Швейцарихь йехачу нохчийн йоIа-боксхочо Эльбукаева Амината дIахьедина муьлш бу ца хуучу пхеа стага шена тIелатар дарх. ТIелеттачул тIаьхьа дIайазйинчу видео тIехь гуш йу иза йуьхьа тIехь цIийшца, хедийна меттигашца, инстаграме хIоттийна цо видео.
"КIиллойн жIуга" олу цо шена тIелеттачех, чIагIдо Iедалхошка йала дагахь йу ша аьлла, цара шена хьалха "кху дуьненахь а, вукху дуьненахь а" жоп лург хиларх чIагIо йо цо.
ТIелеттачийн наношна лерина видео нохчийн маттахь дIайазйина цо. ТIаьхьо спортхочо билгалдаьккхира, шегарчу хаамашца Швейцарера арабовлучу заманчохь шена тIелеттарш лецна аьлла.
Германихь йехачу Liyen Sheik инстаграм лелочу нохчех йолчо чIагIдо, кест-кеста нохчашкара кхерамаш кхочу Эльбукаева Аминатана, цуьнан леларна реза боцчу нахера аьлла. Liyen Sheik-ан хаамашца, йоIана дина тIелатар бахьана долуш пIендарш кегдина цуьнан, корта а лазийна, "латта Iемина иза ца хиллехь, дийна йиссина а хир йацара" аьлла. Оцу публикацина репост йина Эльбукаевас.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун воккхаха волу кIант Калыров Ахьмада, оцу хенахь кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллин куьйгалхо вара иза, зазадокху-беттан 20-чохь тIедиллира шен куьйгакIел болчарна нохчийн ламасташ социалан машанашкхаь "бехдийраш" леха аьлла. Карабаьхкинчаьрца "кхетош-кхиоран къамелаш" дийр ду аьллера. Кавказ.Реалиин редакцино къастийра, шолгIачу дийнахь дозанал арахьа рейдаш йолийра машанехь махкал арахьа вехачу Макалов Сахьаба. Цо гучубоху кхиазхой, камерана хьалха дIа а хIиттина гечдарш доьхуьйту, церан нахе уьш дIахьебо. Нохчийчуьра цхьана йоьIан корта а баьшна, цуьна коьртах баьццара коьчал хьаькхнера цуьнан цхьахволчу гергарчо.
- 2023-чу щеран гIуран-беттахь Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, нохчийн халкъан мехаллаш шеконе дохкучу меттигерчу спортхошца а, блогершца а "шога болх бан" беза аьлла.
- Стохка лахьан-баттахь Ибрагимов Iийсас- цу хенахь мехкан спортан а, кегийрхойн политикан а министр вара иза – гоьбевллачу блогерийн-спортхойн Тамаев Асхьабан а, Эмиев Iаьрбин йуьхьйаьккхира. "Нохчашлахь товш йоцчу шоухь" кхин дакъалоцур дац шаьш аьлла, дош делира цу шиммо. ХIун динчунна бехкаш даьхнера блогершкара, хууш дац.