"Стоматологихь динчу гIуллакхашна" мидал елла Кадыровна

Ramzan Kadyrov

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна совгIат дина "Стоматологина динчу гIуллакхашна" аьллачу I-чу даржан орденца. Говзанчан совгIат дан сацам тIеэцна Оьрсийчоьнан Стоматологийн ассоциацино.

Орден яларх хаамбина Кадыровс шен "ВКонтактерчу" машанехь. Соьлжа-ГIаларчу номер 1 йолчу стоматологин поликлиникан керла гIишло схьаелларца дуьйзира цунна совгIат далар.

Дуьхьал жоп луш Кадыровс Нохчийчоьнан лаккхара совгIат дина – Кадыровн мидалца – поликлиникан коьртачу лоьрана Умаров Юнусана.

  • Стохка Кадыровна "Авиценна" мидал елира, могушалла Iалашъярехь а, лоьрийн Iилманаш кхиорехь а доккха дакъа лацарна аьлла.
  • ГIуран-баттахь Кадыровс куьйгъяздира, "Нохчийчоьнна хьалха декхарш кхочушдарна" аьлла, шен 21 шо долчу йоIана – Соьлжа-ГIаларчу школазхойн дешаран департаментан куьйгалхочунна Кадыров Хадижатана мидал луш.
  • Бахначу Товбеца-баттахь "Некъан инспекцина гIуллакх дечохь билгалъяларан хьалхара дарж") аьллачу регионалан мидалца билгалъяьккхира Кадыровн нана.
  • Пачхьалкхан "Грозный" телехьожийло совгIат дира Кадыров Рамзанна 45 эзар сом а луш, тотица яьккхина видео бахьана долуш.
  • Дерриг а Кадыров Рамзанан ткъе иттех сов официалехь делла совгIат ду, ю царлахь "БIахочун турпалаллин II-чу даржан" (2000 шо) мидал а, "Даймахкана хьлаха декхарш кхочушдарна IV-чу а, III-чу а даржашкахь" йолу мидал (2006 -гIа а, 2021-ра шераш).
  • Адамийн бакъонаш хьешарна санкцийн тептаре ваьккхина Кадыров. Санкцеш хьакхало иштта цуьнан хIусамненах Кадырова Медних а, йоьIарех Кадырова Iайшатах а, Каринех а. Доккхачу декъанна цара бакъо ца ло царна пачхьалкхе бахка а, бизнес лелон а, иштта Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дозанаш тIера активаш совцор ю. Хьалхо Кадыровна дуьхьалъехира экономикан санкцеш а.