Нохчийн а, оьрсийн а маттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дечу дIахьедаршна юккъерчу башхаллина тIе тидам бохуьйту интернетехь. Нах байъарца кхерамаш тийсар, шен критикашна чIир кхайкхор, Нохчийчохь тIом бинчу оьрсийн эскархошна критика йар – и дерриг регионан куьйгалхочо нохчийн маттахь дуьйцу, амма оьрсийн маттахь оцу темех лаьцна церан къамел мелла а собаре хуьлу. Республикан бахархойн цабезамна а, Кремло къобалварна а юккъехь Кадыровс баланс латто гIертар ду иза, дийцина эксперташа.
ТIаьххьарчех цхьа масала ду – Кадыровн телеграмерчу каналера пост. Цигахь цо критика йо Украинан агIо лаьцна оьрсийн эскаршна дуьхьал тIомбечу нохчийн лаамхойн батальонашна. Къобалъянзачу Ичкерин пачхьалкхан урхаллин куьйгалхо Закаев Ахьмад нохчийн маттахь аьшнашво цо, кхерамаш а туьйсу. Арахьара хьаькам вийначунна республикехь "хьолаца долу дахар" хьехна цо.
"Закаев (Украинан дозанех – билг.) тIеман конфликтехь ву. Иза карийнчо ве веза – аша герзаца и газа йийча, ас цIахь маршо а, дахар чекхдаллалц даьхний а латтор ду… Шух муьлхха а цIа ван йиш ю, аша цхьа хIума кхочушдахь, йа Закаевна тIера хеча йоккху, йа цунна коьртаха герз туху", - дIахьедина Кадыровс.
Эмоционале видеохаамца цхьаьна текст арахецна цо, нохчийн маттахь ца кхетачу наханна лерина – кхерамаш а, гуш-хезаш иза вен бохуш кхайкхамаш дар а гоч ца дина цо. Хьалхо хьаькамо шен йоьдучу эфирехь Закаев "сийначу цIергахь вагор ву" аьлла, дош деллера.
Your browser doesn’t support HTML5
ТIеман зуламхо "лехар"
Республикан куьйгалхочун даржехь ша болх бан волавелчхьана дуьйна Кадыров чолхечу хьолехь нисвелла: Нохчийчохь ши тIом боьдучу юкъанна тIепаза нах барна, Iазап латторна, нах байъарна бехкенаш жоьпалле озабе бохуш махкахоша дечу тIедахкаршна реакци йан езара цуьнан. ТIеман зуламаш лелийна болу оьрсийн инарлаш, эпсарш а жоьпалле озорехула дIахьочу "жигарчу юридикан белхах" лаьцна дуьйцура ишттачехь Кадыров Рамзана.
Масала, 2015-чу шарахь "нийса йоцу" маж лелорна лаьцначу кегийрхошна довдеш волчу Кадыровс дийцира цаьрга, Нохчийчуьрчу 2000-чу шерашкахь лерринчу операцешна куьйгалла дечун гIовс хилла волу инарла майор Студеникин Александр карош вац шена, бохуш.
"И лоьхуш ву со, тIаьхьваьлла лелаш ву, аса боху: дIалацийша иза. Цунна тIекхачалуш вац со. И волчу заманахь нах байъарш хилира, 2002-2004-чу шерашкахь. Царна тIекхача гIерта тхо, кху дуьненахь мел волу юристе орца а дехна. Бехке берш жоьпалле озийна", - иштта жоп делла Кадыровс федералхоша шен лачкъийна да схьалохуш гIо дехначунна.
Амма Студеникин "леха" хьашт дацара – оьрсийн тIеман хьаькам кхиамца шена политикан карьера йеш вара тIаьххьарчу шерашкахь, цхьаннах лечкъаш вацара, лакхара даржашкахь а вара, коллективан кхерамазаллин Бертан Вовшахтохараллин (ОДКБ) Юккъерчу штабан куьйгалхочун даржехь а хилла иза. Цул сов, ша бинчу балханна Доьналлин а, "За военные заслуги" а орденаш елла цунна.
Нохчий къарбарехула елла ю цунна карт-бланш, политикехула елла яц
Оццу хенахь, федералан ницкъахой а, хьаькамаш а уллохь болуш, Кадыровс Нохчийчохь тIом бинчу оьрсийн эскархойх "даймехкан хьакъболу хадархой" аьлла, церан беркатца "Нохчийн республика ехаш, кхуьуш ю" бохуш дийцина цо.
Шен "раж йохарна кхеравелла" ву Кадыров, тIаккха ша тIеман зуламхой жоьпе озор бу бохучунна кIелахь бух бац, аьлла тешна ву "Европерчу нохчийн Ассоциацин" куьйгалхо Муртазалиев Аслан.
"ТIеман зуламхой жоьпалле озор бу бохучух къамел хила а йиш яц. Нохчий къарбарехула елла ю цунна карт-бланш, политикехула елла яц. Ша йинчу ямартлонна терроризмаца къийсам латторца бехказавала гIерта иза", - аьлла хета Муртазалиевна.
Ликвидаци йинчу "Мемориал" центран хаамашца, Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь нах тIепаза бар кхаана тIера пхи эзаре кхачалц хилира, амма оцу терахьна хьокъехь кхоъ кхелан сацам бен бац. Бакъоларъярхочо Черкасов Александра бахарехь, Кадыров Рамзана муххале а шен муьтIахь йина оперативан-лехамийн шолгIа бюро (ОРБ-2), цундела республикехь "и зуламаш талла стаг ца виссина".
Экаме баланс
Оьрсийн хьаькамашна муьтIахь хила гIертарца доьзна ду Кадыровн оьрсийн маттахь кIеда хилар, аьлла хета Кавказ таллархочунна, Прагерчу Карлован университетан политехникан Iилманийн Институтан профессорна Эмиль Асланна.
Оьрсийчуьра ницкъахой огIазбахийта ца лаьа Кадыровна
"Цхьана агIор оьрсийн ницкъахой огIазбахийта ца лаьа Кадыровна. Вукху агIор йоккха социалан гIортор оьшу цунна Нохчийчохь. И гойту цуьнан тIаьххьарчу дIахьедарша, масала, Нохчийчоьно мобилизацин план тIехсов кхочушйина бахаро", - дуьйцу профессоро, иштта цо тIетуху, Кремлехь Кадыровн "блат" хилар.
Федералан Iедална шен муьтIахь хилар а гойтуш, тIаккха нохчийн маттахь царна Кадыровс критика йарна дуьххьара тIе тидам бахийтира "Новая газетан" журналисто Политковская Аннас. Ша еллачу интервьюхь цо дийцина, цхьана хеначохь оьрсийн куьйгаллина муьтIахь а волуш, нохчашна луург а дуьйцуш, "вуно чIогIа аьшпиг" и хьаькам. Ши де даьлча Политковская йийра шен хIусамна чуйоьдучехь.
Гочдаран халонаш
Республикехь адамийн бакъонаш хьешарх лаьцна дуьйцучу бакъоларъярхошна а, критикашна кхерамаш тийсарехь а лелабо Кадыров Рамзана нохчийн мотт. 2019-чу шеран лахьан-баттахь "элдит даржош, хьагI кхуллуш, питанаш лелош" леларш "байъа, набахте хьийсо, кхеро" дош делира хьаькамо. И дIахьедарш резонансе хилира, журналисташа гоч а дина, гIардаьхча.
Кадыровс тIаккха сихонца дIатессира шен дешнаш, "шена зулам хила луучу наха" къамел харц гочдина бохура, схьадийцарехь, нохчийн ламастехь ду забаран кепехь "ас хьо вуьйр ву" алар. Амма нохчийн мотт хуучара чIагIдо, цигахь цо билггал вуьйр ву бохуш нисс дIа кхерамаш тийсина хилар. Талламан комитетехь реза ца хилира Кадыровн дешнаш талла, уьш зорбанаша "нийса гочдина дац" бохура.
Нохчийн парламентан куьйгалхочо, Кадыровн уллерчу накъосто Даудов Мохьмада блогерна Абдурахманов Тумсона чIир кхайкхийча а "нийса гоч ца дина" бохуш бехказдуьйлура республикан Iедал. Оцу хенахь хьаькамо хьехнера Абдурахмановна "дIавижале неI кхевлина юй хьажар", иштта дош деллера, цуьнан "тамашеначу кепехь самукъадаккха". Оьрсийн а, дуьненаюкъара а зорбанаша цунна тIе тидам бахтийтича официалера Нохчийчоьнна бехкенаш карийра – журналисташ.
Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзалхошна "коьртеш даха" бохуш нохчийн маттахь кхайкхамаш дира Кадыровн гонерчу хьаькамаша. Амма хIинца бехказа ца бийлира Нохчийчохь. ЯнгулбаевгIарна дуьхьал репрессеш лелочу юкъанна Кадыров Кремле кхайкхира, тIаккха оцу доьзална хьокъехь деш хилла шога дIахьедарш севцира. Амма аьлла даьллачун хьокъехь цхьа а жоьпалле ца озийра.
Республикан куьйгалхочо адамийн бакъонаш хьоьшу, амма цунах жоп ца ло, аьлла хета юкъараллин "Толам" боламан куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатана.
"Нохчийчохь репрессеш лелоран карт-бланш елла Кадыров Рамзанна Путин Владимиро. Оьрсийчоьнан дозанехула даржа мега иза, нагахь санна иза гIардера дац аьлла бехкамца. Цундела ю цуьнан нохчийн а, оьрсийн а метташкарчу дIахьедарш иштта башхалла", - аьлла Сулеймановс.
"ЖамIаш" дар
Нохчийн маттахь Кадыров Рамзана лач агIор тIечIагIдо меттигерчу низамлардархоша шайтайпа белхан методаш лелайо бохург – цунах лаьцна журналисташа масийттаза дийцинера. Ницкъахошца хиллачу кхеташонехь Нохчийчуьрчу къайлахчу дуьхьалонан боламех лаьцна дуьйцуш волчу Кадыровс дIахьедира, жамIаш дарехь ницкъахоша муьлхха а шайн карахь йолу методаш лелайо.
"Иза [дуьхьалонан боламан декъашхо] валахь, и дIавахна хила веза, йа вийна хила веза. Вайн республикехь цуьнан вала меттиг бац. ХIунда аьлча, дийнахь, буьйсанна шу тIаьхьдевлла лелаш ду, тIемадаьлла доьду хьоза дIалаьцна а, жамIаш гайта гIерташ ду шу", - аьлла Кадыровс оьрсийн регионашкахь зуламаш талларехь уггар дика жамIаш хиларх лаьцна дуьйцуш ницкъахошца хиллачу кхеташонехь.
Меттигерчу пропагандин коьртачу маьIнаца догIуш доцу терахьаш дуьйцуш а лелабо Нохчийчоьнан куьйгалхочун гоно нохчийн мотт. Иштта, парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада латкъам бина, республикан бахархой кадыровхойн батальнашкахь болхбан лууш бац, аьлла. Цо бахарехь, Устрада-ГIалара 412 мискачу доьзалех кхо боьрша стаг бен реза ца хилла "Нефтеполкехь" болх бан. Дуьхьалберш царна догIучу гIонах хедабе, аьлла тIедожийна цунна жоп деллачу Кадыровс.
Амма республикан экономикан, социалан, кхин а муьлхха кхиамех лаьцна дуьйцуш болчу хьаькамаша дукхачу хьолехь оьрсийн мотт лелабо.