"Соьлжа-ГIалин Такси" схьайиллинарг хилла Кадыровн йоI

Кадырова Табарик а, ХутIмат а(аьтту агIор)

Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьалгIа йоI Кадырова Табарик мохь дIасакхоьхьу "Соьлжа-ГIалин Такси" организаци йиллинарг хилла. Карарчу хенахь официалехь 12 коммерцин компанин долахо йу иза. Пачхьалкхан юридикан нахах хIоттийначу реестрехь йаздина ду цунах лаьцна.

Хьалхо "Соьлжа-ГIалин такси" Кадырова Табарикан йара "Ирс Групп" компанино йукъарло лелош, кху деношкахь оцу кехаташ тIехь бина хийцамаш бу – уставан 75 процент капитал хIинца Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIан долахь йу, ткъа цо доладеш хиллачу "Ирс группана" йисина 25%. Цул совнах, директор а хийцавелла компанин – Мехтиев Саламан меттиг дIалаьцна хIинца Кутрашев Расула. Цуьнца цхьаьна цо куьйгалла до КадыровгIеран дай баьхначу йуьртахь регистраци йинчу "Торг-Бизнес" фирмин а.

Марсхьокху-баттахь дийца даьккхира, 19 шо долу Кадырова Табарик "Берекет", "Тийналла", "Минутка", "Альпийские луга" компанеш йиллинарг а хиларх. Цул а хьалха "Ирс групп" фирмехула дола дора цо церан.

Кху шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчохь йолчу Оьрсийчоьнан "Яндекс" таксин компанин тарифаш шаьш йолчул кхузза йазйелира. Нохчийн оппозицин жигархоша бахарехь, иза доьзна ду меттигерчу кхечу таксин компанешна дуьхьал кадыровхоша йинчу "рейдашца". Нохчийн оппозицин жигархоша бахарехь, иза доьзна ду меттигерчу кхечу таксин компанешна дуьхьал кадыровхоша йинчу "рейдашца". Соьлжа-гIалахь болх беш ву масех таксин меттигера оператор, царех уггаре йоккха лоруш йу - "Грозненское такси фирма.

  • Зазадокху-беттан йуьххьехь Нохчийчоьнан урхалхочун йоI Кадыров Табарик хилира "Ирс Групп" компани йиллинарг. Цуьнан карахь йу йукъараллин уставан капиталан 99%. Йохка-эцар а, кхин а 35 тайп-тайпана категореш йу цу компанино лелош - ресторан тIера дIайолайелла гIишлошна тIехь урхалла даре кхаччалц. "Ирс Групп" компанин регистраци чекхйаьлла масех кIира далале йоьллу цо фирма "Берекет" (юстуш йухку сурсаташ), "Альпийские луга" (бепиг, мерза хIума йаттар), "Грозненское такси"(таксхойн болх).
  • "Ирс Групп" шен болх шуьйро баржон дагахь йу - (юстуш йухку сурсаташ), оьрсийн а, кхечу пачхьалкхийн а брендашца, франшизашца уьйраш тасар, гостиницийн, ресторанийн бизнес, реклама, йохкар, эцар, хIусамийн аренда а",- элира компанин презентацехь Кадырова Табарика.
  • Марсхьокху-баттахь Кадырова Табарикца йоьзначу НКО-на грант кхечира бизнесна гIоьнна кхо миллион гергга сом. Грант кхаьчна коммерцица йоьзна йоцчу "Единство" организаци йиллина Межидова Лаура оцу йукъанна "Ирс групп" йиллинчех лоруш а йу.
  • Президентан Путин Владимиран омраца национализаци йинчу Danone, "Балтика" компанийн урхалла дан хIоттийра Кавказера бахархой: 32 шо долу Кадыров Рамзанан йишин кIант Закриев Якъуб а, Къилбаседа ХIирийчуьра 70 шо долу бизнесхо Боллоев Таймураз а. Экспертийн жамIашца, муьтIахь йолчу элиташна ресурсаш йекъар ду и.
  • Украинин президенто Зеленский Владимира оханан-беттан I-хь керла санкцеш йукъайаьхна. Царна йуккъелаьцна цхьаболу Оьрсийчоьнан махкахой а, компанеш а. Цу могIарехь йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун I8 шо долу йоI Кадырова Табарик. КадыровгIеран доьзална хIун тIеIаткъам бийр бу цу санкцеша, аьлла хеттарш дийцаредира Кавказ.Реалии сайто эксперташца.