19 шо долчу студентан кхалхар тидам боцуш дуьту Нохчийчуьрчу Iедало. Iазап латтийна ларш йиссина цуьнан дегIа тIехь

Нохчийчохь. Гайтаман сурт

19 шо долчу Майртуьпара вахархочун Алиев Денин дакъа карийна бутт баьлча а бехктакхаман гIуллакх доло дуьхьал хилла Нохчийчуьра Iедал. Цуьнан дегIа тIехь Iазапаш лелийна ларш йиссина, боху бакъоларйаран "Мемориал" центро.

Церан хаамашца, меттигерчу вахархочунна карийна Алиевн дакъа Курчалойра тIай кIелахь лахьан-беттан 29-чу Iуьйранна. Жимчу стеган цIийнна 300 метр генахь ду и тIай. Майртуьпан эвла Курчалойна уллохь йу.

Алиевн дакъа гиначех цхьамма дийцина бакъоларйархошка, къизаллаш лелийна ларш йара цунна тIехь аьлла: лаг тIехь тIергах йа муьшах йиссина чевнаш, куьйгаш тIехь Iаржйелла меттигаш - цуьнан ши куьг дIадихкина хила тарло, чIенгана кIелахь – дагийна чкъор хиллера, хетарехь, сигаьркаш тIеIиттина. "Мемориалан" хаамашца, ший а ког кагбина хилла Алиевн. Дийцинарг тIечIагIдеш цуьнан декъан сурт кхаьчна бакъоларйархошка.

Меттигерчу бахархоша дийцарехь, ша кхалхале масех де хьалха къайлавелира Алиев Дени – Соьлжа-ГIаларчу Мехкдаьттан университетан студент вара иза. Амма цуьнан дас чIагIдо, лахьан-беттан 28-хь шен кIант шайн хIусамехь вара бохуш. Меттигерчу бахархоша дуьйцу, Алиевс шена тIе куьг даьхьна бохуш чIагIдо ницкъахоша – и версии тIечIагIйина йац. Жимстаг кхалхарна тIехула бехктакхаман гIуллакх ца долийна, йа таллам барх хаамаш бац.

  • Iалхан-ГIалахь кху шеран дечкен-баттахь лечкъийначарлахь хилла боксехула дуьненан чемпион волу Саламов Iумар. 10 бутт баьлча маьршаваьккхина иза – Соьлжа-ГIаларчу къайлахчу набахтехь Iазапехь латтийна иза. Саламовна тIехьбевлла леларан бахьана девзаш дац – хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана иза хестийнера шен къамелехь.
  • Iалхан-ГIалахь дуккха а нах лецарх дийца даьккхира дечкен-беттан 9-чохь, хIетахь хаамбора, цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь уьш латтош хила тарло бохуш. ТIаьхьо "Мемориало" тIечIагIдира дечкен-беттан ворхIолгIачу буса 25 гергга стаг лачкъийна вигина хилар. Охан-баттахь "Мемориална" билгалделира, 1алхан-Г1алара лечкъийнарш Соьлжа-Г1аларчу СИЗО-хь латтош бу, иштта царна дуьхьал бехктакхаман г1уллакхаш долийна хиларх а – низамехь йоцуш герзаца цхьанакхетараллица боьзна бу аьлла.
  • Лачкъийначарлахь вара СолсаевгIеран ши ваша ваша – Леча а, Хьамзат а. Церан гергарчо чIагIонаш йора, Соьлжа-ГIалахь царна тIехь гIело латтайо мехкан Iедалхошна лерна бохуш. Иштта балехь валлош хиллера лачкъийна кхин цхьаъ а, Мусаев Iусман; тIаьхьо цуьнан гергарнаш а дIабигинера. Зазадокху-баттахь СолсаевгIеран вежарийн да сингаттам хиллачул тIаьхба кхелхинера инсульт хилла.
  • Чоьхьарчу гIуллакхийн официалан хаамашца, 2018-чу шарера схьа 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь вайна 5 эзар гергга вахархо, ткъа билггал хьаьжча, уьш кхин а алсам хила тарло. Дуккха а нах лечкъош хилар сацочу меттана, Оьрсийчоьнан Iедалхоша йаржийна и практика, шайна чудогIучу кхечу дозанаш тIехь а, аьлла хета бакъоларйархошна.
  • Нах лечкъош, бертаза уьш къайлабахар шуьйра даьржина ду Нохчийчохь, масийттазза билгалдаьккхира и бакъоларйархоша а, дуьненайукъарчу организацеша а, шайлахь "Мемориал", "Iазапашна дуьхьал Команда", ООН-н адамийн бакъонашкахула йолу Комитет а, Human Rights Watch, Amnesty International а йолуш.