Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Равмзана телехьожийлан белхахочуьнга Собчак Ксенияга телефон тоьхна – тIаьххьарчо шен телеграм-каналехь цхьамогIа посташ арахийцира, политикан кIанта Адама КъурIан дагорна шеконашкахь латточу волгоградхочунна Журавель Никитина йеттар йемалдеш. Собчака бахарехь, Кадыровс низам лардаран хьукматашка аьрзнаш дар, пикете йалар а хьехна цунна, амма тIедожийна шен доьзалх лаьцна ца йаздар.
Кадыров Рамзанаца хиллачу видеозIенан скриншот гайтина Собчака – 40 минотехь хилла бохура шайн къамел. Кадыровс пурба делла шена уьш Iорайаха, аьлла цо.
Собчака бахарехь, Кадыровс дийцина, шен кIантаца Журавель Никита латточу СИЗО веанера ша, "ша цунна хIумма ца дира" (кхузахь а, кхин дIа а Собчак Ксенияс дийцинарг ду, Кадыровн цитаташ йац), тIаккха ша оцу чоь чуьра дIавахара, Адам цигахь виссинийла тидамза диссира шен. ТIаьхьо хезира цунна маьхьарш, "тIаккха шен хадархо вахийтира ша, уьш дIасабаха". Цул сов, Кадыровс шена "дага ца тессинера" аьлла, Адаман 15 шо хилар, хIунда аьлча, "массо хенахь" шен баккхийрачу кIентийн хенаш йицло шена.
Кадыровна хетарехь, Собчак Ксения йу "и гIовгIа эккхийтинарг", пикете йалар а, низам ларадаран органашка аьрзнаш дар а хьехна цо цунна. И дарна цунна "хIумма а хир дац" аьлла дIахьедеш.
Кадыровс иштта аьлла Собчаке, муьлххачу хенахь Нохчийчу йан йиш йу цуьнан "хьаша санна", тIаккха "дерриг дика хир ду". "Цунах лаьцна хIуъа йаздан йиш йу, амма цуьнан доьзалх лаьцна йаздан ца мега", – аьлла Собчака, тIаккха тIетоьхна: "Редакци Оьрсийчуьра дIайига дагахь йац со, амма арахьара паспорташ кечдина оха массара а".
Иштта Собчака комментари йина Кадыровн могушаллина, иза цомгаш хилла боху хаамаш баьржинчу йцукъанна: "Дийна, могуш ву, нейросеть йац, тIетаьIIина кешью баIарш дууш вара".
Къамел дечу йукъанна мичахь вара Кадыров, Собчака ца дийцина. Flight Radar сайтан зерашца, Москвара Соьлжа-ГIала а дахна, дукха хье ца луш йухадеанера Кадыровн долара кема Москвахь дуьсура хIетахь.
Собчак Ксения – Санкт-Петербурган хиллачу хьалхарчу мэран, 2000-чу шарахь веллачу Собчак Анатолийн а, 2016 шарахь дуьйна сенаторан даржехь йолчу Нарусова Людмилин а йоI йу. Собчак Ксения Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран "крестница" йу олу зорбанаша. 90-чу шерийн хьалхарчу декъехь цуьнан деца Санкт-Петербургехь болх бина ву Путин, амма Собчак Ксенияс бохура, шен нанас шега дийцарехь, шена "крещение" йечу йукъанна цигахь хилла бен вац иза.
Хьалхо 1ADAТ болам йукъабаьккхинчу Янгулбаев ИбрахIима Кавказ.Реалии сайте дийцира, 2015-чу шарахь шена йиттира, Iазапехзь латтийра Соьлжа-ГIаларчу полицин декъехь – и деш дакъалоцуш Кадыров Рамзан вара бохура. Кадыровс ша Iазапаш деш дакъа лоцуш хилар дIахьедира Каляпин Игоря а – хьалхо "Iазапашна дуьхьало латторан Комитетан" хьалханча вара иза (хIинца – "Iазапашна дуьхьало латторан Тоба").
- Гезгмашин-беттан 25-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь цуьнан кIанта Адама КъурIан дагорна шеконашкахь латточу волгоградхочунна Журавель Никитина йетташ видео арахецна. Видео тIехь Адама куьйгашца, когашца йетта цуьнан коьрта тIе а, дегIа тIе а. "Чекхдаккханза диссина къамел ца деза суна", – ишта кхетийна хуьлург видеона буха политико. "Йиттина, нийсса а йиттина", – йаздина Кадыровс, шен кIанта динчух "дозалла до" ша аьлла тIетоьхна цо.
- Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векалйина йолу Москалькова Татьяна, Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь йолчу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан хьалханча Фадеев Валерий а ца хIоьттира Кадыров Рамзанан кIанта тутмакхна тIехь ницкъбар йемалдан. Шимма а дIахьедира, лаьцна латточу нехан бакъонаш хьеша йиш йац, амма дукхахболу тидам Журавеля динчунна тIебахийтира, "кхераме" ду иза аьлла тIе а тухуш. Амма цунна йеттарна кIезга тидам бира.
- Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 15 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан масштабера скандалашна йукъахь: тIаьххьара Iедалхоша дIахьедира, КъорIан дагийна аьлла, Соьлжа-ГIала валийначу Журавель Никитина цо йеттарх. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту.
- ТIаьххьарчу шина кIирнахь зорбанаша, телеграм-каналаша дуьйцура, Кадыровн могушалла цIеххьана телхина, тIаккха иза ша Москварчу Централан клиническан дарбан цIийнахь ву бохуш. ХIетахь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь кхо видео гучуйелира цо дакъа лоцуш (Соьлжа-ГIалахь волавалар гойтуш, дарбан цIийнахь гергарчу стагана тIехIуттуш, чолхечу хьолан министраца цхьаьнакхеташ). Йерриг видеошка хеттарш кхоллало, уьш йаьхначу терахьан, меттиган хьокъехь.