"Спортзалера суьрташ тешош дац". Шен цамгарх дуьйцу хабарш дайъа хьийза Нохчийчоьнан куьйгалхо

Кадыров Рамзан, 2024-чу шеран охан-беттан 23-чохь видеон йина скриншот

Нохчийчуьра Iедал цIеххьана хийца дезахь а бохуш, Кремлехь сценарий кечйан буьлабелла аьлла хаамаш баьржинчул тIаьхьа Кадыров Рамзанан могушалла йуха а йийца йаьккхина. Бахьана ду боху политикан лазар чIагIлуш хилар. Шен ма-хуьллу, массо а агIор и бакъ дац бохуш, нах тешон хьийза мехкан урхалхо, масала, спортзалехь йохучу роликашца. Кадыровн стогаллин сибат хIинца ледара догIу иза цомгаш ву бохуш лелачу хабаршца, ткъа цуьнан и "бакъцадар" – халкъана, мостагIашна, Оьрсийчоьнан Iедална башха бIегIийла долу сигнал йац, аьлла хета Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташна.

Кадыров Рамзан бала хьоьгуш ву зорхан екхоьнан некрозца – цунах лаьцна дIахьедира "Новая газета Европан" журналисташа шаьш бинчу талламехь. Иза чIогIа цомгаш ву боху хабарш лела дукха хан йу амма цамгар къаьстина 2019-чу шарахь, йаздо текстехь. Панкреатит бахьана долуш цамгар кхин а тIе чIагIйелла боху, цо талхадо дахарна коьрта йолчу органийн болх бар.

Бина таллам зорбане баьккхинчу дийнахь Кадыровн телеграм-каналехь цо дIайаьхьначу кхеташонехь йаьккхина видео гучуйелира, цу тIехь гуш ду къамел дар цуьнан хала хилар. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан урхалхочун ютьюб-каналехь цхьа могIа видеороликаш гучуйевлира, цхьанна тIехь цо ойбу тIулг, видеон цIе йу "Боккха тIулг текхош ву!" Таллам бахьана долуш резонанс хиллачул тIаьхьа цуьнан агIонашка йазбеллачарна гайтира политик спортзалчохь волуш. "Со цомгаш ву, лечу хьолехь а ву боху цара. Спорт – ницкъ бу!" йаздинера цо хIетахь. Оцу кепара тIаьххьара видео зорбане йаьккхинера охан-беттан 25-чохь.

Оцу массо а роликаш тIехь оператор гIерта Нохчийчоьнан куьйгалхо йуккъерчу а, йоккхачу а планашкахь гайта, наггахь долчу цхьаьна даьхначу суьрташ тIехь гуш ду, Кадыровн ге йоккха кхилар. Карладоккху, талламбинчара и дуьйзира панкреатогенан асцитца - кийрахь кочалла гулйалар.

Цуьнан пресс-гIуллакхоша Кадыров могуш ву, гуттар а куьйгаллехь хир ву бохучух тешаш бац кхинберш

Цул совнах, "Агентство" гIирсо йаздо тренажераш тIехь Кадыровс кIезиг йозалла лелош хиларх, масех блок, ткъа куьйгийн дилха а, некхан у а чIагIден упражнени йеш цо лелош йолу гантелаш ворхI кила йу. Беза ницкъбеш, Iуьллуш цо болх бечу хенахь, хьовсархошна гойту грифан йистош, цундела чIагIдойла йац, цхьаммо а деш гIо а доцуш, цо уьш кхочушйо аьлла.

Ницкъ дIагайтар – даим а деш хIума ду Кадыровс, шен могушаллех лаьцна хабарш даьржинчу хенахь. 2023-чу шеран гезгамашин-беттан 15-чохь информаци йаьржира, политик къаьсттина вочу хьолехь ву бохуш. "Новая газета Европан" хаамашца, хIетахь Кадыров Москвара реанимацихь вара чIогIа йолу "Дормикум" транквилизаторан барам совбаккхарна. Лазарш тоха са цахиларна барам тIетоьхна цо бохуш дийцира хIетахь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо цунна а жоп делира – ша урамехула волавелла лелаш йаьккхинчу видеона бухахь йаздинера цо: "Интернетехь бакъдерг харцдолчух къастон цахуучарна хьоьху ас, жимма цIеначу хIаваэхь дуьйлало, ойланаш меттахIуьттур йу шун" аьлла. Кадыровн Соьлжа-ГIалара резиденцихь йаьккхинчух тера дара ролик, делахь билггал видео дIайазйина хан къастон аьтто ца белира.

Дуьххьара 2019-чу шарахь даьржира Нохчийчоьнан урхалхо ледарчу хьолехь ву боху хабарш. Бахьана хIоьттира министрийн кабинетан куьйгалхо Хучиев Муслим волуш волу политик "декхарш кхочушдан гунахь воцчу йукъанна" цуьнан меттана урхалхочун болх бан билгалваьккхича.

Кадыров урхалла дина ца Iа. Цо тIом бо

Кадыровс хIетехь дIахьедира, "жимма шелвеллера" ша, цундела пхьаьрсах маха боьллина коьчал йуттуш, дарба лелийнера аьлла, амма тIетуьйхира, шен "организм чIогIа дика йу", цундела кхаа дийнахь бен ца йира терапи аьлла. Политикан диллина къамел дуьхьал делира цунна: бозуш боцчу лоьраша хIетахь билгалдаьккхира, "капельницаш" наггахь бен хIиттош йац ОРВИ хилча, йа грипп кхеттехь, амма уьш пайден хила тарло интоксикаци хиллехь аьлла.

Анониман телеграм-каналаша жигара дуьйцура Нохчийчоьнан урхалхочунна дIовш дала гIоьртина бохуш, цунна бехкевора Хьалха-Мартанан куьйгалхо Абдурешидов Валид а, оцу хенахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс хилла Алаудинов Апти а. Республикера зорбанан министро дуьйцург харцдира.

Дагадоуьйту, 2019-чу шеран мангал-баттахь Алаудиновс дийцина бохура, кеста ФСБ-н гIоьнца ша хир ву Нохчийчоьнан куьйгалхо бохуш – хIетахь анониман телеграм-каналаша беламе йитира и информаци. Делахь а 2024-чу шарахь хаамийн гIирсаша а, политологаша а баккъал а дийцаре даьккхина Кадыров Рамзанан метта Алаудинов хила тарло бохуш.

КХИН А ХЬАЖА: "Федералан центро бийр бу сацам". Кадыровн метта кандидат Алаудинов Апти а, кхинберш а

"Гуттар хинволу Кадыров" идей

Кавказ.Реалиин редакци зIене йелира "Новая газета Европан" коьртачу редакторца, политологца, философца Мартынов Кириллца, талламехь дийцазчух хатта. Доккхачу декъанна цо хьахийра шен белхан накъостийн аьтто ца баьлла 2019-чу шарахь Кадыровна дIовш далар йа бакъдан а, йа харцдан а.

ГIирсан журналисташна хетарехь, Кадыровн могушаллина тIера терго дIайоккхуш йолийначу пиар-компанихь дакъа кхечира Журавель Никитина. Дагадоуьйту, 19 шо долу украинхойх схьаваьлла студент бехкзуламан гIуллакха йукъаозийра КъорIан дагорца делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна. И гIуллакх Волгоградехь хиллашехь, студент Соьлжа-ГIалара СИЗО дIавигира, цигахь цунна йиттира Кадыровн кIанта Адама – цул тIахьа цхьа могIа совгIаташ дира цунна. ТIаьхьо Журавельна кхо шо хан кхайкхийра колонихь йаккха, 300 сахьтехь пачхьалкхан белхаш бан а декхаре вира.

Мартыновн дешнашца, Журавельна Iаткъамбар, цунна йеттар нисделира Кадыровн могушаллех хабаршца доьзна доцуш, хIунда аьлча "оцу тайпа хIума Оьрсийчоьнан пенитенциаран системехь кест-кеста нислуш ду, регионийн куьйгалхойн бераш йукъахь доцуш а". Делахь а, цул тIаьхьа кадыровхоша сацам бира йетташ видео зорбанашкахь йаржон.

"Хьасташа чIагIдо, видео йаржор цхьана Iалашонца дина хIума дара, кхин а йоккха скандал гIаттон а, Оьрсийчоьнан Iедалхоша и тергамза дитира царна бехкаш дахкийта а. Шен дех мел тера ву Кадыров Адам дIагайта а, и хийца хьакъболу нах кхин а хиларх а дIахьедеш дина дара и", - боху Мартыновс.

Цуьнан могушаллех талламбарх публикацеш зорбане йаьхначул тIаьхьа Кадыровс "дегIан ницкъ" гайтар, коьртачу редакторан дешнашца - Нохчийчоьнан куьйгалхо дийна а ву, белхан декхарш дIакхехьа а гунахь ву аьлла дIагайта хьийзар ду. "ХIокху йоккхачу заманчохь билггал ницкъе конкурент гучуваларца йу проблема (вуьйцург ву Алаудтинов Апти. Билгалдаккхар). Спортазалчуьра суьрташ тоьшуьйтуш дац".

Цул совнах, кху кIиранах дийца даккхира, Нохчийчоьно кху шеран гезгамашин-баттахь дистанцихь кхаьжнаш (ДЭГ) тасийта бакъо йоьхуш кехаташ чудаларах, муниципалан боцурш, республикехь цхьана а тайпа харжамаш хир боцушшехь. Мартыновна хетарехь, муниципалан харжамашкахь ДЭГ йукъайалор маьIне дац. Цо бахарехь, тесташ йар ду и, йа регион баккъал а политикан хийцамашна кечлуш йу.

Мартынов Кирилл

Билгалдаккха догIу, нахана гуш-хезаш шен статус Iалашйеш Кадыров Рамзан ша виссина хIинца: цуьнан цамгарх даьржина хабарш харцдеш вистхилла вац цхьа а гоьваьлла Оьрсийчоьнан пропагандист: "Кадыров гIора долуш ву, цо даим а куьйгалла дийр ду боху идей цуьнан пресс-гIуллакххой болчуьра кхин ара йаьлла йац", - иштта комментарий йира Мартыновс.

Стогаллин закъалтхо

Политологна Айсин Русланна хетарехь, стогаллин вастан закъалтхо хилла Кадыров, цуьнца догIуш дац иза цомгаш ву боху къамелаш:"Брутале хилар даим а латтон дезаш ма ду, тIе а чIагIдеш, хьо болат санна онда ву: хьан дилха маргIал ца доьду, дерриг а хьайн гIожа кIелара ца долуьйтуш латтош ду ахь бохуш. Шаьш къастийна позици кхечу агIор йерзон йиш хир йац-кх цунна пиар йечийн".

Айсина дешнашца, "хила ма-везза мачо" ву бохуш, Кадыровн хатI латтон гIертачех цхьа Кадыров Рамзан хилла а ца Iа: изза лелош схьавогIу Оьрсичоьнан президент Путин Владимир а. Цо хIинцале а гайтина шен цхьалха дегI, амфорашна тIаьхьа хичу лилхина, гIаргIулишца тIома вийлина. Билгалдоккху, Путина могушалла а йу даим а йуьйцуш, хьехош, кеп-кепара диагнозаш хIиттош.

Нохчийн политолога, Кавказан халкъийн Ассамблейн хьалханчас Кутаев Руслана дагадаийтира, Кадыровна ницкъ а, могушалла а нахана гергахь хатI дIагайтар хилла ца Iаш, "мостагIашца" тIом бан кеп а йу.

"Кадыров урхалла дина ца Iа. Цо тIом бо. МостагIчунна дIагайта деза цо: со хIинца а дийна ву, сан ницкъ бу, гIора а ду. И дерриг а лерина ду – мостагIий гIад ца бахийта а, цуьнан агIончашна хала ца хетийта а", - дуьйцу Кутаевс.

Нохчийн бакъоларйархочо, оппозицин жигархочо Янгулбаев Абубакара дагатесира, муьлххачу кхечу диктатурехь а Iедало терго ницкъан культана а, агрессина а тIеузуш хилар.

Янгулбаев Абубакар

"Кадыровца дерг аьлча, и шозза коьрта ду, хIунда аьлча цо кест-кеста спортах ловза бохуш, кхайкхамаш бора, ша политик хиларал а сов воккха спортхо ву бохуш дIагайта хьийзара. Iалашонаш кхочуш хилаза стаг волуш санна хоьтуьйтура иза цо. Спортзалехь роликаш йахаран бахьана – ша могуш ву, дика а ву аьлла, нахана дIагайтар ду", - аьлла хета Янгулбаевна.

Европехула а, Йуккъерчу Азихула а йолчу Human Rights Watch организацин декъан куьйгалхочун гIовс йолу Локшина Таня скептик санна хьоьжу Кадыров лен цамгар токхуш ву бохуш, даьржина хабаршка. Иза ишта делахь а, Нохчийчуьра бахархойн хьал цо тодийр дац аьлла, тешна йу Локшина.

"Вакуумехь ма вац Кадыров: цуьнан команда йу, дуккхаъ а гергарнаш бу республикехь лаккхара даржаш дIалецна Iаш, нохчийн структурашкахь а, федералан а цхьаьна. ХIаъ, Кадыровга могушаллица доьзна декхарш кхочушдалур дацахь а, Нохчийчохь хийцалур долуш хIума дац. Федералан центран хуьлуш долчуьнга болу хьежамаш хийца ца лахь", - бохура Локшинас.

Мухха делахь а, цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан Iедал реза ду махкахь хуьлуш долчунна, Кадыровс лелочух шаьш а пайда а оьцуш.

"Ша "чеченизаци" боху термин проблеме хета суна, хIунда аьлча, Нохчийчоь Кадыровца нийса цахиларна. Делахь а Оьрсийчоьнна кадыризаци йар йорт эцна йогIуш йу. Нохчийчоьнан контекстехь бен хIинццалц хууш доцург, тахана йоллу пачхьалкхехь хуьлуш ду", - бохура Human Rights Watch декъан куьйгалхочун гIовса.

Цуьнан дешнашца, къегина масал ду цунна "Крокус Сити Холлехь" теракт йина бу аьллачу шеконашца лецначу нахана тIехь ницкъбар: "1АДАТ оппозицин пабликан чатан модератор хиллачу Тепсуркаев Салманна тIехь гIело хьоьгуш йаьккхина ирча видео цхьана нохчийн телехьожийлехь гайтира – адам Iадош хIума дара и. Цул тIаьхьа масех шо даьлча Таджикистанан бахархошна тIехь лелийна Iазапаш йоллу Оьрсийчоьнан коьртачу телехьожийлехь дIагайтира", - кхетийра тенденцих Локшинас.

КХИН А ХЬАЖА: Дозалла а деш ницкъбо? "Крокусна" тIелатар динчул тIаьхьа Кавказехь лелориг федералан тIегIане даьлла
  • Кавказ.Реалиин редакцино дийцира, мел хила тарлуг ду Алаудинов посткадыровн махкахь урхалле "хьалхататтар".
  • Кадыров Рамзанан тIедилларца Нохчийчоьнан парламентан депутат Ханбиев Мохьмад хилира Оьрсийчоьно Украинера схьадаьхначу дозанаш тIехь. ХIара дуьххьара ду регионан куьйгалхочо парламентхо хьахийна, цунах " хьомсара ваша" а олуш. Кавказ.Реалии сайто зийра, Ханбиевх хууш дерг а, тIемаш боьлхучу меттиге и стенна вахийтина хилла а.