Махкара 26 шо долу Сулейманова Седа нохчийн ницкъахоша Санкт-Петербургехь лачкъийна – стохка йеддера иза цIера, ша "сий Iалашдеш" гергарчара йерна кхоьруш. Цо къола дина хилла аьлла шеконашца Нохчийчу йуьгуш йу иза – адвокатана ца карайо лачкъийнарг, хаамбина кризисан "СК SOS" тобано.
Марсхьокху-беттан 23-чохь Сулейманова а, цуьнца хилла Кудрявцев Станислав а дIадигира Петербургера петарера веа стага, царех шиммо шаьш полицин белхахой ду элира биссинарш могIарерчу нехан духарца бара, дийцина Кудрявцевс бакъонашларйархошка. ЙоI а, Кудрявцев а гIалин 54-чу полицин декъе далийнера. Жимстаг дIавахийтина, ткъа Сулейманова сацийна 150 эзар соьмана цо хIуманаш лечкъийна аьлла. ЙоIехь хIуммаъ а карийна йац, официалан версица, хьенан хилла уьш а – хууш дац.
Ницкъахоша дIахьедира лачкъийначун адвокате, Сулейманова Соьлжа-ГIалара полицин декъе йуьгур йу, ткъа Кудрявцевга аьллера, Ахматан (Ленинан) декъе. Пулковн аэропортехь йоI карон аьтто ца баьлла, иза зIене йолуш а йац.
Кху шеран чиллин-баттахь Сулейманова лачкъон гIоьртинера цуьнан вежарий, цул тIаьхьа болх а, ша йеха адрес а хийцинера цо, дуьйцу "СК SOS" тобано. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь бакъоларйархошка орца дехнера цо, ша кхачам боллуш динехь цахиларана, гергарчара "сий лардеш" йерна кхоьруш. ТIаккха Нохчийчуьра йеддера йоI.
Бакъоларйархошна хетарехь, къола дина аьлла и гIуллакх шайггара къоьллина хила тарло, хIунда аьлча, оцу бахьанашца Нохчийчохь лечкъош бу нах.
- 20 долу Исмаилова Селима лецира мангал-беттан 12-хь Москварчу "Внуково" аэропортехь, доьзалехь латточу гIелонах йедда иза, Оьрсийчуьра дIайаха арайаьллера. ШолгIачу дийнахь нохчийн ницкъахошка дIайелира иза. Исмаилова лацаран бахьана цуьнан гергарчара полицехь цо къола дина аьлла дина дIахьедар дара. Исмаилова Селима лачкъийна кхо кIира ахкIира даьлча меттигерчу каналан эфирехь цо дIахьедира, ша паргIат йита, кхерамзаллехь йу ша аьлла.
- 2019-чу шеран аьхка 20 шо долу Нохчийчуьра йахархо Сугаипова Заира йедира цIера – бахьана хиллера - бертаза цуьнан нах иза маре йала хьовзар. "Китеж" кризисан центрехь лечкъийна Iийра Сугаипова масех дийнахь, амма цуьнан наха тIаьхьа а бевлла, бертаза йухайигира иза даймахка. ТIаьхьо ЧГТРК "Гроный" телехьожийлан эфирехь сюжет гайтира, цу тIехь Заирас бакъ ца до, шена доьзалехь ницкъбар, "феминисташа хаздинера" шена элира цо йадар.
- 2021-чу шарахь нохчийн ницкъахоша лачкъийра Тарамова Хьалимат – Кадыровн гонерчу Соьлжа-ГIалара "Гранд-паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI йара иза. ХIинжа-ГIалара шелтерехь лечкъина хиллера иза кхечу зударшца цхьаьна – арабаьхначу царна а йиттинера.
- Цул хьалха Тарамовас видеокхайкхам бинера: доьзалера шен лаамехь дIайахна ша, денна йетташ, кхерамаш туьйсура шена, йоIе безам хиларна аьлла. Нохчийчоьнан Iедалхоша дукха ца Iаш дIахьедира, лачкъийначо латкъамаш бина бац аьлла, ткъа меттигерчу телеканало Хьалиматца сюжет йаьккхира. Цу тIехь а дикачу агIор дуьйцу цо шен нахах лаьцна.
- Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байарх "Правовая инициатива" проекто бинчу талламо гайтарехь, 2008-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц схьа 39 адам дийна, царех кхоъ борша стаг вара. Бакъоларйархойн хаамашца, дукха хьолахь дойу марехь доцу зудабераш, йа марера цIабаьхкина кегий зударий, цхьа наггахь нисло цаьрца марехь берш а. Дайша, вежарша, хIусамдайша, девежарша бойу уьш.