Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхойн Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца хиллачу цхьаьнакхетарехь кинорежиссеро Сокуров Александра динчу дIахьедарна комментарий йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен телеграм-каналехь Кадыровс "нигилист" а, "йохкаелла муцIар" а аьлла Сокуровна, ткъа цуьнан вистхилар - "маразматикан" а, "Американ гIучIан кехат" лерина.
Къаьсттина оьгIазвахийтина Кадыров, Сокуровс шен къамелехь Нохчийчоьнца дозанаш хийцар бахьана долуш, ГIалгIайчохь лилхина протесташ а, гIалгIайн протестан ворхI лидерна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдар а хьахоро.
Кадыровс дIахьедина, дозанаш хийцар федералан омра а, гIалгIайн Iедалхойн инициатива а яра, Нохчийчоь ю ГIалгIайчоьнна шайн латтанийн уггар а "дезачух дакъа" духаделларг аьлла. Юьйцург ю ГIалгIайчохь йисина бархI эвла, оцу тIехула "тхайн къаной дIатебан дийзира сан" аьлла Кадыровс.
Цул совнах, Оьрсийчоьнан декъахь йолчу мехкашкахь долчу эскарех а, "паччахьех" а аьлла дешнаш а, шена тIеозийна Кадыровс, режиссеро шен къамелехь Нохчийчоь а, йа иза ша а хьахийна воцушшехь.
"Кхоьруш ца яьккхина Сокуровс сан цIе, амма массо а кхетта, вуьйцург со вуйла", - тидам бина Кадыровс.
Цунна жоп лучу Кадыровс хьехна Сокуровна, "хьала а гIаттий, хьажа, мила вара субъектийн куьйгалхойх президент бахар дехка аьлла, вистхилларг"
"Со - Кадыров Рамзан ву. Со президент вац, паччахь а вац. Со - Нохчийчоьнан куьйгалхо ву...",- яздо нохчийн урхалхочо.
Шен эскарх лаьцна бехкбаккхарна жоп лучу Кадыровс аьлла: "дух-духа баха а кIордор дац суна, со Лаккхарчу эскаран коьртерчу хьаькаман пехотинец ву, тхан массо а тIемалой федералан урхаллана муьтIахь бу".
Иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочо бехкбиллина Сокуровна, "300 эзар нохчий бойъуш, масех иттаннашкхаь доьза байча, стешха режиссеран кресли чохь Iийна" иза аьлла.
Оцу шен дIахьедаршна тIетоьхна Кадыровс: "Компетенте органийн метта со хилча, ас мах хадор бара Сокуровн дешнийн, пачхьалкхана дуьхьал, экстремистийн битам болуш дуй хьожуш. Ца еза суна и йохкаелла муцIар!".
Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхошца хиллачу онлайн-цхьанакхетарехь еарин дийнахь Оьрсийчоьнан президентан а, кинорежиссеран Сокуров Александран а шога къамел хилира, Оьрсийчохь Iитталучу дуккхаъчу проблемех лаьцна цо дIа а хьедеш. Уггар а йоккха проблема лерира цо Къилбаседа Кавказехь долу хьал, доккхачу декъанна, Нохчийчоьнна мехкан дозанан дакъош дIаделлачул тIаьхьа йолийна ГIалгIайчуьра протесташ хьахош, оцу тIехула лаьцна латточу протестан лидерийн цIераш а йохуш, уьш маьршабахар тIе а дожош.
Хаалучу резавацарца жоп делира Путина цуьнан къамелана.
"Бехк цабиллар деха хIума ду, хIунда аьлча, вистхилар дацара хьайниг, манифест яра, гулбелла кхерамаш", - аьлла цо.
Путина бахарехь, Конституцехь хийцамаш беш дIабаьхьначу харжамаша тоьшалла до, Оьрсийчохь сепаратизм оьшуш цхьа а цахилар, иштта, нохчийн къам а цхьаьна.
Нохчийчуьра ницкъаллин структураш, формалехь бакъоларъяран урхаллашна юкъайогIуш елахь а, Кадыровна муьтIахь ю. Масех де хьалха Соьлжа-ГIалахь рогIера Iаморша дIадаьхьира, эзар сов ницкъхочо дакъа а лоцуш.
Лахьан-бутт бовш Кадыровс кхерам тесира, ГIалгIайчоьнера бархI эвла юхаерзор ю ша, нагахь санна, гIалгIайн жигархоша латтанаш хийцарх лаьцна претензеш совца ца яхь аьлла.
Нохчийчохь паччахь олу Кадыровх. Масала, стохка Стигалкъекъа-баттахь Кадыровна коронавирусан ун даьлла бохуш, дийца даьккхинчу юкъахь, парламетан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедира "вайн паччахь могуш ву" аьлла.
Кху шеран Товбеца-баттахь аукционе даьккхинера, "Паччахь" цIе йолу Кадыровн виртуалан портрет. Шайн белхан мах хIоттийнера авторша 75 миллион сом.