"Со гей ву, бохура, шайна болх байта гIертара". Полицехь ечу гIелонах веддачу нохчочун дийцар

Къилбаседа ХIирийчуьрчу полицин декъан пена тIера ницкъабрх йиллина граффити

Соьлжа-ГIалара Мукаев Салман Нохчийчуьра ведда кхаьчна Эрмалойн махка. Цо дийцарехь, даймохк а, доьзал а бита дезна цуьнан, ша борша вац аьлла, полисхоша гIело ян ваьккхича. Салман цара тидаме эцна зударша а, божарша а вовшашца уьйр лохучу сайтехь – мехкаршца юкъарло лелош хилла цо, амма тусаделла иза божаршна гергагIерташ, тIекхайкхина цуьнан гIоьнца кхиболу гей-нах лецархьама.

Эрмалойчуьра ша тIеоьцур ву аьллачу Европерчу пачхьалкхе кхача дагахь вара Мукаев. Амма паспорташка хьовсучара сацийна аэропортехь, аьлла, иза Оьрсийчоьно лохуш ву, кемана хоуьйтийла дац. Хьал иштта дирзича, Эрмалойчоьне тховкIело ехна цо.

Настоящее Время проекте Мукаев Салмана дийцира, ша муха ведда Оьрсийчуьра, шегара хIун даккха гIиртира полисхой.

- Нохчийчуьра ведда, Эрмалойчу кхача муха аьтто белира хьан?

- Такси тIе а хиина, буса аравелира со республикера. ГIалгIайчу вахара, цигара – Москва, Беларусе, ткъа цигара – кхуза, Эрмалойчу.

 Ас интернетехула зударшца юкъарло леладора, цхьаъ моьттина хир ду-кх цуьнца доьзна

- ХIетахь, Соьлжа-ГIалахь хьо тIекхайкхича, полисхоша я ФСБ-н векалша, стенна оьшу бохура хьоьгахула гей-нах леха? И хIун талламаш бу, стенна лоьцу гей-нах?

- Со кхеташ вац. Ас интернетехула зударшца юкъарло леладора, цхьаъ моьттина хир ду-кх цуьнца доьзна. Аьттехьа а вац со кхеташ. Со гей ву бохура, ас шайца болх бан беза бохура.

- Нохчийчуьра хьо вадале гей-нах Iорабехира ахь? Дукха карийрий полисхошна хьан гIоьнца и тайпа борша нах? Ахь Iорабаьхначарна хIун дора?

Соьга элира: "Цхьана кIиранах, чевнаш ерззалц, собарде

- Цкъа а ца лехна ас гей-нах. Церан кехаташна тIе куьг таIадале а я тIаьхьа а хилла дац сан гейшца цхьаьнакхетар, къамелаш а ца хилла. Деккъа дIа со схьа а эцна, сан кочабаьхкина полисхой. Хилла бац суна бевзаш [гей-нах].

- Ахь ма-баххара аьлча, сайтехула гей-нах карабе, бохуш, мел хьийзийра хьо?

- Шаьш со сайн цIавигча, соьга элира: "Цхьана кIиранах, чевнаш ерззалц, собарде. КIира даьлча тхо догIур ду, кхидIа тхан инструкцица болх бийр бу ахь". Амма со оццу сарахь ведира республикера.

- Хьуо "болх бан" реза ву а аьлла, вада аьтто лохуш вара хьо?

- ХIаъ.

- Муха нисделла Эрмалойчоьно хьо кхидIа ца вохуьйтуш, сацор? Хьо аэропорте кхечира, тIаккха?

- Соьгахь виза а, кхидолу документаш а дара – со векалтехула чекхваьлла вара. Ас документаш дIагайтира, цара базехула теллинчух тера ду, хиина, гарехь, Оьрсийчоьно со лохуш вуйла, лаьцна сацийна, кемана ца хаийтина.

- Оцу хьелашкахь Эрмалойчоь а яц хьуна политикан тховкIело яла дагахь?

- Къастадаланза ду. Ас миграцин урхалле дехар яздина, зуьйш бу соьца дерг. Интервью хилла яц цкъачунна.

- Ахь Оьрисйчоьнан Талламан комитете яздина, хьайна Нохчийчохь гIело латтийна, аьлла. Талла дола а диний-те иза?

Со Беларусехь волуш ас уггаре хьалха динарг иза дара – церан сайт а гина, яздира ас цаьрга. Иза мукъаде хиллачух тера дара, жоп ца делира. Кхин цхьа де даьлча, со Кочетковца зIене велира, цо цхьа стаг а къастийна, со цигара цара дIавигира.

Кхерамзалла сайна ю аьлла а ца хета

- Муха ду хьоьгара хьал тахана? Хьаьнгара гIо хиларе хьоьжу хьо?

- Цкъачунна гIо хир ду аьлла ца го суна. Кхерамзалла сайна ю аьлла а ца хета. ГIеххьачул кхерамзалла ю, амма со муьлххачу а сахьтехь дIавала мега Оьрсийчоьне.

- Махкара араваьллачул тIаьхьа хьайн гергарчаьрца зIенехь хиллий хьо, хьайн зудчуьнца?

- ХIан-хIа. Шайн гергарчара дIайигина сан зуда, яц сан цаьрца зIе.

- Ас кхеторехь, Оьрсийчуьра аравала хьуна аьтто бинарш "Кавказ SOS" юкъараллин жигархой бу. Стенна хаьржира аш дIакхочу меттиг Эрмалойчоь?

- Соьгахь арахьара паспорт дацарна, цхьана ханна иза кхераме яц аьлла сацам бинера оха, хIунда аьлча, Беларусехь виса а дара кхераме.

- Ткъа Европерчу пачхьалкхехь хьуна тховкIело арахьара паспорт доцуш а лур ю аьллера?

- ХIаъ.

***

2021 шеран Охан-беттан 19-чу дийнахь конституцин бакъонашкахула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу Европан центро а, "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" а юкъахь арз чуделира Германин федералан кхеле Кадыровн гонахарчу пхеа стаганна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдар доьхуш. Бакъонашларъярхоша уьш бехкебо сексуалан башхаллашца доьзна нах лецарна, хьийзорна, гендеран башхаллашца бахьанехь 150 стаг лаххара а вейтарна.

Яхначу бIаьста дуьненан цхьацца маьIIашкарчу 29 пачхьалкхо карладаьккхира Оьрсийчоьнна гендеран бахьанашца Нохчийчийн Республикехь нах хьийзор зуьйш дуьненаюкъара таллам дIабахьа безаш хилар. ОБСЕ-н (Европан кхерамзаллин, цхьаьнаболхбаран организацин) эксперто 2018-чу шеран ГIуран-баттахь бинчу талламца доьзна дара и дIахьедар. Экспертна карийра Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорца цхьаьна "ЛГБТ-нах луьттуш хилар гойту тоьшаллаш".

Орсийчоьно тергамза дитира и дIахьедар.

Текст схьаэцна "Настоящее Время" сайта тIера.