Соьлжа-ГIалара Умаров Мовсар верца доьзначу бехкзуламан гIуллакхан хьокъехь кхеле кхачале бен таллам сацийна. Веллачун доьзалан векална – Iазапашна дуьхьалояран Комитетан юристана Полякова Юлияна дуьхьало йина материлаш йовзийта, хIунда аьлча, "кхеле кхачале болийна таллам бирзина бац, сацийна" бу.
Дуьхьало ярх кехатна куьйгъяздина Нохчийчуьрчу Талламан комитетан ша-тайпа даккхий гIуллакхаш толлучу хьалхарчу декъан лакхарчу талламхочо, майора Атангереевс. Иза ву стаг вер толлург а.
"Кхеле кхачале бен таллам сацийча, низамо бакъо ло оцу гIуллакхан материлаш йовза. Ткъа кхузахь цхьа телхина го бу: гIуллакх сацадо – оха дIахьедо материлаш йовза лаарх- тхуна дуьхьало йо - цул тIаьхьа латкъам хьажабо низамехь доцуш дуьхьало ярна – оцу арзана дуьхьал талламхочо гIуллакх таллар юхадолош бина сацам бохьу. Кхин дIа юха а дуьхьало, ткъа хIинца рогIера го болабелла",- дуьйцу хьолах Кавказ.Реалиига юристо Полякова Юлияс.
Цуьнан дешнашца, доьазлагIа сацийна ду хIара бехктакхаман гIуллакх. Оцу юкъанна, зен хиллачу агIонна хIинца а гина яц гIуллакхан материалаш.
"Низамехь доцуш дуьхьало йо талламхочо уьш йовзийта, гIуллакх сацор – талламбар дерзор ца лору, цуьнца доьзна цхьа а хIума лелош доццушехь", - дерзадо юристо.
- 2021-чу шеран Товбеца-беттан 18-чохь лецира Умаров Мовсар Соьлжа-ГIаларчу, цо болх бечу ресторанехь. Цуьнан гергарчарна карийра иза Ленинскан кIоштан полицин декъехь шолгIачу дийнахь. Полисхоша дIахьедира, оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон роликашка хьоьжуш хиларна цунна тIе бIаьрг хIоьттинера шайн аьлла. Цул тIаьхьа зIене волучуьра сецира Умаров. Цуьнан гергарчаьрга хаамбира, талламан барамаш дIахьочу заманчохь ведда иза аьлла.
- Полицин белхахоша гергарчаьрга дIахаийтира, халкъалахь "Нефтеполк" олучу полицин полке Умаров дIавелла аьлла. Марсхьокху-беттан 7-чохь, Умаровн гергарнаш тIебаьхкича, цхьана кабинетчу бигира уьш. Мовсар а, кхин а 7-10 полисхо вара цу чохь. Мовсаран нанас дийцарехь, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а ши "шайтIа" лоцуш, кийтарлонаш яр тIедожийнера цунна. Ца хуьлчу далахь, набахтехь яккха 15-20 шо хан тухур ю бохуш, кхерамаш а туьйсуш.
- "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристашка хаам кхаьчна Европерчу адамийн бакъонийн кхелера (ЕСПЧ), Нохчийчоьнан вахархочун Умаров Мовсаран дахарна кхерамзалла латтторхьама регламентан 39-чу низамах пайдаэца тароне хьуьйсуш бу кхелахой аьлла. Умаров Нохчийчоьнан бакъоларъяран органийн тергоне эцаран бахьанех информаци ехна Оьрсийчоьнан Iедалхошкара ЕСПЧ кхело.
- ТIаьхьо Умаров Мовсар вайра. Гергарчаьра хаамбира, талламан барамаш дIахьочу заманчохь ведда иза аьлла.