Шен могушалла ледара йу боху хаамаш хиллачул тIаьхьа Кадыров Рамзана спортзалчохь видео йаьккхина

Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша тренировка йеш йаьккхина видео йаржийна - журналисташа цуьнан могушалла ледара йу аьллачул тIаьхьа гучуйелира ролик.

Видео 25 секундехь йоьдуш йу. Цу тIехь Кадыровс шен цомгуш хила йиш йац боху. Цунах терра шен цIерачу тренажер - залчохь йаьккхина кхин цхьа видео Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхо де хьалха шен инстаграме йиллира. Хьалхо Кадыровс сих-сиха шен тренировкех хаамаш бора. Амма цу хьокъехь тIаьххьара йина видео ахшо хьалха, 2022-чу шеран гезгмашин-баттахь дIахIоттийна йу.

Дагадоуьйту вай, масех шо а ду Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан дарба ца хуьлучу луьрачу цамгаро хьийзаво. Цу цамгаро цуьнан йерриге могушалла галйаккха тарло, стохкалерчу мангалан-баттахь дуьйна схьа хьал гуттар чолхе дирзина, бохуш дуьйцу "Новая газета"-гIирсо, шен хьостанийн хаамашна тIе а тевжаш. Газето дийцарехь, Кадыровна йолу цамгар йукъ-кара лазаме мур богIуш, схьайогIу. Ткъа цуьнан халла садеIар пехаш дика цахиларан, (жаннаш цомгуш хиларан) билгало йу.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушаллех дуьххьара чиллин-беттан йуьххьехь дийца долийра. Иштта - Кадыровн хила тарлуш йолчу цамгарах, наркотикех возушхиларах хаамаш бира Закаев Ахьмада. Зазадоккху-баттахь немцойн таблоидо Bild - Закаевн къамелана тIе а тевжаш, Кадыровн жаннаш дика дац, цуьнан йуьхь йистина йу аьлла, дийцира. Сайто яздира Абу-Дабера Соьлжа-гIала кхайкхинчу нефрологах - Ясин Ибрагим М. Эль Шахату.

Цуьнан могушалла дикка талхаран тоьшаллаш ду, цо шен бераш СМИ-гIирсашкахь гIарадахар, аьлла хета "Новая газета"-гIирсана. Дуьйцуш дерг цуьнан бераш Украине дахар, цуьнан воккхах волчу кIентан Кадыров Ахьмадан Оьрсийчоьнан президентаца цхьаьнакхетар хилар, цуьнан бераша республикин дахарехь жигара дакъалацар ду.

Куьйгалхочунна оппозицехь йолчу NIYSO телеграм-канало а хьахийра Кадыровн цамгар. IАДАТ боламан хьалханчас "башха доккха хIума дац цунна хилларг",- аьлла, дерзийра.

Зазадоккху-беттан йуккъехь, Кремле ваханчул тIаьхьа шен цамгарах дерг дIатоттуш, пост йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, "со могуш ву, сан шортта ницкъ бу" аьлла.