Соьлжа-ГIалара, Нальчикера, Краснодарера эскархошна 5,5 шераш тоьхна тIеман хенахь декъера дIабахарна

Къилбан гонашкара тIеман кхел, Роство-на-Дону

ТIеман дакъошкара шайн лаамехь дIабахна аьлла бехкебина, Солжа-ГIалара а, Нальчикера а, Краснодарера а эскархойн хьокъехь масех гIуллакх листина Къилбан гонашкара тIеман кхело. Бахначу гезгамашин-баттахь низам чIагIдарна, колонихь даккха 5,5 шераш тоьхна царна.

Апелляцин билгалдаккхарехь бен къаьстина дац, оцу гIуллакхех лаьцна, хIунда аьлча, кхелийн хьалхарчу инстанцийн сацамаш сайташкахь зорбане баьхна бац, шаьш декхаре доллушехь.

Масала, Соьлжа-ГIалара тIеман гарнизонан кхело контрактхочунна Фатхутдинов Ильсурна шогачу хьелашкара рожера колонихь даккха 5,5 шо тоьхна. 2022-чу шеран товбеца-баттахь тIеман дакъа а дитина, цIа ваханера иза. Адвокато билгалдаккхарехь: чиллин-баттера товбеца-батте кхаччалц Украинерчу тIамехь волчу цунна гинера шен накъостий леш, цо Iаткъам бина хилера цунна боху, хIинца а метта а ванза ву иза.

ТIамера ца веанчу Фатхутдиновна цкъа а ца хиллачу кепара леларх дийцира цуьнан нанас а. ХIетте а, эскархочунна дуьхьал гIуллакх долийна шина артиклехь – гезгамашин-беттан 20-чу кхаччалц а, кхайкхийна мобилизаци а йолуш, гезгамашин-беттан 21-чуьра гIуран-беттан 13-гIа кхаччалц а эскаран гIуллакх дар дIатасарна. Адвокатан хьесапаш дIа а теттина, кхело дина таIзар хийцаза дитина.

Нальчикера тIеман гарнизонан кхело 5,5 шо хан тоьхна контрактхочунна Пиров Ренатна. Цунна а бехкедиллина ши зулам – стохка мангал-беттан 6-чуьра гезгмашин-беттан 21-чу кхаччалц а, гезгамашин-беттан 21-чуьра гIуран-беттан 14-че кхаччалц а тIеман дакъа дIатасарна. Оцу йоллу хеначохь шен цIахь хиллера иза. Динчу таIзарца, Пировс гIулакх дар дIатеснера Украине хьажавале хьалха.

Оцу тайпа таIзар дина иштта Краснодаран тIеман кхело контрактхочунна Кундасов Александрна, сержантан чинах вьккхина иза. Лахьан-беттан 4-чохь салтийн декъера дIавахана иза, ткъа лахьанан беттан 30-чохь тIеман комендатуре ваеана. Цул тIаьхьа Кундасов тIеман гIуллакх дан хьажийна, цигара йуха а дIавахна иза, гучуваьлла дечкен-беттан 26-чохь. Апелляцихь адвокаташа билгалдаьккхина: кхо бутт сов хеначохь ахча луш ца хилла, цундела цуьнан доьзал ледарчу хьолехь хилла. ТIаккха Оьрсийчохь мобилизаци йирзина аьлла, цIа ваханера иза. ГIуллакх толлучу заманчохь кхачамбацарш дитина аьлла, адвокаташа дIабохушшехь, таIзар ша ма-дарра дитина.

2023-гIа шо доладелчхьана Къилбан гонашкара тIеман кхелаша хIинцале а хаьттина иттех дов, Украинана дуьхьал тIом бан дуьхьал болуш, дакъошкара дIаоьхучу салтийн. Хьалха арахь йаккха хан кхайкхош хиллехь, хIинца мобилизаци йинарш а, контрактхой а колони хьийсабо пхеа-йалх шарна. Оццул хан кхачайо, масала, талораш дарна а, кхаъ эцначунна а, йа зуда хьийзийнехь. Бакъоларйархоша билгалдоккху: коьрта Iалашо йу оцу тайпа шога таIзарш даран – бисинарш кхерон, тIамехь дакъалаца салтий дуьхьал ца билийта.

  • Ростов-на-Дону гIалин тIеман гарнизонан кхело бехке лаьрра мобилизаци йоьдучу йукъанна шайн лаамехь дакъа дIатесна ши эскархо. Шинна а 5,5 шераш хенаш кхайкхийна йукъарчу рожера колонихь йаккха.
  • Волгоградан вахархочо Васильков Дмитрийс дIахьедина, Украинана дуьхьал тIом бан тIеман министраллица динчу контрактан хан ма кхаьччи, армира дIавер ву ша, дуккха шен дегIаца цамгарш йоллушехь, сецош ву ша нуьцкъаша. Иштта цунна а ца делла лур ду аьлла ахчанаш.
  • Астраханехь бехкзуламан гIулакх долийна, мобилизаци йина хиллачу Стамгалиев Сулейманна дуьхьал, эскархойн декъера веддера иза а. Украинаца болчу тIаме ша дакъалаца хьажор низамашкахь дац боху бехкехетачо – чохь йаккха тоьхна хан чекхйалаза ву иза.