Нохчийчуьрчу кхело хенал хьалха маьршаваьккхина ГӀалгӀайчуьра чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан экстремизмна дуьхьало йечу Центран белхахо, стаг верна а, къизаллаш лелорна а бехкевина Беков Ӏалихан. Цунна тоьхначу хенан диссина дакъа пачхьалкхана белхаш бойтуш хийцина, прокуратура дуьхьало йешшехь. Цунах лаьцна хиира, республикера Лакхарчу кхело бинчу сацамца. 2018-чу шарахь набахтехь даккха итт шо хан туьйхира Бековна, лаьцнарг хьийзорна а, верна а.
2016-чу шеран аьхка оперативан лакхарчу белхахочо Бековс йетташ, хьийзийнера Долиев Мохьмад, цуьнан садукъош, ток а йеттийтинера цунна. И бахьана долуш веллера бала хьегнарг. 2018-чу шарахь товбеца-баттахь Нальчикерчу гарнизонан тӀеман кхело итт шо хан туьйхира ницкъахочунна.
Цул тӀаьхьа Ставрополан мехкан Георгиевскийн кхело Бековна тоьхначу шерийн йаккхаза йиссина хан хийцира кхаа шарахь, цхьайтта баттахь бертаза белхаш бойтуш. Карарчу хенахь хӀинца иза менеджеран болх беш ву "ЧеченТрансАвто" компанихь. Ткъа Соьлжа-ГӀаларчу Шейх-Мансуран кхело шина шарахь белхаш бар тIедожийра цунна.
Прокуратуро а, веллачу Долиев Мохьмадан доьзало а къовсаме баьккхинера и сацам. Ницкъахо хенал хьалха маьршаваккхаро нийсонан бакъонаш йохош йу, аьлла ду прокуратурин дӀахьедарехь. Цуьнца цхьаьна Бековс меттахIоттийна дац ша Долиевн гергарчарна дина зенаш, ткъа кхело ур-атталла хаам а ца бира Долиевх йисинчу зудчуьнга кхеташо хир йу аьлла.
И аргументаш йелахь а, Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело дуьхьало йира, Беков чохь вита баьхначу прокуратурина а, волайнхочунна а. ХӀунда аьлча, цара чу ца кхачийра, "бехкевечух лаьцна негативан хаамаш".
• Долиев Мохьмад велира "Э" Центран гӀишло чохь 2016-чу шеран аьхка. Цига а валийна, банкехь къола дина хиларна къера хилар тӀедожийнера цунна. Талламо къастийра, Долиеван коьрта тӀе тӀоьрмиг а биллина, цул тӀаьхьа ток а йоьттуьйтуш, иза хьийзийна хилар. Цу зуламехь дакъалаьцначу 7 стагана тайп-тайпана хенаш туьйхира.
• Кавказ.Реалии сайто йаздира, веллачу Долиевн доьзалан аьтто бац кхело шайна йелла компенсаци схьаэца аьлла. Цуьнан нанна Долиева Лемкина бен ца деллера 1,5 миллион сом. Веллачун кхаа йишина а, иштта цуьнан дена а, вешина а дIа ца кхачийра тIедожийна 3 миллион 250 эзар сом.
• 2020-чу шарахь Свердловскан кӀоштан кхело, набахтера араваккхар дехначул тӀаьхьа, колонера мукъаваьккхира чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан ГӀалгӀайчоьнан Центран куьйгалхо хилла Хамхоев Тимур. Цул хьалха шозза латкъам бина хиллера цо, амма маьршаваккха бакъо ца йелира. Хамхоев а, цуьнан куьйга кӀел болу нах а бехкебеш бара ахчанаш дахарна а, лецначаьргара бертаза тоьшаллаш дахарна а.