Махкара спортхойн-блогерийн "маьттаза лелар могуьйтур цахиларх" дIахьедина Нохчийчоьнан урхалло. Цунна лерина кхетош болх дIабьахьна Соьлжа-ГIалахь. "Чечня Сегодня" агенталло зорбане даьккхинчу суьртаца, цигахь дакъалаьцна 20 стага, амма церан цIераш ца яьхна.
Цхьанакхнетар дIадаьхьира информацин министро Дудаев Ахьмада а, физкультурехула а, спортехула а волчу министро Эдилов Валида а, иштта регионан кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочо Алаудинов Аптис а, республикерчу МВД-н урхаллин министран гIовса Ирасханов Аслана а.
"Нохчий миччахь Iаш хиларх, нагахь санна, шаьш нохчийн къоман векалш ду цара бохуш делахь, царна хаа деза, нохчий хилар - оьздангаллин дуккха а декхарш къочушдар дуйла", - аьллачу Дудаевн дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло.
Эдиловс дIахьедина, цхьаболчу спортсменаша-блогерша "хьаштдоцург дуьйцу, даьсса къамелаш до, товш доцу духар леладо".
"Нохчийчоьнал арахьа аш йовзуьйтург вайн республика ю, вайн куьйгалхо ву", - гочдина спортан министран дешнаш "Кавказский узел" ресурсо.
Эдиловс тIетоьхна, спортхошна-блогершна тIехь Iуналла дан леррина куратор хоржур ву шаьш, цкъачунна хууш дац – мила хир ву иза.
"ТIейогIучу заманчохь цуьнга хоуьйтур ду аш, шаьш дан леринчух , тIаккха цо хьоьхур ду муха дан мегар ду а, муха мегар дац",- дIахьедина спортан министро.
- Хьалхо Кадыров Рамзанан омра дира, шена гергахь бехкала бахначу, дозанал арахьа бехачу Нохчийчуьрчу бахархошна таIзар ден практика юха йолон еза аьлла. Цо дIахьедира, уьш цIа а балош, "швабрашца горгамаш хьоькхуьйтур ю" аьлла.
- "Кхеторан болх" дIабахьале масех де хьалха конфликт иккхира нохчийн спортхо-блогер, Халк цIе лелон Тамаев Асхьаб юкъахь а волуш. Дагестанехь масийттазха бетах хIума туьйхира цунна – машен нийса дIахIоттийна яц аьлла.