Немцойн канцлер Меркел Ангела ког-салазаш хахка яханчехь лазийна. Дийцарехь, цуьнан ког-салазаш дукха тиша а, йорах а хиларна нисделла иза.
Меркел Ангела ког-салазаш хахка яханчохь лазийна аьлла немцойн урхаллин пресс-секретар волчу Зайберт Штефана дIакхайкхор шина бахьанийца тамашийна хетало. Хьалхарниг – цкъа мацах советан пачхьалкхан куьйгалхой, ткъа хIинца Оьрсийчоьнан хийцало ца ло тхьамда Путин Владимир а, вуо-дика цомгаш хилар я лазор къоман а, пачхьалкхан а къайле а йой, лардеш хилар Iеминчарна цеце хета, Малхбузера куьйгалхой, муьлха а кхиндолу адамаш санна, цамгаро лаца а, чов хила а йиш йолуш хилар а, иза цхьаммо а лачкъош ца хилар а.
Шо хьалха Путин Владимиран сторх олучу гIургIезийн кепаца тIома вала а вахана, букъ лазийначу хенахь, Кремло иза дехха дацаре дира, мухха а журналисташна а, юкъараллийна а иза ша-шаха гучудаллалца. Ткъа Меркел цомгуш хилар цуьнан хьукматхоша шаьш дIакхайкхош ду.
Шозлахниг цу хиламехь тамашийна дерг – мича бахьанца лазийна Европехь уггаре а нуьйкъалчу а, таронечу а пачхьалкхан куьйгалхо, дуьненчохь уггаре а нуьцкъала ларалуш йолу зуда? Иза дера лазийна ша хохкуш йолу ког-салазаш дукха тиша а, йорах а хиларна.
Мацах цкъа ткъо шо сов хан хьалха, ша канцлер хIоттале а дикка генахь, ша шен чотах эцна хилла йолу, хIетахьлерачу Малхбалерчу Германехь Гермина фирмано йина хилла а, хIинца кхин еш йоцу а дечиган ког-салазаш хилла цуо лелош ерш, хIинцалерачу ахчанца цхьа бIе евро герга мах болу.
Дустархьама ала догIу, вайн заманахьлера тоьллачех йолчу ког-салазех мел кIезга а 500 евро доьху, амма масех эзар евро кхаччалца хила а йиш ю и мах. Еккъа цхьана мехаца хилла ца Iа ширачу а, керлачу ког-салазашна юккъера башхаллаш – вайнзаманахьлераниш кхерамазаллийна а, шера хахкаяларна а дуккха а гIолехь ю.
Меркел Ангела, массарна а хууш, ког-салазаш хахкар дезаш а, хIора шарахь Iай цхьана-шина кIирана шен балхах мукъачу хенахь уьш хахка лаьмнашка йоьдуш а ю. Хийлаза тидам бинера журналисташа, цуо лелочу ког-салазийн тишаллин. Ур-атталла цу Гермина фирман куьйгалхочуо масех шо хьалха шен цхьана интервьюхь кхайкхам а бинера Меркеле, и шира салазаш ма лелаяхьара, уьш хIинца кхераме ю, шаьш хьуна шайн керла модел совгIатна а лур яра, аьлла. Амма кхоамечу канцлера и кхайкхам тергал а ца беш битнера.
Тамашийна хетало иза, Оьрсийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а хьаькамийн гIиллакхаш девзачарна. Меркел санна ког-салазаш хахкар дезаш волчу Путин Владимирс хIора шарахь ког-салазаш хохкучуьра сарташ зорбане девлча, блоггерш а, журналисташ а дагардан хIутту, хIун мах болуш ю цуо хоьхку салазаш а, цунна тIера салазхойн духар а.
Дукха хьолахь Японерчу Mizuno фирмано дина долу духар хуьлу шен патриоталлийца вевзаш волчу Оьрсийчоьнан президентана тIехь, гергарчу хьесапехь 1000 доллар мах болу. Ткъа цуо хохку ког-салазаш, Германерчу Фишер фирмано йина йолу мел кIезга а, 700 бIе евро мах болуш ю.
И Оьрсийчуьрчу а, Малхбузерачу а куьйгалхойн гIиллакхийн тайп-тайпаналла дика евзаш ю доллчу дуьнентIехь а. Куьйгалхойн хилла а ца Iа. МогIарерачу бахархошна юккъехь а ю изза башхалла.
Нагахь санна Малхбузера нах, уьш я артисташ а, телеседарчий бацахь, шайн хьал хьулдеш Iедал долуш белахь, Оьрсийчуьра хьоладай шайгара таронаш массарна а дIагайта гIерташ амал йолуш хуьлу. Белгехь вехачу политолога Асхьабов Хьамзата иштта дуьйцу цу „керлачу оьрсашний“, европахошний юккъерачу башхаллех лаьцна.
Асхьабов Хьамзат: „70 шарахь йоллучу Советан пачхьалкхан бахархоша вовшахтоьхна рицкъ ма дуй цу оьрсаша хIинца дIасахохкуш дерг. Дикачу агIор ца бевза кхузахь и тароне оьрсий. ХIунда аьлча, кхузара ахча а, бохча а долчу нехан, - шаьш доккхург лечкъош даккха а ца дезаш, низамца догIуш ма -хиллара шайн и даккха йиш хиларх терра, хаза шортта ясакх Iедална дIа а луш, - царна юккъехь иштта хIума сийлахь дац.
И шайн рицкъ Iено гIертар а, иза нахана дIагайта гIертар а дан а дац. Мелхуо а, таро алсам мел хуьлу а, нахана юккъехь оьзда лелар тIедужуш Iадат ду церан, шаьшна юккъехь уьш муххаъ лелахь а“.
Ала догIу, Меркел Ангела цхьаъ бен йоцург яц лакхарчу даржашкарчу Малхбузерачу куьйгалхойх, кIеззигчу хIуманах тоам беш ерг. Иза шен кхоамаллийца евзаш елахь а.
Британин коьртачу шахьаран Лондонан гIалин да волу Джонсон Борис, масала, массарна а хууш, вилспетаца дIасалела балха а, шен долахьчу гIуллакхашка а. Доллучу дуьнентIехь а даьржина иза, коьртахь вилспетхахкархойн шлем а йолуш, ги тоьхна рюкзак а йолуш, ши чIуьрг йолчу динахь балха дIасавоьдуш даьхна долу сарташ.
Иза санна вилспетаца лелаш ву Исландерчу Рейкьявик гIалин да Йоне Гнарре а. Ткъа ши бутт хьалха шен даржера дIаваьлла волу Нью-Йоркан мэр Блумберг Майкл, - ала дашна, дуьненчохь уггаре а таронечу нехан могIарехь 13-чу меттехь волу, - даима а метроца лелара дIасхьа. Ма хала дара аьлла дагадогIу ишттачу хьолехь, Москохан мэр я Соьлжа-гIалин да вилспетаца хьовха, таксица дIасалела ваша а.
Политикаш стенна буьйцу, миллиардераш а хуьлу Малхбузехь ша-башха кхоаме амалш йолуш. Гугл корпораци кхоьллина волу миллиардер Брин Сергей дуьнентIехь уггаре а бехачу нехан могIарера ву. Амма цуьнан шен долахь Мерседесаш а яц, гIопах терра дина даккхий цIенош а дац. Кхаа чоьнах лаьттачу петарахь вехаш ву иза, ткъа дIасалелар метроца ду цуьнан.
Австрера миллиардер Рабедер Карл къечу доьзалехь кхиина вара. Доллучу дахарехь къа хьегнера цуо шен миллиардаш вовшахтухуш. 47 шо кхаьчна, ша гIеметта хIоьттинчу хенахь иза эххар а кхеттера, ирс ахчанца карош доцийла. ТIаккха шен бахамаш дIа а боьхкина, и доллу ахча цуо дикадаран юкъараллашна а, къечарна а хьажийра. ХIинца иза дечигах динчу цIа чохь баттахь 1000 евронах хене волуш ву. Цкъа а ца хиллачу кепара ирсе ву ша а боху цуо.
И тайпа кхетамийн гуолатохар мацца а хилла а хир дацара те керла бевллачу нохчийн совдегаршца а? Тамаша бу хилахь.