"Соьлжа-ГIалех къаьсташ йац Бахмут ". Украина Iалашйечу нохчаша дуьйцу - Оьрсийчоьнан тIамех

Бахмутехь тIом бечех цхьахволу тIемало гIалина тIелеттачу заманчохь, гайтаман сурт

ТIаьххьарчу масех баттахь луьра тIемаш лаьттачу украинхойн Бахмутехь тIемаш беш йу нохчийн лаамхойн Шейх Мансуран цIарах батальон а. Дукхахболу оцу вовшахтохараллин тIемалой тоххара тIемаш бина бу Ичкерин маршо къовсуш, ткъа Оьрсийчоьнан Украине гIортарх Нохчийчохь бина тIемаш кхин а дIахьош бу аьлла хета царна. Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь царех шиммо дийцира, тIаьххьарчу тIамо шайн дахар муха хийцина.

Абу: "Оьрсийчоьно маска охьайаьккхина"

"Абу" цIарца лела нохчо шен накъосташца цхьаьна лармин кепехь йолчу цхьана гIишло чохь Iаш ву, Бахмут гIалина жимма дехьа. Йуург кечйен жимо чоь а, масех хIусам а йу, кхачана сурсатех, молханех, йина чов дIайоьхку гIирсех, аренца лелочу маьнгех, дIавуьжу галех лаьттачу йаьшканех йоьттина. Цхьана чохь зудабераш-парамедикаш бу, цара чIогIа лазийна тIемалой арабоху, ах охьа аьттачу Часов Яр гIаларчу тIеман лоьрийн карара а бохуш.

- ХIара суна дуьххьара тIом бац. Суна тIамтIехь стресс ца хаало. 2014-чу шарера схьа дуьйна йу со Украинехь тIемаш беш. Йуьхьанца Дудаев Джохаран цIарахчу батальонехь йара со, тIаьхьа Шейх Мансуран цIарах вовшатоьхча, кхуза сехьайелира. ХIетахь дуьйна тIемаш лаьттачу хьалхарчу меттигашкахь ду тхо, украинхошца цхьаьна операцешкахь дакъа а лоцуш.

Бакъонаш нийса а йолуш лета тхо кхузахь Оьрсийчоьнца, цо чIогIа дог ира-кара хIоттадо тхан. Тхан агIор йу аиваци, тахн артиллери йу. Нохчийчохь ницкъ кIезиг бара, хIетте а човхийнера оха уьш. Ткъа кхузахь Оьрсийчоьнна дуьхьал ницкъ болу арми йу. ХIара бекхам бар ду, шерашкахь гулбелла. Сайн къомана тIехь динарг доькхуш йу со.

Сайн махкахойх суо тIом беш хилар хьулдеш йац со. 2016-чу шарера схьа дуьйна кадыровхой оьхура, Украинехь тIемаш бечийн гергарнаш болчу. Цаьрга хеттарш дора. Кхерамаш туьйсура. "Шун наха Украинехь гIазакхий хIаллакхбарца тхан бала бац" олуш хиллера. Амма тхо долчу Нохчийчу уьш гIуртий, Кадыровн Iедална тIе а кхийдаш, тIаккха Нохчийчохь мел бисинчарна шаьш тоьпаш тухур йу баьхнера. Царна хаьа, командирех кхузахь тIом беш миила ву. МогIарерчунна атта хуьлу къайлах лела.

Шейх Мансуран цIарахчу батальонан эскархой

Оьрсийчоь Украине гIоьртича, 1999-чу шарахь Нохчийчохь сайн хилла дог-ойла йара сан. Ша доттагIаллица гайта хьийзара Оьрсийчоь, тIаккха шен маска охьайаьккхира, ямарт тIе а леташ.

Сан ворхI шо дара, Нохчийчохь хьалхара тIом болабелча. Хьалхарчу классехь вара со. Йоьдуш урок йара, бомбанаш тухуш хезира тхуна. Тхуна ши чакхарма дехьа тохарш долийра, хьехархоша цхьана оьрнаш чохь а, каналаш чохь а лачкъийтира тхо. Чомахь школа чекхйаккха а ца ларийра со. Доллу сан дахар оцу мIаьргонехь дуьйхира. Кхин тIаьхьа долу сан дахар тIамца дозаделира. Сан чуьра ваша а, маьхча а вийра. ДоттагIий, бевза-безарш, лулахой. ЦIера довда дийзира тхан, йарташкахь гергарчийн лармаш чохь хан а йаьккхира. Тхо кегий бераш долуш, оха атта ловра и. Тахана йуха хьаьжча, кхета, хIетахь тхо майра хиллера, тIом цхьа ловзар санна тIеоьцура: цкъа вина, цкъа лийр ву олий.

Тахана йуха хьаьжча, кхета, хIетахь тхо майра хиллера, тIом цхьа ловзар санна тIеоьцура

1999-чу шарахь, шолгIа тIом болабелча, сан 13 шо дара. Федералаша бомбанаш йеттар долийра, тIаккха Моздокехула Наурская олучу станицин агIор чубаьхкира. Кеманаш бомбанаш йеттара, "земля-земля" ракеташ. ТIаккха артиллери йолийра, градаш, танкаш, гIагI диллина техника, БТР, цунна тIаьхьа пехота.

Тхо доттагIашца цхьаьна гуллора, детонаторш керайора, хIоьънаш, лоьлхуьйтурш, некъашкахь минаш йохкура, оьрсийн тIеман транспорт лоьлхуьйтура оха. Ойла йича – тамашен хета, и бераша деш хиларна. Тхан самукъа долура хIетахь, хазахетара, тхайн диверсих гIуллакх хилча. Тахана 13 шераш долчу бераша и тайпаниг дийр дара аьлча, цуьнан ойла а ца йало соьга. Наггахь тхайна карийна, тхайл а йеза лоьлхуьйтурш текхайора оха. Ден-ненан карадоьлхура наггахь, цара дов дора. Федералаша цкъа а ца лецира.

Тхо оптимисташ дара, Оьрсийчоьно беха тIом бийр бац тхоьца олий хетара. Хьалхара тIом боьдуш моьттура – шина шарахь доьрзур ду олий. Ткъа хIинца нохчий бекъа дагахь йу Оьрсийчоь. Цундела ма вуй Кадыров Кремло хIоттийна а. ТIаккха цо тIаьхьа боллу дуьхьалончаш хIаллакбира.

"Тхо хIинца а кхеташ дац, муха аьтто хилла Оьрсийчоьнан тхо вовшашна дуьхьал даха, тIом нохчийн бан. Суна хетарехь, оцу гIуллакхна Кадыровна дуккха а ахча делла. Кадыров Ахьмадан дикка динан авторитет йара. Ахчанца цхьаьна цо а дика гIо дира.

Оцу йукъанна оккупанташа бомбанаш йеттара, "зачисткаш" йора, ницкъаца а,металлца а лелара уьш. Божарийн коча оьхура маж бахьанехь. Шайна товш мел воцург дIавуьгура. Кадыровхой шаьш цхьа диканиш бу моттийта хьийзара, тхоьга нохчийн маттахь олура, тIом сацон беза, оха хIинца а дуьхьало йахь, вайна тIехь ницкъбар кхин а дахлур ду олий. Иштта дика аьтто хилира федералийн. Кадыровхоша ши роль ловзийра – дикачу а, вочу а полисхочун. Оьрсий вон бу, кадыровхой дика бу, царна тIом берза лаьа, мохк кхиа а лаьа бохуш.

2003-2004-чу а шерашкахь суна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дехира. Со лоьхуш вара, амма Украине дехьавала ницкъ кхечира сан Ростов гIалахула. Цул тIаьхьа Киевн кIоштахь сецира со. Цхьа говзалла карайерзо аьтто ца хилира сан, гIишлошйарехь къахьоьгура ас. Зеделларг дара сан, цIахь дас даим а цхьацца хIума йухайеш Iеминера со.

Украинехь вехачу хенахь сайн бIанакъосташца уьйраш лелайора ас. Кадыровгахьа мел ца ваьлларг, 2007-2008-чу шерашкахь террорхой бу аьлла, дIакхайкхийра. Ющенко Виктор Украинехь президент волчу заманчохь къайлах лелаш цхьа низам дара: нагахь санна, Интерполехула и стаг лоьхуш вацахь, Оьрсийчоьно дIавехаран терго ца йора, нах дIалуш бацара. Йуха Iедале Янукович веара, тIаккха дерриг а хийцаделира. Оьрсийчоь тхуна тIаьхьайелира кхузахь а. ТIаккха сайн доьзал эцна, Европе дIавахара со, политикан тховкIело йийхира, бакъонашларйархошка сайна гIо а дийхира.

Тхо масех эзар бен вац, тхоьга пачхьалкх кIелхьарйаккхалур йац, амма цунна тIехIитта гIора ду

Оцу йоллу заманчохь ас ойла йора, сайн накъосташца цхьаьна сайн аьтто балахь, Оьрсийчоьнна дуьхьал йуха а тIом бан гIур ву со бохуш. Тхайн къоман цIий Iанор декха дог дохуш дехара тхо. 2014-чу шарахь ЧIебарлойн Муслима Донбассера шен батальоне дIавийхира со.

Тхо масех эзар бен вац, тхоьга пачхьалкх кIелхьарйаккхалур йац, амма цунна тIехIитта гIора ду. Тхан батальонах шайна дIа ма хаъара, Европехь беха нохчий тхох схьабетталора. Цхьаберш шайн хьалха хиллачу командирашна тIаьхьа хIуьттура.

ТIамца Оьрсийчоь чуйеъча, тхо кеп-кепарчу гIаланашкахь дара. Суна дуьххьара бомбанаш тухуш хезира, тIаккха ойла хилира сан: "ХIа, дIадоладели, вало" аьлла.

Тахана йохийна хиллачу Соьлжа-ГIалех къасталуш йац Бахмут. Украинхоша тамашен майралла, доьналла дIагойту, саццаза исс беттачохь бечу тIамехь. 20 эзар корта охьабиллина кхузахь.

"Леррина тIеман операци" (тIамах иштта олу оьрсийн пропагандо.-Редакцин билгалдаккхар.) йу Путина дIахьош йерг, ткъа гIала йаккха гIертарш тутмакхаш бу. Кхузахь йийсаре ийцира "вагнерхой". Муьлхха а йийсархой санна лелара уьш а. Майра цхьа а ма ца хуьлу каравахча. Цхьа наггахь бен ца нисло доьналлица берш. Украинхошка дIало оха йийсаре эцнарш. Нагахь санна, оцу стага куьйгаш ойбий, иза мостагI вац кхин дIа. Иза чийхо а мегар дац, цунна тIе мохь хьоькхуцш со велахь, соьга эр ду: "ДIогахь позицеш йу хьуна, тхо лардеш йолу, цига а гIой, цаьрца девне вийлахьа".

КХИН А ХЬАЖА: "ТIамехь хьалхарчаьрца бац кадыровхой": Бахмутерчу нохчийн тIемалочун къамел

Кадыровхой кхузахь ахчанан а, даржан а дуьхьа бу тIемаш беш: Кадыровна хьалха хьастабала лаьа царна, йа шайгара йаьллачу ледарлонна къинтIера ваккха иза. Цутнан гонера нах богIу чот йан. Профессионалан оператор цхьана а волуш веара Делимханов Адам, роликаш йаьхна, дIавахара. ТIом бина, чевнаш йина Кадыровн уллорчу гонера цхьа а вац кхузахь.

Нагахь санна, Украино толам боккхий, Нохчийохь шаьш нах а буьйлалур бу дуьхьалонаш йан. Цхьана хенахь дуьненанйукъаралло тхуна гIо ца дина. Ткъа хIинца Украинехь дерг гуш ду, уьш муха лета а го. Оьрсийчоь цхьанна а ма ца йеза, цунах кхетар а вац. Амма хIора а рожан чакхе йу, Сталинан а ма хилира.

Жора: "Сайн ден коша тIе ца кхачало со"

"Жора" цIе лело эскархочо шен сурт ма даккха аьлла, дехар дира, шен белшаш тIера шеврона бен ца магийра сурт даккха. Украинана Оьрсийчоь тIелеттачу муьрехь дуьйна ву иза тIамтIехь. Цул хьалха Киевехь иза Iаш волу масех шо а дара.

– Сан 45 шо ду, тIеман говзалла йац сан, ас дерриг а до бен-башха доцуш. Армехь хилла а вац, 1994-чу шарахь школан парти тIера гIаттийна, дахаро тIаме ваха декхаре вира со. ХIетахь дуьйна тIемаш беш ву. ЧIогIа кIордийна, ткъа хIун дийр ду? Тхан Джохара [Дудаев] ма-аллара, лоллих мукъавала ца гIерта лай, шалха лай хила хьакъ ву. Суна и аьлла хета.

1994-чу шарахь чекхделира сан Керла шо. Дуьххьара Нохчийчохь тIом баьлча, со школехь доьшуш вара, 16 шо дара сан. ГIаттамхойх дIакхийтира со, герз а доцуш. Зеделларг долчу тIемалошна гIо дора ас: дIахьош, схьайохьуш.

Ас боху сайн украинхойн доттагIашка, кхузахь 2022-чу шарахь шу долчехь санна дара Нохчийчохь 1994-чу шарахь. Амма суна тIом ца беза, маьрша дахар деза суна.

ТIом бирзинчул тIаьхьа Нохчийчохь висира со. Говзалла карайерзо аьтто ца хилира. 2000-чу шарахь федералаша лаьцна со, фильтрацин набахте хьажийра Чернокозове. Ханкалахь хилла со, цигахь Iазап лайна ас (гойту шен лазийна куьг.- Редакцин билгалдаккхар.). Федералаша лаьцна хилла журналист Бабицкий Андрей тхоьца хиъна Iийна ву. Суна дагадогIу, иза дIасахуьйцуш а.

Террорхочунна санна кхел йира суна тIехь ницкъ бинчул тIаьхьа, Ростов-на-Дону гIаларчу набахтехь хан йаьккхина ас. Тхуна дуьхьал гIуллакхаш а дохуш, Оьрсийчоь мел йу дIахьийсадора тхо. Со араваьлча, Нохчийчоьнан президент Алханов Iалу вара. Дукха ца Iаш Украине дIавахара со, хIунда аьлча, хIора кхо бутт мел болу федералаш оьхура со "зен": йуха а дIавуьгура базе, ницкъ бора. Оьрсийн эскархошна дуьхьал дог чIагIделла ву со, хIунда аьлча, со а, сан доьзал а, сан гергарнаш а байъа баьхкина бу уьш.

Оьрсийн эскархошна дуьхьал дог чIагIделла ву со, со а, сан доьзал а, сан гергарнаш а байъа баьхкина бу уьш

Гуттар а маьрша дахар дезна ву со, чIогIа цуьнга сатесна а ву. Сан цIа Киевехь ду. 2017-чу шарера схьа дуьйна "Айдар" батальонехь лаамхо вара со, ткъа 2023-чу шарахь Шейх Мансуран батальоне дехьаваьлла.

Кхузахь, тIамехь, Нохчийчохь хилла ойланаш йу сан. Керла ракеташ а, дронаш а йукъайахар доцург хьалха санна ду. Кху деношкахь со а, сан накъост а самавелира цIейаьлла, тхуна тIе тоьхнера. Тхан хIусам чу кхачаза йисира цIе. Корах аралилхира тхо.

Даим а сема ву со. Чиллин-беттан 24-чу дийнера дуьйна, тIом болабелчхьана, цхьана минотана дагара ца долу суна: миччара а кхета йиш йу. Киеве а кхочу. Куьзганаш охьа а дохуьйтий воьду со машенахь а, хIора гIовгIа сайна хазийта. ТIом стенна хаьржина ас? Со стенга гIур ву кхин? Нах байъа баьхкина ма буй уьш. Киевехь хиъна Iалур вацара со, тIелетча, Украинана гIо дархьама сайн ницкъ мел берг дийр ду ас. Сан нахана ца хаьа, со тIом беш вуйла, царна цахаар гIоле ду. Нана ша йу сан, иштта паргIат хета суна, цунна ца хуууш. Да кхелхина, сан йиш йац цуьнан коша тIе хIотта а.

***

Карарчу хенахь хууш ду, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оперативан тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.

БархI бутт бу, Оьрсийчоьнан эскар Бахмутал дехьа ца долуьйтуш Украинин эскаро латтош долу. Нохчийн Бумтахь хилларг санна сурт ду цигахь хIоьттинарг. Республикехь хьалхара тIом болуш цхьана шарчохь схьа ца йаккхалуш лаьттира иза а. Бахмутерчу тIамехь нохчаша дакъалацарна даредира Украинин тIеман министраллин талламхойн урхалло. "Нохчийн лаамерниш интер-легионан декъехь болуш Украинехьа леташ бу",- аьлла дара цу хаамехь. Цу легион йуккъехь бу Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьала латта резахилла кхечу пачхьалкхийн векалш а.