Соьлжа-ГIалара кхело доьалгIа луьстур йу Тепсуркаевн зуда волайнхо лара аьлла чуйела иск

Тепсуркаев Салман

Нохчийчуьра Лакхара кхело кхоалгIа дуьхьало йина Б.Елизавета волайнхо йу аьлла лара. Оппозицин Iадат телеграм-каналан чатан лачкъийначу модераторан Тепсуркаев Саламан хIусамнана йу иза. "Iазапашна дуьхьал Команда" йу цуьнан интересаш йовзуьйтург.

И ший хIусамда а, хIусамнана а дара аьлла, официалехь тIечIагIдина дац бохуш, нохчийн талламчаш реза ца хуьлу Елизавета волайнхо йу аьлла, тIелаца. Юристаш къар ца луш тийсалуш бу 2020-чу шарера схьа дуьйна и шиъ доьзал санна цхьаьна Iаш дара бохуш, ткъа Къилбаседа Кавказехь ЗАГС-ехь йина регистраци йоцуш, там-мах бой цхьана Iаш ду.

"Бехкзуламан гIуллакхан материалашкахь Б.Елизаветас а, тешаша а дина тоьшаллаш а, кхинйолу факташ а йу, динехь царна йукъахь мах-там бина хиларх. Делахь а, кхело церан тоьшаллаш ца лерина, церан хьакъ боллу мах а ца хадийна", - аьлла ду талламхочун сацам низамца цахиларх чуделлачу арз тIехь.

Нохчийчуьра Лакхарчу кхело бакъ дина, хьалхарчу инстанцин кхело кхачамбацарш нис ца дина, ткъа кхелан хьесапаш догIуш дац биллгал долчуьнца аьлла.

Эххар а Висаитовн кIоштан кхело доьалгIа а луьстур ду жигархочун хIусамнана волайнхо хилар тIелацарх хаттар.

  • 2020-чу шеран гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, шаьш МВД-н белхахой ду аьллачу наха. ТIаьхьо гергарчийн аьтто белира Тепсуркаевн телефон Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь йуйла хаа. 2022-чу шеран марсхьокху-беттан 23-чу дийне кхаччалц зорбанан гIирсаша а, бакъонашларйархоша а лачкъийна олий хьахавора Тепсуркаев. "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" бакъонашларйархочо Садовская Ольгас жимстаг вийна аьллачул тIаьхьа хийцаделира иза. Садовскаян дIахьедаран Кавказ.Реалии сайто тергойинчул тIаьхьа, IАДАТ боламо тIечIагIдира Тепсуркаев вийна хилар. Нохчийн оппозиционераша бехкевира цунна Кадыров Рамзанан уллорниг, Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а, Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин хьаькам, цуьнан ваша Шарип а. Цхьанна а кепара и тIечIагIдарш зорбане даьхна дац.
  • 202I-чу шеран гIадужу-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Тепсуркаев бакъо йоцуш "нохчийн регистрацин номерш йолчу Toyota Camry машенашкахь нохчийн полицин Iаьржа духар доьхначу кхаа-пхеа стагах лаьттачу тобано" лачкъийна хилар.
  • ТIаьхьо къаьстира, Тепсуркаев вийна бохучу версино шеконаш йуьту, дуьххьара цунах лаьцна хаамбинчарлахь а аьлла.