Your browser doesn’t support HTML5
Хьалхо ТАСС агенталло хаам баржийнера Соьлж-ГIаларчу полицин белхахошна тIелатар динарш ДАIИШ тобанна юкъабогIуш а хилла, уьш Нохчийчохь а, ерриг а Къилбаседа Кавказехь а терроран тIелатарш дан дагахь а хилла аьлла. ХIинца «Исламан пачхьалкх» (ДАIИШ) олучу тобано шена тIелаьцна Соьлж-Галахь хилларг.
Дуьйцург чIогIа тера ду пропагандах. Нохчийчура тIемалой дуьненаюкъарчу террорхойн дакъа ду ала гIерташ болх бон дуккха а хан ю Оьрсийчоьнан Iедалша. Царна жигара гIо деш шаьш нохчий бу. Цуьнан дуккха а масалш ду.
Исханов Хьусайн Нохчийчоьнан президент а, цул хьалха Нохчийн тIеман ницкъийн коьртачу штабан куьйгалхо хиллачу Масхадов Асланан гIоьнча хилла ву. Цу хенахь а бара нохчашна юкъахь шаьш ца динарг дина бохуш базбала гIерташ болу нах бохуш дуьййцу цо.
Исханов Хьусайн: "Нохчийчохь тIом боьдучу хенахь чIогIа моде даьллера иза. Цхьацца болу тIемалой шайн цIеяккхийта гIерташ бара. Миччахь хилларг а (шаьш дина бохуш). Вайна дагадогIу-кх Тбилисехь хилларг. Шеварднадзена тIелатар динера, иза вен дагахь.
Шеварднадзес иза динарг Примаков ву бохуш дуьйцуш лаьтташехь, Радуевс бохура иза ша дина. Популизм яра иза. Тахана, суна хетарехь, хIара лелош долу хIума цхьана а кепара (нохчашца) юкъаметтиг йоцучу наха шайн ницкъ бу, шайн куьйгаш деха ду, шаьш массанхьа а дIакхочур ду ала гIерташ, сигнал йохьуьйтуш".
Ткъа ГIура-беттан 17-чу а, 18-чу а деношкахь Нохчийчохь хилларг вуно тамашийна хIума ду аьлла хета Исханов Хьусайнна.
Исханов Хьусайн: "Къаьсттина Нохчийчохь хилларг вуно тамашийна хIума ду. Суна хетарехь, цхьа а оцу ИГИЛ-ца (ДАIИШ) юкъаметтиг хиллачух тера а дац церан. Иза тахана а дIадоьдуш ду.
" Имарат Кавказ" кхайкхийначу хенахь а дара иза - дIогехь цхьаъ ма иккхинехь, "оха дина" олуш. И адамаш ца кхета иза дика дац бохучух. Ша дина доцу хIума шена тIелацар - шен къам бехдар ду".
Нохчийн журналист Садаев Мухтар (цIе хийцина ю) ши-кхо шо хьалха Шемахь хилла ву. Цигара Асад Башаран Iедална дуьхьал тIемаш бечу тобанийн зорбанан сервисо болх беш гина ву иза.
Ша цигахь хилларг тIемалойн тобанаш дукха ийна хилла йолу хан хилар билгал а доккхуш дуьйцу цо. (Садаевн дехарца цуьнан аз хийцина ду).
Садаев Мухтар: "Шема со кхаьчначу хенахь цигахь тайп-тайпана тобанаш яра. Таханлера ДАIИШ оцу хенахь оццул ирча юьйцуш яцара. Оппозицин ницкъаш а, уьш а, ал Нусра тоба а цхьаьна тIом беш яра. Вовшашка цабезамаш а бацара церан.
Министр хилла стаг Iийна гIишло яра иза. Цу чохь яра церан "Медиа сервис" олу пропагандан тоба. ТIемалой а бара цигахь, амма и керт зорбанан сервис дIатарйелла меттиг яра".
Болх муха бора цара? ХIун нах бара уьш?
Садаев Мухтар: "Цу чохь масийтта компьютер яра. Кегийрхой (тIемалой) дукхах берш вайн нохчий хилара схьабогIий. Цигахь Iаш берш Iаьрбой бара дукхахберш. Уьш хIун лелош бара ца хаьа суна. ХIума кхаллар цара кхузза, ламазаш а дора.
Амма дIасалеларш нохчий хилара. Цара (шайгахь хилла) видеокамераш дIалора зорбанан сервисе. Ткъа цигахь болчу белхахоша видео-роликаш кечйора. Шайга хьовсуш чIогIа самукъа далара церан. Амма видео тIехь шайн яххьаш хьулъяр дехара цара".
Соьлж-ГIалахь полицин белхахошна ши тIелатар дарна жоьпалла шена тIеэцна "Исламан пачхьалкх" олучу тобано. Хьуна хIун аьлла хета, цхьа а бух болуш хIума ду аьлла хетий хьуна иза?
Садаев Мухтар: "И нах шаьш миччахь бийцина а, бийцита гIерта моьтту суна. Нохчийчохь динарг муххале а лаьа царна шаьш дина аьлла дийцита. Цу хенахь а нохчий къуьйсуш бара цара, шаьш тIаме боьлхуш цхьа-ши нохчи ваийтахьара шайца бохуш. Цхьацца хIуманаш а ма дай цара дуьйцуш, тIом боьдуш пуьтуш ботта мегар ду бохуш. Цунна тIетевжина лелош хIуманаш хила а мега уьш, масала, тахана Нохчийчохь динарг шаьш дайтина бохуш".