ГIебарта-Балкхаройчохь Зольскан кIоштара Залукокоаже, Батех, Кичмалка эвлашкара школашкара дешархой классаш чу ца битинера коьртахь йовлакхаш, хьиджабаш йолуш. Дуккхаъ дайша-наноша дехарш динчул тIаьхьа республикин куьйгалло "школашка лела новкъарло ма йе дешархошна" аьлла, хьийхира, дийцина меттигерчу динан урхалло.
ГIадужу-беттан 2-чу дийнахь дуьйна Зольскан кIоштара школашкахь дIайазйина видеош йаржон йолийра социалан машанашкахь. Цхьана ролика тIехь, хетарехь Залукокоаже эвлара номер 1 йолчу школехь йаьккхина йу и, шина йоьIан-дешархочун нанас дуьйцу, шен зудабераш фатхьи бахьана долуш чу ца буьту бохуш. Коьртахь йовлкхаш долу масех дешархо йу шайн наношца кетIахь лаьтташ.
Батех эвлахь йаьккхинчу видео тIехь йовлакхаш техкина дешархой класса чу ца бохуьйту. Кичмалка йуьртахь оцу бехкамо эргIад бахийтинчаьрга "школан декъа тIера арадовла" аьлла, дехар до. Оцу кепара чолхаллаш Iиттайаларх хаамбира Зольскан кIоштара кхечу эвлашкара а – Нартанера а, Хабазера а, Светловодское эвлара а.
Махкара динан урхаллехь бакъдира, "билгалдаьхна хIуманаш хилар", амма дайша-наноша дехарш дарна республикин куьйгалхоша омра дина "дешархошна новкъарло ца йан школе лела". Гезгамашин-беттан 3-чохь Зольскан кIоштан администрацин куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Гятов Руслана бовзийтира школийн директорийн а, эвлийн куьйгалхойн а сацам -цо йаздо "школехь лело тIедожийна духар ца лелон йоьIарий" деша чубита аьлла.
Карарчу хенахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан Iедалхоша дийцарш долийна "дешаран хьукматийн нормативан документашкахь" хийцамаш барх лаьцна.
- Хьиджаб лелорна Новочеркасскера лоьрийн колледжера дIайаьккхина Дагестанера кхо студент йухаметтахIоттийра. Конфликтах лаьцна хаамийн гIирсашкахь дийца даьккхича дешаран хьукматан директоров Шикуля Игоря кхетийра, уьш дIабохуш бина сацам колледжан чоьхьарчу низамашца доьзна дара аьлла.
- Дешаран шо доладелчхьана Оьрсийчохь рогIера скандал иккхира хьиджабаш йоьхна зудабераш урокашка чу ца дитича. Тюменера номер 88 йолчу школин директоро шен дехкарх кхетийра "массарна а лелон тIедожийна духар ца лелийча, берашна йукъахь социалан башхаллаш кхоллайолуьйту" аьлла.
- Нохчийчуьра школашкахь церан динан кхетамца догIу духар леладайта бакъо лучу хийцамаша светский олучу дешаран хатI талхадо пачхьалкхан школашкахь, царна корректировка йан йеза аьлла, дIахьедира Москвара патриархихь.