"Сел къизалла стенгара йолу?" Фильман продюсеро дуьйцу сий лардеш нах байъарх

Тейлор Нэпьер

Сий лардеш нах байъарх лаьцна америкахойн йоца "Сий" цIе йолчу фильме хьовса таро хилла оьрсийн мотт буьйцучу аудиторин. Кино чохь гойтург Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь делахь а, и яккха дагадаийтина, нах лечкъош, тIехь ницкъбеш, церан ориентацина тIехула бойъуш, Нохчийчохь долчу хьоло.

Сий лардеш ЛГБТК+ тобанехь болу нах байъина ца Iа Къилбаседа Кавказехь. Масала, Нохчийчоьнан вахархочо йийна шен къона йиша, хIунда аьлча, "иза харцахьа лелаш ю бохуш, юьртахь дуьйцучу хабарша синтем байинера". "Харцахьа лела" бохург дара, йийначо (оцу заманчохь марехь хилла, цIа еана яра) "бевзаш боцчу кIенташца" къамелаш дар.

Ламастехь магийна доцу сексуалехь лелар хилла ца Iа вен бахьана. Масала, ГIалгIайчохь девешо йийра шен вешин йоI цигаьрка оьзна аьлла, халкъан гIиллакхашца "догIуш дац" элира кхело цуьнан лелар, цо "чIогIа оьгIазвахийтинера" цуьнан гергарниг, иза юьйчу хьоле а валош. ТаIзар дан а ца дира цунна.

Сексуалан ориентаци бахьана долуш Нохчийчохь нах лоьцуш, тIаьхьабевлла леларх дуьххьара диллина дийца даьккхира Соьлжа-ГIаларчу Джабраилов Амина а, Омскан кIоштарчу вахархочо Лапунов Максима а. Ший а лаьцнера, гIеххьа хан яьккхира цара кеп-кепарчу набахтийн камераш чохь, цигахь ницкъбинера царна, ток йеттийтира, кхинболу ЛГБТК+ тобанхой схьабийца бохуш.

ТIаьхьо къаьстира, ЛГБТ+ организацица боьзна хиларна Нохчийчохь божаршна тIаьхьабевлла ца Iаш, зударий а лоьцуш хилар. Доьзалехь йетташ лелийна, бисексуалах "дарба" лелийначул тIаьхьа еддачу Лорсанова Амната дийцира шех лаьцна. 2021-чу шарахь лачкъийра, шена доьзалехь йеттарх а, кхерамаш тийсарх а ядале хьалха дийцина Тарамова Хьалимат.

"Суна хетарехь, нагахь санна ишта стаг цуьнан гергарчара вехь а, и гIара ца далийтархьама хIуъа а дийр ду цара", - дIахьедира, 2017-чу шарахь Нохчийчохь гейш лечкъийначул тIаьхьа дуьненаюкъара скандал гIаьттича Нохчийчоьнан кьуйгалхочун цIарах адамийн бакъонаш Iалашъечу кхеташонан куьйгалхочо Саратова Хедас.

15 минотехь йоьдучу "Сий" кино чохь ши турпалхо бен вац – шен да кхелхинчул тIаьхьа цIа йирзина Эмма а, цуьнан ваша Джейсон а. Цуьнца цхьаьна талла яхначу цунна гучудолу, шен ваша ортодоксан культах дIакхеттийла. Джейсона йоь Эмма, иза лесбиянка хиларна, - шен хьомечу йишина иштта гIоле хир ду олий, кхета а деш.

Оцу фильман продюсер а, коьрта васт ловзийнарг а ву Нэпьер Тейлор, "Ханна", "Колесо времени", иштта кхинйолчу а сериалашкахь актер санна вевзина волу. Кавказ.Реалиина цо дийцира, сий лардеш нах бойучийна коьртехь долчух а, Нохчийчохь дерг Америкехь долуш санна стенна гайтина а.

"Сий" фильма юккъера сурт

Дуьненчохь дуккха а пачхьалкхашкахь бу ЛГБТК+ нахана таьхьабевлла лелаш. ХIунда къастийна ахь прототипан метта Нохчийчоь?

– 2027-чу шарахь оха кино йоккхуш, оцу республикехь хуьлург дара дуьйцуш. Нохчийчохь ЛГБТК+ векалшна инзаре тIаьхьабовларх хIеттахь дуьйцуш зорбане йийла юьйлира публикацеш. Шайн цIе "цIанъеш", шайн гергара нах байа, сий меттахIоттош бохуш, доьзалех лаьцна долчу дийцарша дагатесира сценарий хIоттон.

Со суо Американ къилбера ву, оццу хенахь керлачу хаамашкахь дуьйцура баптистийн пасторх лаьцна, суна хетарехь, Джоржихь дара иза, сий лардеш шен юкъаралла хIаллакъяр цо дехча. Малхбале а, Малхбузе а цхьаьнатоха дукха дика бахьана хийтира суна иза.

Фильман турпалхой – кхузаманан америкахойн ваша а, йиша а ду. Хьуна коьрта дара, ламастийн юкъараллехь нисделла ца Iаш, и тайпаниг доллу дуьненахь хила йиш ю алар? Къоман йа динан духар стенна ца леладо турпалхоша, кху заманара нах санна хIунда гойту уьш?

– Америка хаьржира оха и хуьлу меттиг, тхан пачхьалкхера хьовсархошна иза гергара хетийта. Тхуна ца лаьара, геннахь, нахана Iаткъам ца хуьлучу малхбузен юкъараллехь и долуш санна хета. Тхуна чIогIа коьрта ду хьовсархой кхетон, оцу кепара нах байъар стенггахь а хила йиш йолуш дуйла.

Хала хеташ делахь а, нийса дIа прогрессехьа гIерташ ца хуьлу вай гуттар а. ТIаьххьарчу 20 шерачохь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь дуккха а гIулчаш яьхна хьалхахьа, амма тIаьхххьарчу шина шарахь кIегар а ихна, масала, "Флоридехь ма ала "гей" (2022-чу шеран зазадокху-баттахь Флорида штатерчу низамаш тIеоьцучу органо, цигахь алсам бу республиканхой, къобалдира, сексуалан ориентаци а, гендеран идентификалла а берийн бошмашкахь а, юьхьанцарчу школехь кхозлагIчу классе бовллалц хьехар доьхкуш. – Редакцин юилгалдаккхар).

Турпалхой цхьа могIарера нах санна дIагайтар дара коьрта аьлла хета суна. Хьожучунна ша муха го хаийта, цунна гIо дан, и кхетон: оцу тайпаниг геннахь бехачу, кхечу динехь болчу нахах Iоттаделла ца Iаш, цунна бевзачу нахах а Iоттадала йиш юйла дIахаийтар. Турпалхой кхечу тайпа гайтинехь, оцу фильмехь долчунна гена бохур бара уьш, дIоггара царех хьакха а ца луш.

Муха ю аьлла хета хьуна Нохчийчоь?

– Хала хеташ делахь а, тхуна Iаламат кIезиг хеза Нохчийчоьнах лаьцна, делахь а хIинца дуккха а материалаш зорбане евлла карарчу хенахь Украинаца болийначу тIамах хьакхалуш.

"Марша догIийла Нохчийчу" документалан фильмо, биллам боцуш, гIо дира оцу махкахь ЛГБТК+ векалийн проблемех лаьцна хаарш алсамдаха, амма и кино карантинан барамаш тоьхначу хенахь арахецарна, дуккхаъчу наха тергамза йитира.

Суна вас йина ца Iаш, фильм яьккхинчу тобанна а цхьаьна цатам бо Нохчийчохь хуьлучо, хIунда аьлча. хала ду кхетон, стенгара йолу адамашлахь оццул йолу къизалла а, цабезам а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана жигара юкъаралла лелийра шоу-бизнесерчу нахаца, иштта скандале репутаци йолучаьрца а, уьш республике кхуьйкхуш. Политикаша-фундаменталисташа а, ксенофобаша а дукха хьолахь шалхонаш стенна лелайо дахарехь?

Кадыров ца кхета, ша дечу гIуллакхашца а доцуш, кхечу нехан гоьбовлла хиларца ша шена терго тIеийзош хиларх

– Суна хета, хIара интересе ситуаци ю, дукха хьолахь шен Iедал дIагайта гIерта лаарца. Суна вовззане а ца вевза Кадыров Рамзан, амма суна хетарехь, шена чохь йолу есалла дIаюза гIерта иза, бевзаш болу нах шена уллохь вовшахбетташ, церан гоьбевлла хиларх ша а воьзна ву моттуьйтуш. Массара а тIе а оьцуш, ша массарна а веза лаьа цунна, ткъа оцу юкъанна ца кхета, ша дечу гIуллакхашца а доцуш, кхечу нехан гоьбевлла хиларца ша шена терго тIеийзош хиларх

Даймахкахь хьийзош хиллачу ЛГБТК+ тобанца болу Оьрсийчуьра мухIажаршца къамел хиллий хьан?

– ХIаъ, дера хилла. Уьш массо а дика, цхьа башха адамаш хийтира суна. Церан дийцарш сан дагах кхийтира. Гуттар а кхоьруш баьхна уьш, бакъо йоцуш лецна, Iазапаш хьегийтина цаьрга. Со тешна вац, цул тIаьхьа шена кхерам бац аьлла хоьтийла ду аьлча, и хиллачу меттигна хьо мел гена валарх а.

Фестивалашкахь и фильм гайта дагахь вуй хьо? И гайтале хьалха дуьйцур дуй ахь, Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а гейшна а, лесбиянкашна а тIаьхьабевлла леларх лаьцна?

– 2017-чу шарахь дуьйна гойтуш ю оха иза, амма хазахетар дара юха а муьлххачу, оха дакъалоцучу фестивалехь гайта. Тхо тешна ду, муълххачу барамехь тхайн фильмаца оха йийцарейийр ю ЛГБТК+ векалийн проблемех лаьцна. Оха и фильм яьккхина, царна гIо лан гIортархьама, цунах тхайн гIуллакх хир ду аьлла а хета суна.

Сий лардеш нах бойъучу а, ЛГБТК+векалшна тIаьхьабевлла лелачийн а агIончаша дузу и къаьмнийн ламасташца а, динца а. ХIун эр дара ахь цаьрга?

Цхьа стаг а вийна, квир-нахах дIацIанлойла ма дац шу, тIаккха хIун маьIна хуьлу цунах?

– Аш цкъа а стаг вен ца веза ламастин дуьхьа йа цхьа кхин бахьанца. Цхьа стаг а вийна, квир-нахах дIацIанлойла ма дац шу, тIаккха хIун маьIна хуьлу цунах? Цуьнца шайна гIо хуьлу моттахь, и бакъ дац.

– Нохчийчохь нах байарх а, адамийн бакъонаш цигахь хьешарх а бакъонашларъярхоша а, хаамийн гIирсашкахь а дуьйцу дуккха а шераш ду, мехкан урхалхо Кадыров Рамзан кеп-кепарчу санкцийн тептаршка а язвина, амма хийцалуш хIуммаъ а дац. Тоаме бац-те тIеэцна барамаш? Арахьара цхьана а агIор оцу махкана тIеIаткъам бойла дуй? ХIун дан деза цунна?

– ХIокху хьолехь санкциша болх бийр бац, хIунда аьлча, кхечу нахана бен зен ца хуьлу царех. Доллу дуьнено маьхьарца дийца деза оцу проблемех, амма делахь а со ца теша, Оьрсийчохь Iедал карахь долчарна и мохь хезар бу аьлла. Со тешна ву, ладаме болу хийцамаш цу чохь хила безаш бу хьалха, арахьара хила безаш бац, ткъа тхан йиш ю, ЛГБТК+векалшна гIо латточу организацешна ахчанашца накъосталла латтон.

Украинехь тIом болабелчхьана чIагIдина Оьрсийчохь нахана тIехь репрессиш лелор, иштта кIезиг бисначу ЛГБТК+ жигархошна тIехь а. Амма малхбузено санкциш дуьхьалъяьхчхьана царна гуттар а халонга даьлла махкара арабовла. Тахана Оьрсийчохь, церан Iазапна кIел буьсучу нахе хIун эр дара ахь?

– Айса мел аьндерг цхьа пайда боцуш хета суна. Оьрсийчуьра ЛГБТК+ юкъараллаш стенах Iиттало кхетон хала ду суна. Амма цкъа мацца а тIекхочур ду керла де, тоьлла де. Группех санна, тхох [ЛГБТК+ тобанан векалех] дуккха а цабезам, ницкъбар, харцонаш Iиттаелла, амма хIетте а тхо къар ца делла, тхо диссина. Оьрсийчуьра ЛГБТК+ векалш а дуьхьаллаьттар бу.

***

2021-чу шарахь ГIалгIайчуьра вахархочо Могушков Мохьмадбешира йийра шен йиша Евлоева Елизавета, "доьзалан сий лардеш" масийттазза урс тоьхна. Набахтехь даккха ши шо хан туьйхира цунна: Магасерчу кхело сацамбира, ша хIун леладо а ца хууш, аффектехь волуш дина цо аьлла. Изза таIзар дира Дагестанехь МВД-н белхахо хиллачу Велагаев ТIахIирна а, шен хилла зуда йийча.

2021-чу шеран охан-беттан 19-чохь конституцин бакъонашкахула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу Европан центро "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанца" юкъахь ФРГ-н кхеле дIахьедар дира, Кадыровн гонерчу пхеа хьаькамна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккха аьлла. Бакъонашларъярхоша бехкебо уьш нахана тIаьхьабевлла леларна а, бакъо йоцуш лецарна а, хьийзорна а, сексуалан ориентаци а, гендеран идентификалла а бахьана долуш, мел лахара а 150 стаг вейтарна.

Жимма тIаьхьа дуьненчуьрчу 29 пачхьалкхо дагаяхкийтира Оьрсийчоьнан Iедалхошна, Нохчийчоьнан дозана тIехь ЛГБТ-юкъараллашкара нахана тIаьхьабийлар талла аьлла дуьненаюкъара рекомендациш. Дуьйцург ду, 2018-чу шеран дечкен-баттахь ОБСЕ-н эксперто дина жамI. "Дуккхаъчу адамийн бакъонаш хьешарца доьзначу тоьшаллашца иштта ЛГБТ-нехан гонаш цIандеш Нохчийчохь лелийна зуламаш а" а карийра цунна.