Бундестаган тIеман дуьхьалонан комитетан хьалханчас Штрак-Циммерманн Мари-Агнесса агресси лерира Малхбалерчу Германера советийн эскар арадаккхарх лаьцна Кадыров Рамзана дина къамел.
Штрак-Циммерманна шен NZZ гIирсаца хиллачу къамелехь элира, регионан куьйгалхочо дийцинарш немцойн махкана оккупацица кхерамаш тийссар санна тIеэцна ша.
"Оьрсийчоь [Украине] чугIоьртича кхета дезара тхо, и чугIортар тхайна тIе а доьгIна хиларах а, оьрсийн агресси тхуна а кхераме йуйла. Оьрсийн танкаш тIехь "На Берлин" аьлла йозанаш а ма дара. Ткъа Москвана муьтIахь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо мохь бетташ Малхбалехьара Германи схьайаккха йеза вай бехира. Дуьненан исторехь беана бацара кху кепара Европехь тIом боцуш беха мур - сонта хила мегар дац, и тайпа мур мичча хенахь чекхбала тарло", - элира цо.
Дагадоуьйту, кху шеран чиллин-баттахь "Россия-1" каналан пропагандин шоу-гIирсана интервью йелира Кадыров Рамзана. Цигахь цо советан Iедалан эскараш Малбалехьарчу Германера арадаха дезаш ца хиллера: "Иза вайн латта ду. Цухенахь хиллачу Iедалан сацам хIинца хийца безар вай".
- 2023-чу шеран чиллин-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Украинера тIом болабелча, Польшана "денацификаци, демилитаризаци" йан дагахь ву ша аьлла, дийцира. Американ герз Польшига дIадала тарло бохучу хаамна йина реакци йара иза.
- ТIом болабелла масех де а далале, Украинина кхерамаш тийсса волавелира Кадыров. Царна зарратан герз тоха, церан "йерриге гIаланаш схьа а йаха" бохуш, кхайкхамаш туьйсуш.
- Йуха Казахстанан коча а вахара иза. Санкт-Петербургехь дуьненан йукъарчу экономикан форумехь Токаев Касым-Жомарта "ДНР", ЛНР" кхоллараш шаьш къобал ца до, аьлла дIахьедича.