Францехь вийначу историн хьехархочун Пати Самюэлан йиша кхеле йаьлла, иза кхалхарх жоьпалла пачхьалкхана тIедиллар доьхуш. Цунна хетарехь, 2020-чу шарахь 18 шо долчу нохчочо Анзоров ӀабдуллахӀа тIелатар динчу школин хьехархочунна йа гIортор ца йина, йа иза Iалаш ца вина.
Микаэль Патис латкъам бина Ниццерчу административан кхеле, яздо ActuI7 сайто, шен адвокатна тӀе а тевжаш. Зазадокху-баттахь цо кехаташ дахьийтинера юстицин а, дешаран а министраллашка, амма жоп делла дац, йаздо TfIInfo сайто. Цу кхайкхаман бахьана дара Сэмюэль Патина а, цуьнан доьзална а нийсо меттахӀотто Iалашо хилар а, ишта пачхьалкхана цунах "урок хилийта", тIейогIучу хенахь дешаран хьукматашкахь ницкъбар йукъахдаккхийта а, тӀетоьхна ActuI7 сайта тӀехь.
2022-чу шеран оханан-баттахь Сэмюэль Патин доьзалан итт декъашхочо латкъам бина, цара критика йира администрацина, хьехархо лар ца варна. Парижан прокуратуро таллам болийна кхерамехь волчу стагана гӀо ца дарна а, зулам ца хилийтарна а, йаздо Sud Ouest-а.
- 2020-чу шарахь Парижана гена йоццучу меттигехь вийра историн хьехархо Самюэль Пати. Зулам динера 18 шо долчу нохчочо Анзоров IабдуллахIа, лоцучу хенахь вийра иза. ТIаьхьо жимчу стеган дакъа Нохчийчу дIакхачийра, цигахь вазвина Iадаташца лаьтте кхводийра иза. Йуьхьанца дуьйцура, литературин урокехь Мохьмад Пайхамарна йехкина карикатураш гайтарна Пати вийна бохуш. Делахь а тIаьхьо къаьстира, цунах лаьцна хаамбинчу йоIа харцдерг дийцина хиллий.
- ГIадужу-беттан 13-чохь Аррасера школехь уьрсаца кхин а цхьаъ тIелатар дира. 57 шо долу францхойн меттан а, литературин а хьехархо Бернар Доминик вийра, кхин а кхаа стагана чевнаш йира. ТIелеттарг лецира – ГIалгIайчуьра вахархо Могушков Мохьаммад.