Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан думера депутатана Саралиев Шамсаилна совгIат дина Доьналлин орденца. Украинана дуьхьал боьдучу тIамехь йийсархой дIасахуьйцу хеттарш луьстуш ву иза, делахь а хууш дац, хIун динчунна совгIат дина цунна. ГIадужу-баттахь а кхин дуьйцуш хIума а доцуш, Невский Александран орден йелира цунна.
Парламентан кхеташонаш дIахьочу хIусамчохь дIабаьхьира совгIат дIалуш хIоттийна барам, нохчийн депутатана орден дIакховдийра Оьрсийчоьнан парламентан куьйгалхочо Володин Вячеслава. Цунах лаьцначу оцу хаамехь Нохчийчоьнан куьйгалхо тIетевжина Путинан омрана. Делахь а, гIадужу-баттахь а санна, бакъонан информацин официалан сайта тIехь оцу кепара омра дац.
Кадыровс чIагIдарца, Невский Александран орден кхачийра Саралиевна, "парламентаризм кхиорехь цо доккха дакъа лацарна, жигара низамаш дахаран болх барна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а".
- Шамсаил Саралиев 2011-чу шарера схьа дуьйна ву Оьрсийчоьнан парламентан декъехь, 2016-чу а, 2021-чу а шерашкахь "Единая Россия" партин тептарехула хаьржина ву иза. Дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовс а ву иза. Парламентехь болх бечу 11 шерачохь кхеташонашкахь 20-зза бен вистхилла вац иза. ТIаьххьара дош элира цо Соьлжа-ГIалара кIоштийн кхелийн цIераш хуьйцуш низаман проект йийцарейеш, цул хьалха – 2021-чу шеран дечкен-баттахь. 2011-чу шарера схьа дуьйна Саралиев юкъахь волуш 44 низаман проект кхоьллина. Дустуш аьлча: 2021-чу шарахь Думехь 505 низам тIеэцна "Гарант" компанин хаамашца, 2016-чу шарера схьа дуьйна иза уггар лахара барам бу.
- Стохка чиллан-баттахь Саралиев Шамсаила хьийхира Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсашкахь бистхиларна доза тоха деза, экстремизмана а, терроризмана а бехкебина, федералан лехамашка беллачу нахана аьлла. Инициатива коьрте еана хила тарлора, федералан лехамашка велла ЯнгулбаевгIеран ши ваша – бакъоларъярхо Абубакар а, оппозиционер ИбрахIим а вистхуьлуш хиларна зорбанашкахь.
- 2021-чу шеран гезгамашин-баттахь Саралиевс юкъадаьккхира, "мигранташца проблемаш" йерзон еза, царна тIехь дийнахь а, буса а терго латтош, болх бина бевллачул тIаьхьа аэропорте уьш дIа а кхетош аьлла.
- 2021-чу шеран марсхьокху-баттахь цо кхайкхамбира Apple компанин векалшка, картанаш тIера украинхойн версихь "гIалат нисде", "украинхойн халкъ а, йоллу йукъаралла а тилкхаз ца йоккхуш" аьлла, цу тIехь Нохчийчоь Ичкери аьлла билгалйаьккхинера.