Соьлжа-ГIалара изолятор чохь кхелхина этапе валийна тутмакх. Ша верна кхоьрура иза

Гайтаман сурт

Соьлжа-ГIалара Старопромыслан чоьхьарчу гIуллакхийн декъера изолятор чохь велла 40 шо долу Магомадов Хаважи. Кемеровон кIоштан колонира Нохчийчу валийнепра иза этапехула. Ша кхалхале хьалха цо дехар динера бакъоларйархошка, шен гIуллакх тергоне эцахьара аьлла, иштта дIахьединера ша шена тIе куьйгаш хьур долуш вац ша. Иза валаран бахьана хIинца а дац хууш.

Тутмакх веллийла хиънера цуьнан адвокатна ши де даьллачул тIаьхьа, йаздо "Гражданское содействие" комитето. Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь валийнера Магомадов Нохчийчу, керлачу герз дохкарца доьзначу бехктакхаман гIуллакхна тIехула теше санна, цуьнга хеттарш дан. ТаIзар динчо бакъоларйархошка чуделлачу дIахьедарехь тIе ца дуьту шена дохку бехкаш, билгалдоккху, нагахь санна, ша мукIарло дина хилахь а, - Iаткъам бина, бертаза тIелацийтина ду.

Адвокаташна къаьстира, Магомадов валале де хьалха талламхоша дуьхь-дуьхьал хIоттийна хиларх иза а, вевзаш воцу кхин цхьа стаг а, вукхо герз духкуш хилла ву иза аьлла, тоьшалла динера. Оцу йукъанна, и шиъ дуьхь-дуьхьал хIоттийнера мукъачу дийнахь, ткъа кхечу регионехь вехачу адвокате хаийтинера 2-3 сахьт хан йисинчу заманчохь. Буьйсанна таIзар динарг ИВС-хь витинера, Iуьйранна лоьро иза велла хилар бакъ дира. Бакъоларйархошна хетарехь, иза вийна хила тарло.

Хаамбарехь, Магомадов пехашца лазар долуш хилла, амма ша валале хьалха адвокате аьллера цо, дика ву ша, молханаш моьлу аьлла. Шен могушалла дика лаьтташ хиларх хаийтинера цо бакъоларйархошка йаздинчу кехата тIехь а.

2010-чу шарахь Магомадов а, цуьнан шича Бислан а лецира оццу Старопромыслан кIоштара полицин декъан белхахоша. Вежарша дийцарехь, цIийдина хица а, тоькаца а ницкъбинера царна, 19 зулам шайна тIелаца бохуш, иштта ницкъахой байар а. ХIетте а, лоьрийн экспертизо ницкъбина хилла аьлла, тIечIагIдиннашехь, 2012-чу шарахь набахтехь даккха 25 шо хан кхайкхийра МагомадовгIарна.

  • Соьлжа-ГIалахь керла къайлах набахте хилар гучудаьлла, цигахь кест-кеста нах сецабо, царна тIехь гIело латтайо аьлла. Жигархойн дIахьедарца, транспортан ОМОН-н гIишло чохь йу и. Цуьнан куьйгалхо ву Хизриев Адам.
  • 2019-чу шарахь "Новая газета", ПЦ "Мемориал","Iазапашна дуьхьал комитет","Бакъонийн инициатива" - цара дийцира нохчийн къайлах набахтехь латтийначу Iазапан тоьшаллех. И набахти Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу ППСП №2 полкан гIишлочохь йу. Тешийн дийцарна тIе а тевжаш, цара дийцира, цу чохь таIзарш дина, вийначу 27 стагах.
  • Соьлжа-ГIалара 36 шо долчуу Бекхана (цIе хийцина – билгалдаккхар.) дIахьедира, шена тIехь Iазапаш а лелийна, цул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх схьаделларх лаьцна. 2022-чу шеран аьхка, колонира хIара маьршаваьлча, нохчийн ницкъахоша ультиматум хIоттийнера цунна: Кадыровн цхьахйолчу батальонан декъехь Украине тIамтIе воьду хьо, ца водахь, шаьш ницкъбийр бу, йуха а набахте вохуьйтур ву аьлла. Бекхана дийцира Кавказ.Реалиин сайте, шех лаьцна а шеца шантаж лелорах а.