Шерипов Инал: "Олуш ма-хиллара, шех ведда стаг цхьанхьа а вахалур вац"

Шерипов Инал: "Олуш ма-хиллара, шех ведда стаг цхьанхьа а вахалур вац".

Дукха хан йоцуш Магомадов Руслана яькхинчу „ЦIа“ фильмана немцойн Коттбус гIаларчу фестивалехь лерина совгIат делира. Цул хьалха изза фильм Нью-Йоркерачу „Кинофест“ цIе йолчу къовсамехь а, Казанерчу бусулба кинофестивалехь а йоцачу фильмийн категорехь тоьлларг хаьржинера.

Иштта Нохчийчуьрчу Лакаева Залинас яьккхина йолчу „Ненан дог“ цIе йолу фильмано кесталгIа Сочехь дIадаьхьанчу Къибаседа- Кавказерчу кинофестилехь хьалхарчех цхьа меттиг яькхира. ТIаьхьарчу пхийтех шарахь Нохчийчоьнал арахь кинояккхарехь къахоьгуш ву иштта режиссер Музаев Мурад.

Нохчийчуьра орамаш долчу режиссерийн могIарехь лерина меттиг дIалоцуш ву Шерипов Инал. Цуьнан фильмаш шуьйрачу хьовсархошна евзаш яцахь а, амма дика евза цуьнан цIе, хIунда аьлча кху тIаьхьарчу масех шарахь хийлаза баьржина цуьнан белхаша дуьненаюкъарчу кинофестивалашкахь хьалхара меттигаш баьхна боху хаам.

ТIаьхьарниг цу тайпана хаам кхечира масех кIира хьалха Италерачу Неаполера. Цигахь дIабаьхьанчу коммерцин йоцучу фильмийн гайтамашкахь Иналовн „КIай фильм“ цIе йолчу лентина вежарийн Люмьер цIарах долу коьрта совгIат деллера.

БархI минотехь бен еха йоцу и фильм, жюрин декъашхоша ма-аллара, цхьа а дешнаш а ца оьшуш, гойтуш ю, „дукхохдолчу адамийн дахарехь беккъа цхьа дагалецамаший, иэсий бен, кхин цхьа а дика хIума хIунда ца дисна“ бохучу хаттарна жоьпаш“. Ткъа ша режиссеро журналисташка дийцира, шен белхан аьтто – иза ша сица йоьзна йолчу тIегIанашкахь къахьегарехь хета шена, аьлла.

Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь иштта дийцира Шерипов Инала цу фестивалах а, цигахь сийдинчу шен фильмах а лаьцна.

Шерипов Инал: „И Неаполера фестивал Европехь коьртачех ларалуш ю, арт-хаус жанрера кино гойтуш йолу. Иза Голливудерачу хьесапехь еш йолчу коммерцин киношна ша -тайпа бIостанча лара мегар долу жанр ю, ассоциацеш а, васташ а мехала лоруш, синан хьашташца болх беш йолу. Сайн фильм стенах лаьцна ю бохург иштта ала атта дац суна масех дашехь.

Аьр вай, со оцу Неаполе кхаьчча, со кхийтира и фильм сох сайх лаьцна хилар а, иза вуно сан сина гергарчу хIуманех лаьцна хиларх а. И гIала суна сайн бераллерачу Соьлжа-гIалах тера хийтира, Соьлжа-гIалехь хиллачех хIу дара цигахь, хIаваъ а, ур-аталла гIишлонаш а тера яра сан берраллехь ас тергалйинчарех. Цигахь со лелаш ойла йира ас, и сан фильм суна сайна а ца хууш, ма гергара хилла-кх сан сина, аьлла“.

Къоман кинематограф муха хилча дика хир дара? ТIаьхьарчу ткъех шарахь кино йоккхучехь а, иза кхиочехь а ца хилла нохчийн къам, декъа цхьа дийна диссаран, кIелхьара даларан гIайгIанца хене долуш хилла долу.

Амма Нохчийчохь хиларг санна къиза тIом я цхьа кхин балане далатохар лайначу меттигашкахь дуьненан зеделлачо гойтуш ма-хиллара, вуно тамашийна похIманаш кхуллу, кинохь а, кхечу исбаьхьаллашкахь, бохуш дуьйцу Шарипов Инала.

Шерипов Инал: „Къоман кинематограф кхиийта уггаре а хьалха профессионала белхахой Iамо беза, режиссеран а, операторийн а, сценарийтийн а говзаллаш цаьрга Iама а йойтуш. ХIунда аьлча, исбьхьаллехь чам а, эстетика а коьрта долун дела“.

Масех шарахь Нохчийчохь хан яьккхинера Инала, къоман кинематографи юхаметтахIотто а, нохчий киностуди кхолла а Iалашонца. Москохарчу бевзаш болчу исбаьхьаллин жигархошца а, цIарна цIеяхханчу режиссерашца а барт хиллера шен, Нохчийчуьра дуккха а похIмалле кегирхой Оьрсийн коьртачу шахьарехь деша дIатасса а, цигахь царна кхинарш исбаьхьаллин говзаллаш Iамаяйта а, бохуш дуьйцу Шериповс, амма цхьа могIа бахьанашца цу боламах гIуллакх ца хилира.

Амма Нохчийчохь вуно доккха похIма долуш а, киноца балаболуш а дуккхаъ кегирхой хилар шена гира боху Инала, ша цигахь яьккхинчу хенахь. Бакъду, тIекхуьучу чкъуран, церан говзалла кхиийна ца Iаш, уггаре а хьалха исбаьхьаллехь дика чам кхион беза аьлла хета цунна.

Ша шен дуьненаюкъарчу кинематографан тIеIаткъамех ша маьрша висийтархьама, дукхахьолахь я кинога а телевизионе ца хьажа гIерта, бохуш, дуьйцу режиссеро а, амма иза воккхаве нохчашлахь похIмалле чкъор тIекхуьуш хиларна а, церан кинематографехь шайн дош эр хиларна а.

Инал Шерипов шен сица, доллучу дахарца а, кхетамашца а нохчийн режиссер велахь а, амма цунан тIахьарлера фильмаш нийса я еккъа цхьана Нохчийчоьнца йоьзна яц, уьш дукха шуьйрох ю къоман я меттигийн дозанел. Цуо ша иштта дийцира шен нохчочун синкхетамех лаьцна.

Шерипов Инал: „Шеко а йоцуш, бераллехь синан кIоргенашкахь дисина долу хIуманаш – уьш шайн лар ца юьтуш ца Iа. Цара шайн тIеIаткъам бо стагана цуьнан доллучу дахарехь. Олуш ма-хиллара, шех ведда стаг цхьанхьа а вахалур вац. Нохчийчоь сан дагчохь а ю, сан хьеца а ю.

Ойланашца а ю. Даима а ойла а йо ахь, муха хIун гIо дийр дара теша хьайн махкана, олий. Цуьнца цхьаьна со дуккха а кхечу къаьмнийн векалшца а уьйрехь ву, тайп-тайпанчу культурашца а.

Суна хетарехь, хIора стаг шен замане хьаьжжина кхиа веза. Вайн даима а дозалла дина, дан а до, вай вешан махкаца уьйраш йолуш хиларх а. Цуьнца цхьаьна вайна хаьа, дуккхаъ вуон хIумнаш а, осала а, зуламе а хIумнаш а, къоман цIарх бахьана а деш, цхьаццаболчара лелош хилар“.

Шерипов Иналан ленташ кхин дIа дуьненаюкъарчу фестивалашкахь дакъа лоцуш ю. Шеко яц карарчу хенах уггаре а вевзаш волчу нохчийн режиссеран цIе Маршо радион ладогIархошна а, шуьйрачу киноезархойн могIаршна а кхин а хийла хезар ю бохучух.