"Со россиянин вац, нохчо ву". Европехь беха кавказхоша – русофобих лаьцна

ТIе ца эцначу Ичкерин агIончийн Австрера гулам, гайтаман сурт

Оьрсийчоь тIамца Украинана чугIоьртинчул тIаьхьа Евробертан пачхьалкхаш шога санкцеш кхайкхон юьйлира. И хьал лаьттачу юкъанна социалан машанашкахь а, прессехь а хаамаш гучубуьйлу дозанал арахьа бехачу Оьрсийчуьра схьабевллачарна дуьхьала цабезамаш лаьтта, бохуш.

Британерчу Оьрсийчоьнан векалтан сайтехь шайн махкарчу нахаца зIе латторан лерина канал ю кхоьллина, иза дина "сих-сиха гучуюьйлу гIело" бахьанехь, ткъа Германерчу векалто "ЕС-н махкашкахь цIаьххьана русофобин айъяларца" доьзна дIахьедар дина. "Оьрсашна дуьхьала яьккхина риторикал совнаха, нисса дIа сийсазбаран а, ницкъбаран а акташ" гучудийлар кхуьуш ду, бохуш яздо цара.

Дукха шераш хьалха дуьйна пачхьалкх хийцинчу нохчашна атта дуй россиянаш хила, оьрсашна дуьхьал цабезамаш кхиар хаалой царна, хаьттира Кавказ.Реалиино диаспорерчу нохчашка.

Муртазалиева Зара, юкъараллин гIуллакххо, 2012-чу шарахь дуьйна Парижехь еха:

- Украинехь болу тIом – сунна йоккха флешбэк ю. Со хIора денна хаамашка хьоьжучу хенахь юханехьа Нохчийчуьра тIамах а, Украинера хиламех а чекхйолуш санна хетта суна. Политикан хIуманашца сан кIезиг бала бу, халаниг ду бомбанашна кIелахь лармаш чохь хийшина Iачу нехан посташ ешар, чевнаш йинчу а, дайъинчу а адамийн суьрташ тIера бIаьрг дIа ца баккха а. Суьрте хьоьжу, ткъа коьрте ойла йогIу: хIара тхуна гинарг ду, оха лайнарг ду, тхо чекхдоьвларг ду.

Юкъараллехь русофобин дог-ойланех лаьцнарг хьехийча, сан доттагIашна а, со евзачарна а хаьа со нохчо юйла. Мелла а сагаттдеш нах тIеоьхура суна, оцу гIуллакхо вайн яхна хенаш дагаяхкийтарна кхоьруш. Оьрсийн мотт буьйцучу доттагIашкара суна ца хезна уьш хьийзабо, йа шайн къоман билгалонца проблемаш царех Iиттало бохуш.

Лариса М., тегархо, 2012-чу шарахь Бельге схьаеана

ЛартIахь долу адам тIамна дуьхьала ду, иза Путино болийна бу, къомо болийна бац, цундела ца оьшу дерриг Оьрсийчуьра рогIерчу наханна тIететта

- ХIинцале со а, сан оьрсийн мотт буьйцу доттагIий а дискриминацина тIе ца нисбелла, амма сунна шортта хаамаш хеза чаташкахь оцу тайпа инциденташ хилар дуьйцуш, масала, Германехь, Чехехь, амма уьш къаьстина хиламаш ду. Со а ю тIамо зен дина, аса чIогIа сагатдо Украинехь хуьлучунна, цIенчу даггара доглозу украинхойх. ЛартIахь долу адам тIамна дуьхьала ду, иза Путино болийна бу, къомо болийна бац, цундела ца оьшу дерриг Оьрсийчуьра могIерчу наханна тIететта.

Сацита Э., хазаллин салонехь болх беш ю, Швецехь ехаш ю:

- Со цкъачунна иштачу хиламна тIе ца нисъелла. Со мел евзачарна хаьа со муьлхачу кхомах ю а, мичара схьаеана а. Царех цхьамма а сунна Iоттар ца йина хуьлучун хьокъехь, йа со нохчо йара аьлла, йа со, дийцарехь, оьрсийн латта тIера схьаеана хиларна а. Цхьанхьа хила а тарло гIело яр – дог-ойланаш а, безамаш а тайп-тайпана бу нехан.

Зарема Р., цIийнан нана, 20 шо сов хан ю Германехь еха:

- Дукха дарстийна дуьйцу Европехь русофобии яьржина бохург, суна хетарехь. Иза оьрсийн зорбанийн пропаганда ю, соьга хаьттича. Цхьамма а тхан къам бахьана долуш тхо хьийзош дац. ЛартIахь нах дукхахо бу дуьненахь, вайна хетачул а. Суна бевзачаьрга а, соьга а, интернетехь вовшашка яздечу хенахь а, йа юьхьдуьхьала а оцу тайпаниг ца кхаьчна. Дера буьйцу тхан юккъера доттагIаша Украинера тIом, сунна хетарг хоьтту, тIаккха аса диллина дIахьедо суо тIамна дуьхьала хилар а, суо путинистка ца хилар а.

ИсмаьIил Н., наханна болх лахаран агентстван белхало, Прага:

Тхан керла куьйгалхочо, чешко, тхан кабинета чу а эккхий, ма-йоггIура хоту: "Нохчийчуьра хилла-кх хьо?"

- Суна хаац, кхунах дискриминаци ала йиш юй, амма кху деношкахь соьца ишта конфуз нисъелира. Тхан керла куьйгалхочо, чехийн къоман зудчо, тхан кабинета чу а иккхина, ма-йоггIура хоьтту: "Нохчийчуьра хилла-кх хьо?" Хилла, олий жоп ло аса. "ТIаккха шу ду-кх Украинаца тIом бийраш?" Нохчийчоь йозуш йоцу республика а яц, Украине тIом бан бахнарш буьззина Оьрсийчоьнна куьйгкIелара нах бу, бохуш иза кхетон гIиртира со. Оьрсаша ма-оллура, хьуо эмкал йоцийла кхетон а ма ца хилла атта.

Ризван С., лор-кардиохирург, 15 шо хьалха Британе дIавахана:

- Социалан машанашкахь Оьрсийчуьра бахархоша Путинна тIе а хIуьттуш, украинхой емалбечу хена, суна нийса хета вайна массарна а тIе коллективан жоьпалла дуьллуш. Сайна а ца хууш русофобин дог-ойланаш къобалъян хIутту со цхьанхьа цуьнах лаьцна ешча. Сох, россиянинах санна, иза Iотталохь а, делахь а, хьакхалур ду сайх аьалла-м ца хета суна – сан доттагIашна, белхан накъосташна, пациенташна дукха хенахь дуьйна хууш ду Путинан Iедале сан йолчу дог-ойланех, иштта Нохчийчохь хиллачу шина тIамах лаьцна а, сан оцу махкара вада везаран бахьана а девза царна.

Дукха а кхозур ду иза Оьрсийчуьра схьабевллачарна тIехь

Дукха йоьшу аса Украинехь хуьлучунна тIехула Европехь оьрсий хьийзабо бохучух лаьцна, ресторанашка ца буьтуш, тIе басар Iенош, урам новкъахь сийсазе къамел деш, доьшийлашкара дIабохуш. Суна хетарехь, дукха а кхозур ду иза Оьрсийчуьра схьабевллачарна тIехь. Эчиган кирхьа кхечи царна.

Курбанова Майнат, Нохчийчуьра журналист, яздархо, Венехь ехаш ю:

– Австрехь масех де хьалха Венерчу Оьрсийчоьнан векалтан чугIойланна тIе цIен басар Iанийнера. "Варварийн акт" йина бохуш, цунна дуьхьала твиттерехь дIахьедарш дан хIоьттира дипломатин векалт. Царна жоп делира, ма-дарра аьлча, къизалла лелор – Украинана тIелатар, бехкбоцу нах хIаллакбар, йоллу пачхьалкх йохор а ду аьлла.

Суна хетарехь, дуккхаъчу шерашкахь Германехь, Австрехь Путинехьа политика лелийначийн а, "Путин – вайн дерриг а" бохуш, гуламашкахь маьхьарш диттиначийн а шайн дог-ойла а, схьабоьвлла меттиг а лечкъон дезар ду. Ас буьйцурш ишта лелла цхьахболу оьрсийн эмигранташ бу. МогIарерчу наханна гергахь, оцу тайпа хIумма а ца хуьлу кхузахь, диснарг – оьрсийн зорбанийн пропаганда.

Эльдин Микаил, журналист, яздархо, 2005-чу шарахь дуьйна Норвегехь вехаш ву:

- Кхузахь оцу тайпа хIума коьрте дан а хала ду. Суна ишттаниг ца гина, амма со а вац оьрсий, со нохчо ву. Со россиянин волуш санна тIе ца эцна цхьамма а цкъа а. Кхузахь бехачу кхечу оьрсех а суна оцу тайпа хIумма а ца хезна. Нах кхеташ бу тIом болийнарг оьрсийн Iедал дуйла.

"Пачхьалкх-агрессоре йолу догойла"

Украинехь тIемаш бар бахьана долуш дозанал арахьа русофоби яржар иза хила йогIу тIаьхьало хета "Гражданское содействие" организацин куьйгалхочунна Ганнушкина Светланина: "ШолгIа дуьненан тIом болабелча ишта юкъаметтиг яра немцошка а, пачхьалкх-агрессорерчу нахе йолу юкъаметтиг ю иза. Иза вон, нийса йоцу дог-ойла ю, хIунда аьлча, нах жоьпе бац шайн къомо лелочунна. Стага ша лелочух бен луш дац жоп. Амма, халахетахь а, ишта ца хуьлу массо ханна а", - дуьйцу бакъоларъярхочо.

"ТIом къобал ца беш, Путинна кхаьжнаш ца тийсина, оьрсийн маттахь къамел деш, дозанал арахьа бехачу нахах доглаза мегар ду. Вай, Оьрсийчоьнан бахархоша, Оьрсийчохь мел-Iийначара, хIара режим дуьхьало ца еш, оццул шерашкахь яха а яхийтина, паталогин кепашка иза ерззалц Iад Iийна долу вай ду цунна жоьпаллехь", - дерзадо Ганнушкинас.

Цо бохучунна реза ву вевзаш волу оьрсийн блогер Адагамов Рустем. ТIамах жоьпалла Адагамовс Путинна тIедиллина ца Iаш, массо а оьрсашна тIе дуьллу: "Суна хетарехь, коьртаниг хьо оьрсий хилар йа ца хилар дац. Дуьйцург ду, нехан тайп-тайпана хьежамаш а, тешамаш а хилар. Путинан Оьрсийчоь къобалъеш хьийзиначарна тIехь ду хиллачух жоьпалла. Бен дац, уьш оьрсий йа немцой белахь а – коьртаниг къам дац, ахь дIалоцу позиции ю".

***

Чакхенга доьрзуш ду оьрсийн Украине тIамца чугIортаран кхолгIа кIира. Билгалдаьккхина, Харьковна, Черниговна, Винницана а, кхин масех Украинан гIаланашна а керла тохарш дар. Николаевн мэр Ким Виталийс хаамбина гIалара оьрсийн эскархой юхаберзарх. Сацанза ду Ирпень, Киев гIаланашна уллора тийсадаларш.