Ахьмад ве аьлла кхайкхамбира хьалхо Кадыров Рамзана. И дан аьтто баьллачунна политико маршо а, хьал долу дахар а хьехна.